bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 31
Deuteronomy 31
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 30
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 32 →
1
Мусас берриг а исраилхошка кхидӀа а хӀара дешнаш элира:
2
«Сан хӀинца бӀе ткъа шо кхаьчна. Соьга хӀинца шуна тӀехь куьйгалла ца дало. Везачу Эло соьга иштта аьлла: „Хьо хӀокху Йордан-хих дехьавалалур вац“.
3
Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла Ша гӀур ву. Цо хӀара халкъаш шун юьхь-дуьхьалара хӀаллакдина дӀадохур ду, тӀаккха аша церан латтанаш шайн дола дохур ду. ЮшаӀ, Везачу Эло ма-аллара, шуна хьалхаваьлла гӀур ву.
4
Везачу Эло царна а, Ша хӀаллакбинчу эмархойн паччахьашна Сихьонна а, ӀовгӀина а, церан мехкашна а диннарг дийр ду.
5
Везачу Эло уьш шун кара дӀалур бу, ткъа аша ас шайна тӀедиллинчу дерриге а весеташа боххург дан деза цаьрца.
6
ЧӀагӀлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Ӏада а ма делаш, хӀунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дӀавоьрзур а вац, Цо шу дӀатосур а дац».
7
ЮшаӀ берриге а исраилхошна хьалха шена тӀе а кхайкхийна, Муса цуьнга иштта вистхилира: «ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, хӀунда аьлча оцу халкъан Везачу Эло церан дайшна лур ду аьлла чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе хьо хьалха вер ву, ткъа ахь оцу халкъе и латта шен дола доккхуьйтур ду.
8
Веза Эла Ша гӀур ву хьуна хьалхаваьлла, Иза шуьца хир ву. Иза хьох дӀавоьрзур а вац, Цо хьо дӀатосур а вац. Кхера а ма ло, дог а ма доха».
9
ХӀара товрат-хьехам, дӀа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дӀабелира Мусас.
10
Весет а деш, Мусас иштта элира: «ВорхӀ шо чекх мосазза долу, декхарш гечдаран шарахь, кхалорийн дезачу деношкахь,
11
берриге а исраилхой шун Везачу Далла хьалха дӀахӀитта баьхкича, хӀара товрат-хьехам массо а исраилхошна дӀахозуьйтуш, Везачу Эло къастор йолчу меттехь дӀабешалаш.
12
Схьагулделаш халкъ: божарий, зударий, бераш, шун гӀаланашкахь хин болу шуна тӀебогӀун берш а. ЛадогӀийта цаьрга, Ӏамийта уьш шун Везачу Деле ларамах дуьзна хила а, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдайта а.
13
ХӀара хууш доцу церан бераш а, хӀара дӀа а хезна, шайн дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу хӀокху лаьтта тӀехь шу мел деха, массо а дийнахь шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила Ӏемар ду».
14
Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дӀакхелха денош тӀекхочуш ду. ЮшаӀ тӀе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тӀехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаӀ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира.
15
Веза Эла мархин бӀогӀамехь четарна улло веара. И мархин бӀогӀам гуламан четарна чу воллучу метта тӀехула дӀахӀоьттира.
16
Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хӀинца, дӀа а кхелхина, хьайн дайх дӀакхетар ву. ТӀаьхьо хӀара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тӀедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тӀаьхьахӀуттур ду. Цара Со дӀатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу.
17
Оцу дийнахь Ас Сайн оьгӀазалла тосур ю царна тӀе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дӀакъовлур ю, ткъа и халкъ хӀаллакдина хир ду, цунна тӀе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТӀаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХӀара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тӀе?“
18
Ас оцу дийнахь Сайн юьхь дӀакъовлур ю царах, кхечу деланашна тӀе а бирзина, цара лелийна харцонаш бахьана долуш.
19
Муса а, ЮшаӀ а, хӀокху назманан дешнаш шайна дӀаязделаш. Ткъа ахь, Муса, и назма исраилхошна Ӏама а яй, церан багахь хилийта цунах Ас царна дуьхьал деш долу тоьшалла хилийтархьама.
20
Церан дайшка Айса чӀагӀо ма-ярра, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе буьгур бу Ас уьш. Юуш а, бузуш а бехар бу уьш, барста а берстина, кхечу деланашна тӀе а бирзина, царна гӀуллакх деш лелар бу уьш. Ткъа Сох дӀа а бирзина, Ас шайца бина барт бохор бу цара.
21
Шайна тӀе дуккха а халонаш а, баланаш а хӀиттича, хӀара назма царна дуьхьал долу тоьшалла хир ду, хӀунда аьлча иза церан а, церан тӀаьхьенан а багара схьадер дац. Суна хаьа церан хӀинца йолу ойланаш, царна лур ду аьлла Ас чӀагӀо йинчу дикачу лаьтта тӀе уьш дӀа а бигале хилла йолу».
22
Мусас оцу дийнахь и назма, дӀа а язйина, исраилхошна Ӏамийра.
23
Везачу Эло, Нунин кӀант ЮшаӀ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а латта, хӀунда аьлча Ас цаьрга чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву».
24
Мусас, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш чекхдовллалц тептар тӀе яздина ша ваьлча,
25
Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ лелош болчу левихошка иштта а олуш, омра дира:
26
«ХӀара товрат-хьехаман тептар, схьа а эций, шайн Везачу Делаца бинчу бертан тӀорказна улло охьадилла. Цигахь цо шуна дуьхьал тоьшалла дийр ду.
27
ХӀунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХӀинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дӀакхелхича, кхин а чӀогӀа иштта хир дац ткъа шу?
28
Шайн массо а тайпанийн къаной а, баьччанаш а суна тӀекхайкха. Ас царна дӀахозуьйтуш дӀаэр ду хӀара дешнаш, ткъа царна тӀе тоьшалла дайта ас стигал а, латта а тӀекхойкхур ду.
29
ХӀунда аьлча суна хаьа, со дӀакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тӀера шу дӀадевр ду. Хан яьлча, шуна тӀе халонаш хӀуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш».
30
Мусас, исраилхойн массо а гуламна дӀахозуьйтуш, хӀокху назманан дерриге а дешнаш чекхдовллалц дӀаэлира.
← Chapter 30
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 32 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34