bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 13
Deuteronomy 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 14 →
1
«Нагахь санна шуна юкъахь цхьа пайхамар я цхьа гӀенаш гург хаалахь, цо шуна тамашийна билгалонаш, я инзаре хӀуманаш довзийтахь,
2
ткъа йийцина йолу тамашийна билгалонаш а, инзаре хӀуманаш а кхочуш а хилла, цара иштта алахь: „Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀуьттур ду вай, царна гӀуллакх а дийр ду вай“, и деланаш шуна бевзаш ца хиллехь а, —
3
ахьа оцу пайхамаре я оцу гӀенаш гуш волчуьнга ла ма догӀалахь, хӀунда аьлча ишттачу хӀуманашкахула шу зуьйш ду шун Везачу Дала. Цунна хаа лаьа, шайн Веза Дела шайн мел долчу дагца, шайн мел долчу синца шуна везий те.
4
Шайн Везачу Далла тӀаьхьахӀитталаш, Цуьнга ларамах дуьзна хилалаш. Цуьнан весеташ ларделаш, Цуьнан озе ладогӀалаш, Цунна гӀуллакх делаш, Цунна тӀетовжалаш.
5
Ткъа и пайхамар я и гӀенаш гург Ӏожаллин кара дӀало, шу Мисар-махкара арадаьхначу а, лоллин цӀийнара паргӀатдаьхначу а шайн Везачу Делах шу дӀадерзийтархьама къамелаш ишттачу наха до дела. Ткъа царна шу галдаха ма лаьа шун Везачу Дала весет дина болчу некъа тӀера. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
6
Хьан ваша, я хьан кӀант, я хьан йоӀ, я хьан хьоме зуда, я хьан доттагӀа, хьуна хьайн са санна везаш волу, къайлаха хьо леван гӀорта мега: „Вало, кхечу деланашна гӀуллакх деш лелар ду вай“, — бохуш. Делахь а, хьуна а, хьан дайшна а бевзина ца хилла и деланаш.
7
Уьш хьуна гонах долчу, хьуна уллохь а, генахь а долчу, дуьненан цхьана йистера вукху йистехь долчу халкъийн деланаш хила мега.
8
Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догӀалахь. Хьан бӀаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве.
9
Амма иза вей дӀаваккха. Уггар а хьалха хьан куьг хила деза цунна тӀе айина, иза верхьама. Цул тӀаьхьа дерриг а халкъан куьг хила деза цунна тӀехь.
10
Цунна и валлалц тӀе тӀулгаш кхисса, Мисар-махкара, лоллин цӀийнара, хьо араваьккхинчу хьан Везачу Делах хьо дӀаверзийта уьш гӀерта дела.
11
Иза дӀа а хезна, Исраилан дерриг а халкъ кхералур ду. ТӀаккха шуна юкъахь иштта зулам кхин дийр дац.
12
Шун Везачу Дала шуна даха охьаховша луш йолчу гӀаланашна юкъара цхьана гӀаланах лаьцна шайна хаза там бу шуна,
13
шуна юкъара Делан лаамехь боцу нах гучубевлла бохуш. Цара гӀалин бахархой Ӏехийна: „Дуьйло, кхечу деланашна гӀуллакх дийр ду вай“, — бохуш. Ткъа и деланаш шуна ца бевза.
14
Ахь оцу хӀуманах лаьцна хаттарш де, и хӀума дикка талла. Нагахь аьлларг бакъ делахь, нагахь и дегаза дерг шуна юкъахь баккъалла а нисделлехь,
15
оцу гӀалин массо а бахархой тур хьаькхна хӀаллакбелаш. Ерриг а гӀала, Далла леринан дӀа а къастийна, цуьнан бахархошца а, бежанашца а тур хьаькхна дакъазаяккха.
16
Ткъа гӀали чохь йолу ерриге а хӀонс майданна юккъе схьагулъе. ГӀала а, цуьнан мел йолу хӀонс а цӀерца ягае, шун Везачу Далла лерина долу сагӀа санна. Латтийла и гӀала даим саьлнаш а хилла, цкъа а юхаметтахӀоттийна хила ца еза иза.
17
Дакъазадаккха Далла дӀакъастийначух цхьа а хӀума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгӀазалла дӀа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чӀагӀо ма-ярра.
18
Иштта хир ду, нагахь санна, ас хӀинца деш долу Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Цуьнан бӀаьргашкахь нийса дерг а деш, шайн Везачу Деле аша ладогӀахь».
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34