bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 23
Deuteronomy 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 24 →
1
«Зирх йохийначу, я бер хуьлуьйту меже дӀахадийна волчун Везачу Элан гуламе ваха йиш яц.
2
КъотӀалгӀавиначун а йиш яц Везачу Элан гуламе ваха. Ур-атталла цуьнан уьтталгӀачу тӀаьхьенан а йиш яц цига ваха.
3
Ӏамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгӀачу тӀаьхьенан а йиш яц цига баха.
4
ХӀунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогӀучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахӀараймерачу Патур-гӀалара БеӀаран кӀант волу БалиӀам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неӀалт кхайкхадайтархьама.
5
Амма шун Везачу Далла ца лиира БалиӀаме ладогӀа. Шун Везачу Дала цуьнан неӀалтех шуна декъалдар хилийтира, шун Везачу Далла шу деза дела.
6
Шайн къам мел хир ду, уьш маьрша хилийта а, церан беркате дахар хилийта а хӀумма а ма делаш.
7
Эдомхой дӀа ма татталаш, уьш шун гергара къам долу дела. Мисархошна а куралла ма елаш, шу церан лаьтта тӀехь тӀедаьхкина Ӏийна дела.
8
Дуьнен чу девр долчу церан кхоалгӀачу тӀаьхьенан берийн йиш ю Везачу Элан гуламе даха».
9
«Шайн мостагӀашна тӀе тӀамца шаьш дахча, Далла хьалха цӀена мел доцучух ларлолаш.
10
Нагахь санна, буьйсанна хилларг бахьана долуш, шу долчохь цхьаъ цӀена вацахь, иза меттаматтана чуьра аравала а веза, меттаматтана чу юхаван а ца веза.
11
Суьйре тӀееача, цо шен дегӀ хица дила деза. Цул тӀаьхьа, малх дӀабуьзча, иза меттаматтана чу схьаван мегар ду.
12
Нишке даха меттиг меттаматтана чохь а йоцуш, арахьа хила езаш ю.
13
Шуьгахь герзал сов белаш хила еза, меттаматтара ара а довлий, шайна нишке даха белаца кӀаг баккха, цул тӀаьхьа шайгара даьлларг белаца къайладаккха.
14
ХӀунда аьлча шун Дела шун меттаматтана юккъехула лелаш ву, шу лардархьама а, шун мостагӀий шун карабалархьама а. Цундела шун меттамотт болу меттиг цӀена хила еза, Цунна ган ца дезаш долу шух даьлла сийсаздерг а гина, Иза хьох дӀа ца верзийтархьама».
15
«Ша ларвайтархьама, шу долчу шен олахочух ведда волу цхьа лай вагӀахь, иза олахочунна дӀа ма ло.
16
Шайн гӀаланашкахь цо схьахаьржинчу, цунна хазделлачу цӀа чохь шайна юкъахь вахийта иза. Цунна гӀело ма е.
17
Исраилхойн йоӀарех цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лелаш хила ца еза. Исраилхойн кӀенташна юкъахь а хила ца веза цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца леларг.
18
Далла дина ваӀда такхархьама, цӀуйн дуьхьа нахаца лелачу зудчун я цӀуйн дуьхьа нахаца лелачу стеган алапа шун Везачу Делан цӀа чу ма далаш, хӀунда аьлча уьш ший а шун Везачу Далла дегаза хета.
19
Ахчанна а, я кхачанна а, я са йоккхийла долу кхин цхьана хӀуманна а тӀе ял ма яккха шайн къомах волчуьнгара.
20
Кхечу къоман стагера ял яккха мегар ду, амма шайн къомах волчуьнгара ял ма яккха, шайн дола даккха шу тӀедоьлхучу лаьтта тӀехь шайн куьйгашца шаьш мел деш долчунна тӀехь шайн Везачу Деле шаьш декъалдайтархьама.
21
Нагахь санна аша шайн Везачу Далла хьалха, чӀагӀо а еш, дош деллехь, иза сихха кхочушде, хӀунда аьлча шун Везачу Дала шуьгара жоп доьхур ду, ткъа шуна тӀехь къа дуьсур ду.
22
Нагахь санна аша чӀагӀо ца йинехь, шуна тӀехь къа хир дац.
23
Шайн баганца шаьш шайн лаамца чӀагӀо йинехь, иза леррина кхочушде, шайн Везачу Далла шаьш чӀагӀо йина дела.
24
Шайн уллорачун кемсийн беша шу девлча, шайн даго ма-бохху, дуззалц кемсаш яа мегар ду, амма шайн пхьегӀи чу ма яхка уьш.
25
Шайн уллорачун кха тӀе шаьш даьхкича, цу тӀера кӀен кенаш куьйгашца схьадаха мегар ду, амма шайн уллорачун кха тӀехь марс ма хьакха».
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34