bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 33
Deuteronomy 33
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 34 →
1
Ша дӀакхалхале, Делан стаг волчу Мусас, исраилхой декъалбеш, аьлла дешнаш хӀорш ду.
2
Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеӀир-махкара халкъана тӀе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тӀе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара.
3
Шен халкъ баккъалла а деза Цунна, Цо дӀакъастийнарш Цуьнан карахь бу. Цуьнан когашка охьа а таьӀа уьш, Цуьнгара хьехам дӀа а оьцу цара.
4
Товрат-хьехам вайна Мусас белла, иза Якъубан юкъараллин тӀаьхьало ю.
5
Веза Эла Шен хьомечу халкъана тӀехь паччахь хилира, халкъан баьччанаш тайпанашца цхьаьна гуллучу хенахь».
6
Раабанхойх лаьцна Мусас элира: «Дехийла Раабанан тайпа, ма лойла иза, амма оцу тайпанах берш кӀезиг хуьлийла!»
7
Ткъа яхӀудхойх лаьцна хӀара элира: «ДӀахазахьа, Веза Эла, яхӀудхоша орца даккхар, кхечу тайпанех кхин а дӀакхетабехьа уьш. Шаьш лардан чӀагӀдехьа церан куьйгаш. Хилахьа царна мостагӀашна дуьхьал волу гӀоьнча».
8
Левихойх лаьцна а иштта элира: «Хьан Тумим-тӀулг левихошна дӀабелла, Хьан Урим-тӀулг Хьуна тешамечеран долахь бу. Ахь уьш Массехь зийнера, Мериба-хиш долчохь цаьрца къийсинера.
9
Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта, шайн вежарий лараран метта, шайн бераш довзаран метта, левихоша Хьан дош лар а дина, Ахь бина барт Ӏалаш а бина.
10
Цара Хьан тӀедехкинарш Якъубан тӀаьхьенна Ӏамадо, ткъа Хьан товрат-хьехам исраилхошна Ӏамабо. Хаза хьожа йогӀу хӀума цара Хьуна хьалха охьаюьллу, Хьан сагӀа доккхучу кхерча тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш доху.
11
Веза Эла, декъалбехьа церан бахам, ткъа цара мел дечунна реза хилахьа. Царна дуьхьал гӀовттучарна а, уьш ца безачарна а уьш цкъа а хьала ца гӀовттал чӀогӀа тохахьа».
12
Бен-яманхойх лаьцна иштта элира: «Иза Везачу Элан уггар хьоме тайпа ду, кхерам боцуш Иза волчохь дехаш ду. Дийнахь сарралц Везачу Эло иза лар а до, Цуьнан куьйгаш тӀехь и тайпа Ӏуьллуш а ду».
13
Юсупхойх лаьцна иштта элира: «Везачу Эло декъалдойла церан латта стигалара охьадогӀу совгӀат долчу тхица, лаьтта бухара хьаладолучу хишца,
14
малхо кхиийначех тоьллачуьнца, хӀора баттахь хуьлучу ялтех уггар дикачуьнца,
15
ширачу лаьмнаша исбаьхьа кхоьллинчуьнца, даим долчу баьрзнийн тоьллачу совгӀаташца,
16
лаьтто лучу совгӀаташца, и латта дузуш долчуьнца. Коканийн коьллашкахь Гучуваьллачун декъалалла хуьлийла Юсупан тайпан тӀехь, вежаршна юкъара куьйгалхо иза волу дела.
17
Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду. Цуьнан маӀаш гомашан маӀаш санна ю. И маӀаш цара кхечу халкъашна еттар ю, ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду. Иштта эпраймхойн дуккха а тӀемалой бу, иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу».
18
Забулхойх а, иссарханхойх а лаьцна иштта элира: «Сакъера, забулхой, шайн некъаш тӀехь, иссарханхой, аша а сакъера шайн четарш чохь.
19
Цара шайн халкъ лам тӀе схьакхойкху. Цигахь цара нийса сагӀанаш дохур ду. Шайн хьал схьадоккху хӀорда чуьра, хӀордан йистошкахь йолчу гӀамарна тӀера».
20
Гадахойх лаьцна элира: «Декъала ву гадахойн мохк дӀасабаржийнарг. Гадин тайпа цигахь, лом санна, Ӏуьллуш ду, куьйгаш я кортош дохорхьама.
21
Гадахоша тоьлла латта шайна хаьржира, куьйгалхочунна догӀу дакъа царна дӀаделира, халкъан баьччанаш гулбинчу хенахь. Цара кхочушбира Везачу Элан нийса лаам, Цо Исраилан халкъана тӀе мел диллинарг а кхочушдира».
22
Данахойх лаьцна элира: «Данан тайпа — къона лом ду, Башан-махкара дедда догӀу».
23
Напталхойх лаьцна элира: «Напталан тайпанна Дела реза хилира, иза Везачу Элан декъалдарех дуьзна ду. Малхбузе а, къилба а цуьнан долахь хир ю».
24
Ашархойх лаьцна элира: «Уьш кӀенташна юкъахь уггар декъалбинарш бу. И тайпа шен вежаршна дезаш хуьлийла. Шайн когаш зайтдаьттанна чохь лийчор цара.
25
Шун зайлаш эчигах а, йоьзах а дина хир ду. Шун денош санна, дебаш хир бу шун ницкъ».
26
«Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гӀо лаца веана волчу.
27
Хьан кӀелхьардолийла — даим волу Дела ву, Цуьнан даим а долу куьйгаш шуна кӀел ду. МостагӀий шун юьхь-дуьхьалара дӀа а лаьхкина, Цо аьлла: „ХӀаллакбе!“
28
Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду, Якъубан тӀаьхье ша йолчохь ехаш хир ю, кӀех а, керлачу чагӀарх а дуьзначу махкахь, стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тӀехь.
29
Декъала ду хьо, Исраилан халкъ! Хьо санна, Везачу Эло лардеш кхин муьлха халкъ ду? Иза хьо лардеш долу турс а, хьан сийлаллин тур а ду! Хьан мостагӀий хьуна хьалха охьатаьӀна лелар бу, ткъа ахьа церан сагӀа доккху гунаш хьоьшур ду».
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 34 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34