bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 28
Deuteronomy 28
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 29 →
1
«Шу шайн Везачу Деле ладугӀуш а хилахь, ас шуна тахана дуьйцуш долу, Цо тӀедиллинарг дерриг а кхочушдеш а хилахь, шун Везачу Дала дуьнен чуьра массо а халкъал лакха ойур ду шун халкъ.
2
Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна:
3
ГӀалахь а, арахь а декъала хир ду шу.
4
Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех — стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана.
5
Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а.
6
Декъала хир ду шу чудовлуш а, арадовлуш а.
7
Шуна дуьхьалгӀевттина мостагӀий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхӀ новкъахула шух бовдур бу уьш.
8
Шун чӀоьнашкахь а, шун куьйгаш дӀакхеттачу массо а хӀуманна тӀехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тӀехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала.
9
Шун Везачу Дала тӀедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чӀагӀо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду.
10
ТӀаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цӀе шуна тӀехь хилар а гина.
11
Везачу Эло шуна массо а дикачу хӀуманна тӀехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чӀагӀо йинчу лаьтта тӀехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду.
12
Везачу Эло Шен беркате хазна — стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тӀе догӀа даийта, шун куьйгаша динчу гӀуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хӀума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун.
13
Нагахь шун Везачу Дала тӀедиллинарг, тахана ас шуьга Ӏалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цӀоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш.
14
Ас тахана бечу хьехамна тӀера ма довлалаш, аьтту я аьрру агӀор а хьаьвзина, кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал ярхьама».
15
«Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догӀахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тӀедиллинарг кхочуш а ца дахь, хӀокху неӀалтех хьалхадевр дац шу:
16
НеӀалт хир ду шуна гӀалахь а, арахь а.
17
НеӀалт хир ду шун ялтин тускаршна а, текхашна а.
18
НеӀалт хир ду шух схьадаьллачу чкъурана а, шун лаьттах схьабаьллачу стоьмана а, шун стерчех а, уьстагӀех а схьадаьллачу дохканна а.
19
НеӀалт хир ду шуна чудовлуш а, арадовлуш а.
20
Шена тӀера шу дӀадерзарна, аш дечу муьлххачу гӀуллакха тӀехь Везачу Эло неӀалт а, дохар а, вон болх а хуьлуьйтур бу шуна, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.
21
Шун доладан тӀедоьлхуш долчу лаьтта тӀера Ша хӀаллакдина дӀадаххалц, Везачу Эло лен цамгар кхоьтуьйтур ю шуна.
22
Везачу Эло хӀоралла а, хорша а, хьу кхетар а, йокъа а, бовха мох а, мекха а хоьцур ю шуна тӀе. Цара хьийзор ду шу хӀаллакьхиллалц.
23
Шуна тӀехуларчу стигалех цӀаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду.
24
ДогӀанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тӀеоьгур ю иза, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц.
25
Везачу Эло шайн мостагӀашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхӀ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду.
26
Шун декъий стигаларчу олхазарша, лаьттарчу акхароша а дуур ду, уьш дӀакъахкош стаг а воцуш.
27
Мисархошна хилла йолу даьӀнаш долу цамгар а, дестар а, соьла оьху даьӀнаш а, кӀамдар а кхоьтуьйтур ду шуна Везачу Эло. Дарба ца далуш хир ю и цамгарш.
28
Везачу Эло хьерадовлар а, бӀарздалар а, Ӏадор а хуьлуьйтур ду шуна.
29
Дийнан делккъехь са а ца гуш, бӀаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гӀо а доккхур дац шуьгахьа.
30
Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дӀа. ЦӀенош дийр ду аша, амма царна чохь Ӏийр дац шу. Кемсаш югӀур ю аша, амма пайда оьцур бац царах.
31
Шун старана шун бӀаьргашна хьалхха урс хьокхур ду, амма аша цуьнан жижиг дуур дац. Шун вир, дӀа а йигина, юхаялор яц шуна. Шун уьстагӀий мостагӀашна дӀалур ду, цхьаммо а гӀо доккхур дац шуьгахьа.
32
Шун кӀентий а, йоӀарий а кхечу халкъана дӀалур бу. Царна сагатдеш, де дийне мел дели, бӀаьрса худалур ду шун, дуьхьало ян а ницкъ хир бац шун.
33
Шун лаьттах схьадаьлларг а, аш къахьегнарг а шуна девзаш доцучу халкъо дуур ду. Массо а хенахь ницкъ беш а, охьатаӀийна а хир ду шу.
34
Шайн бӀаьргашна гучух хьерадевр ду шу.
35
Голаш тӀехь а, настарш тӀехь а, когийн айраш тӀера хьеюккъе кхаччалц дерза ца доьрзу даьӀнаш хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло.
36
Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тӀе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тӀулгийн а цӀушна Ӏамал йийр ю аша.
37
Везачу Эло шу дахийтинчу мехкашкахь долу халкъаш шух инзардевлла хир ду, шух доьлуш а, шуна вон луьйш а хир ду уьш.
38
Дуккха а ялта дӀадуьйр ду аша, амма кӀезиг гулдийр ду, хӀунда аьлча цӀазо дуур ду иза.
39
Кемсаш, дӀа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагӀар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хӀунда аьлча нӀаьно дӀадуур ду уьш.
40
Зайт-диттан стоьмаш хир бу шун лаьтта тӀехь, амма даьтта хир дац шун, хӀунда аьлча хенал хьалха охьаоьгур бу и стоьмаш.
41
КӀентий а, йоӀарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хӀунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш.
42
Шун дитташ а, аренашкара ялташ а цӀазо хӀаллакдийр ду.
43
Шуна юкъахь Ӏаш волу тӀевеана стаг вол-волуш шул лакха хьалавер ву, ткъа шу охьадевр ду.
44
Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цӀоганехь.
45
И дерриг а неӀалташ шуна тӀехь хир ду, шуна тӀера девр а дац уьш, шу хӀаллакьхилла дӀадовллалц, хӀунда аьлча аш шайн Везачу Деле ла а ца дуьйгӀира, Цо тӀедиллинарг а, Цуьнан парзаш а кхочуш а ца дира.
46
Шуна а, шун тӀаьхьенна а тӀехь гуттар а йолчу ханна Дала шуна таӀзар даран билгало хилла лаьттар ду и неӀалташ.
47
Дерриг а шайн доллушехь, шайн Везачу Далла аш самукъадаларца а, дага чохь даккхийдерца а Ӏамал ца ярна хир ду иза шуна.
48
Везачу Эло шайна тӀеваийтинчу мостагӀчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тӀебиллинчу безачу мохьо Ӏазапехь латтор ду шу.
49
Геннара, дуьненан йистера, халкъ тӀехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тӀелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна.
50
И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош.
51
Цара шун даьхни а, шун лаьттах схьадаьлла ялта а дуур ду, шу дакъазадаххалц. Шуна бепиг а, чагӀар а, даьтта а, стерчий а, уьстагӀий а дуьтур дац цара, шу хӀаллакдаллалц.
52
Шун массо а гӀалина тӀе а летта, дерриг а шун лаьтта тӀера шун бӀобулуш хилла лекха а, онда а пенаш дохор ду цу халкъо. Шун Везачу Дала шуна лучу лаьтта тӀехь ерриг а шун гӀаланашна тӀелетар бу уьш.
53
Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кӀентий а, йоӀарий а буур бу аша, мостагӀаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича.
54
Шуна юкъахь хьолехь Ӏийна волу экам стаг а къинхетам боцуш хьоьжур ву шен веше а, шена хьоме хетачу зудчуьнга а, шеца дисинчу шен берашка а.
55
Ша дууш долчу шен берийн дилха цхьанна а лур дац цо, хӀунда аьлча цуьнан хӀумма а дуьсур дац, го а лаьцна, мостагӀаша массо а гӀаланашкахь шу балане лаьцча.
56
Шуна юкъахь томехь а, хьолехь а Ӏийна зуда, экам хиларна а, хьолехь Ӏарна а лаьтта ког а баккхаза йолу, къинхетам боцуш хьоьжур ю шена хьоме хеттачу майрачуьнга а, шен кӀанте а, йоӀе а.
57
Ша дина бераш а, уьш хуьлуш шен дегӀах схьакъаьстина беран цӀа а лур дац цо нахана, хӀунда аьлча дан амал ца хиларна къайлаха дуур ду цо уьш, го а лаьцна, мостагӀаша шайн гӀаланашкахь шу балане лаьцча.
58
Кху тептар тӀехь яздина тӀедиллинарг а, хьехамаш а аша кхочуш ца бахь, шайн Везачу Делан сийлахьчу а, буьрсачу а цӀарах шу ца кхерахь,
59
Везачу Эло шуна а, шун тӀаьхьенна а хала а, инзаре а, дӀа ца доьрзу а ун а, луьра а, дӀа ца йовлу а цамгарш а кхоьтуьйтур ю.
60
Мисархошна кхетта долу, шу кхийрина долу ун хуьлуьйтур ду шуна. Иза летар ду шух.
61
Кху тептар тӀехь язйина йоцу муьлхха а цамгар а, ун а хуьлуьйтур ду шуна Везачу Эло, шу хӀаллакдина дӀадовллалц.
62
Стигалара седарчий санна, шу дукха хиллехь а, кӀеззиг бен дуьсур дац шу, хӀунда аьлча шайн Везачу Деле ла ца дуьйгӀи аш.
63
Шу алсам а дохуш, шуна диканиг деш самукъа-ма-даллара, шу хӀаллакдеш а самукъадаьлла хир ву Веза Эла. Шайн дола баккха тӀедоьлхуш болчу махкара а лохкур ду шу.
64
Лаьттан цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дӀасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тӀулган а цӀушна Ӏамал йийр ю аша.
65
Цу халкъашна юкъахь синтем хир бац шуна, садаӀа меттиг хир яц шуна, Везачу Эло дагахь кхерам а, сингаттам а, бӀаьргашкахь кӀаддалар а латтор ду шуна.
66
Шун дахар гуттар а кхерамехь хир ду, дийнахь а, буса а синтем боцуш, хиндолчух бӀобулуш хир дац шу.
67
Дагахь лаьтташ кхерам хиларна а, шайн бӀаьргашна гуш долчунна а Ӏуьйранна аш эр ду: „Суьйре тӀекхачахьара-кх!“ — аьлла, ткъа сарахь эр ду: „Ӏуьйре тӀекхачахьара-кх!“ — аьлла.
68
Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хӀордкеманаш тӀехь. Цигахь шайн мостагӀашна дохкалур ду шу, леш а, гӀарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац».
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 29 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34