bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 29
Deuteronomy 29
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 30 →
1
Муаби-махкахь Везачу Эло Мусага исраилхошца байта аьлла, тӀебиллина болчу бертан тӀедожораш ду хӀорш. Хьариб-ломана уллохь Везачу Эло халкъаца бинчу бертал сов ду уьш.
2
Берриг а исраилхой схьа а гулбина, Мусас цаьрга иштта элира: «Шуна гина Везачу Эло шуна хьалха Мисар-махкахь пирӀунца а, цуьнан ялхошца а, цуьнан дерриге а лаьттана а мел динарг.
3
Шайн бӀаьргашца шуна гина Цо мел хьегийтина баланаш, Цо мел гайтина билгалонаш а, тамашийна гӀуллакхаш а.
4
Амма Везачу Эло таханлера де тӀекхаччалц ца деллера шуна дог, шун кхетам хилийтархьама, бӀаьргаш, шуна гайтархьама, лергаш, шуна хазийтархьама.
5
Везачу Эло шуьга элира: „Шовзткъа шарахь яьссачу аренгахула лелийра Ас шу. Шуна тӀера бедарш тиш ца елира, шун когара мачаш а тиш ца елира.
6
Аша бепиг а ца доура, аша чагӀар а, ниха а ца муьйлура, амма Ас шуна кхача лора, шуна хаийтархьама, Со шун Веза Дела вуйла“.
7
ХӀокху метте схьадаьхкича, вайна дуьхьалбевлира Хьешбон-гӀалин паччахь волу Сихьон а, Башан-мехкан паччахь волу ӀовгӀа а, вайх тасабалархьама. Амма вай уьш эшийра.
8
Церан латта, схьа а даьккхина, Раабанан а, Гадан а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а кхачийтира вай.
9
ХӀокху бертан тӀедожорашка, уьш кхочуш а деш, ладугӀуш хилалаш, аша мел ден долчунна тӀехь шайн кхиамаш хилийтархьама.
10
Шу массо а тахана шайн Везачу Далла хьалха лаьтташ ду, — шун тайпанийн хьаькамаш, шун къаной, шун тӀехьовсуш берш, берриге а исраилхойн божарий,
11
шун бераш, шун зударий, иштта шун дечиг доккхуш волчунна тӀера шун хи кхоьхьуш волчунна тӀекхаччалц болу шун меттаматтахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах.
12
Тахана шу кхузахь лаьтташ ду шайн Везачу Дала шуьца беш болчу барте дахкархьама а, оцу бертан тӀедожораш дӀаэцархьама а,
13
тахана шух Цуьнан халкъ хилийтархьама а, Цо шуьга ма-аллара а, шун дай болчу ИбрахӀиме а, Исхьакхе а, Якъубе а чӀагӀо ма-ярра а.
14
Цо хӀара барт бар а, цуьнан тӀедожораш дӀаэцар а деккъа шуьца дина ца Ӏа.
15
Амма и барт тахана кхузахь вайца цхьаьна вайн Везачу Далла хьалха лаьттачаьрца бина ца Ӏаш, тахана кхузахь боцучаьрца а беш бу.
16
Шуна хууш ма ду, Мисар-махкахь вай муха даьхна а, шу чекхдевллачу халкъийн мехкашна юккъехула вай муха чекхдевлла а.
17
Шуна гира дечигах а, тӀулгах а, детих а, деших а бина а болу церан дегаза цӀуш.
18
Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хӀинца чул тӀаьхьа шайн Везачу Делах дог дӀа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гӀуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хӀума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дӀаьвше а орам.
19
Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь хӀокху бертан тӀедожораш а хезна, шен дагахь ша хастийна стаг: „Со синтем болуш хир ву, сайн деган лаамехь со лелашшехь“, — бохуш. Иштта хӀаллакьхир ду дерриг а халкъ.
20
Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгӀазлонан а, дераллин а цӀе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тӀехь яздина долу дерриге а неӀалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цӀе а дӀайойур ю лаьтта тӀера.
21
Везачу Эло хӀаллакьхиларна дӀакъастор ву иза массо а Исраилан тайпанех, кху товрат-хьехаман тептар тӀерачу неӀалташа ма-бохху.
22
Шул тӀаьхьа тӀекхуьучу тӀаьхьенех долчу шун берашна а, генарчу махкара хийрачу нахана а хӀара мохк дакъазабаккхар а, Везачу Эло цамгаршца иза гӀелбар а гур ду.
23
Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тӀехь долу, цӀе яьлла аре хилла дӀахӀуттур ду. Цунна тӀехь ялта дӀадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тӀехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чӀогӀачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Ӏамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гӀаланашна хилларг санна.
24
Массо а халкъаша эр ду: „ХӀун бахьана ду те Везачу Эло оцу лаьттана иза дар? Цуьнан дераллах иштта чӀогӀа цӀе хӀунда яьлла?“
25
Цунна долу жоп иштта хир ду: „Шун дайн Везачу Дала Мисар-махкара шу арадаьхча, шайца бина барт дӀа а тесна,
26
бахана, кхечу деланашна гӀуллакх деш а бу, царна Ӏибадат деш а бу. Ткъа хьалха и деланаш царна цкъа а ца бевзара, Цо пурба а ца деллера оцу деланашна Ӏамал ян.
27
Цундела хӀокху лаьттах Везачу Элан оьгӀазлонан цӀе яьлла, Цо хӀокху тептар тӀе яздинчу бертан дерриг а неӀалташ царна тӀе хьажийна.
28
Уьш Везачу Эло Шен чӀогӀачу оьгӀазаллехь, дераллехь орамашца церан лаьтта тӀера дӀа а даьхна, кхечу лаьтта тӀе кхийсина, хӀинца вайна гуш ма-дарра“.
29
Къайлаха дерг вайн Везачу Делан ду, ткъа дӀаделладелларг — иза абаденналц вайна а, вайн берашна а ду, вайга кху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш кхочушдайта».
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 30 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34