bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 25
Deuteronomy 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 26 →
1
«Нагахь санна адамашна юкъахь къовсаме даьлла хӀума делахь, уьш кхеле озо беза. Цигахь бехке воцург бакъван веза, бехке волчунна кхел ян еза.
2
Нагахь санна бехкеволчунна серий детта хьакъ делахь, кхелахочо цунна шена хьалха серий деттийта омра дан деза, цо динчу зуламе хьаьжжина, дагар а деш, деттийта деза.
3
Шовзткъазза тохийта мегар ду, амма кхин сов тохийта мегар дац, дуккха а деттийтина, шун бӀаьргашна а гуш, шайн къомах верг юьхьӀаьржачу ца хӀоттийтархьама.
4
Оручу стеран бат дӀа ма къовла».
5
«Нагахь санна цхьаьна Ӏаш болчу вежарех кӀант воцу цхьа ваша дӀакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама.
6
Цо вен волу дуьххьарлера доьзалхо цуьнан веллачу вешин санна лорур ву, Исраилан халкъана юкъахь цуьнан тӀаьхье йиц ца ялийтархьама.
7
Нагахь санна и нус шена ерзо цунна ца лаахь, иза гӀалин кевне яха еза къаношна тӀе, иштта а олуш: „Сан марваша реза вац Исраилан халкъана юкъахь шен вешин тӀаьхье дӀаяхьа. Шен марвешин декхар кхочушдан ца лаьа цунна“.
8
ТӀаккха гӀалин къаноша, и стаг тӀе а кхайкхина, цуьнца къамел дан деза. Нагахь санна цо, дуьхьал а ваьлла: „Суна ца лаьа иза йига“, — алахь,
9
цуьнан несо, цунна тӀе а яхана, къаношна а гуш, цуьнан когара цуьнан мача схьа а яьккхина, цуьнан юьхь тӀе туйнаш а тоьхна, иштта ала деза: „Иштта дерг Исраилан къомана юкъахь шен вешин цӀа меттахӀотто лууш воцчунна до“.
10
ТӀаккха цуьнан цӀенна исраилхошна юкъахь цӀе туьллур ю „Мача дӀаяьккхинчун цӀа“, — аьлла».
11
«Нагахь санна божарий вовшахлетачу хенахь, оцу леташ болчеран цхьаннан зудчо, етташ волчун карара шен майра схьаваккха дагахь, царна тӀе а еана, шен куьг дӀа а кховдийна, оцу стеган бехке меттиг схьалацахь,
12
цуьнан куьг дӀахададе. Цунах къа ма хеталаш.
13
Шун тӀоьрмаг чохь шина тайпана герканаш хила ца еза: дукха еза а, дукха яйн а.
14
Шун цӀа чохь шина тайпана бараман сахь а хила ца деза: дукха доккха а, дукха жима а.
15
Шун герканаш а, бараман саьхьаш а цӀена а, нийса а хила деза, шун Везачу Дала шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йоккхун йолу хан яхъялийтархьама.
16
ХӀунда аьлча харцдерг лелош волу милла а шун Везачу Далла дегаза хета».
17
«Дагахь латтаде Мисар-махкара шу схьадогӀуш Ӏамалекхахоша шайна динарг:
18
новкъахь уьш шуна тӀелетира. Новкъахь шу кӀадделла а, хӀиттина а долчу хенахь, шуна тӀехьа богӀучу гӀелбеллачарна тӀелетира уьш. Ткъа уьш Деле ларамах буьзна бацара.
19
Иштта шун Везачу Дала массо а агӀор шун мостагӀех шаьш паргӀатдаьхча, шун долахь хилийтархьама шуна луш долчу лаьтта тӀехь Ӏамалекхахойн къам дагадаийтар стигал кӀелара дӀадаккхалаш, иза диц ма делаш».
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34