bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 6
Deuteronomy 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 7 →
1
«ХӀорш ду шун Везачу Дала шуна хьеха аьлла тӀедехкина долу весеташ, парзаш, тӀедехкинарш. Шайна дола даккха шу тӀедоьлхучу оцу лаьтта тӀехь, уьш кхочуш а деш, лела деза шу.
2
И дан деза аша а, шун бераша а, царал тӀаьхьа хиндолчу бераша а шайн Везачу Деле ларамах дуьзна шаьш хилийтархьама а, ас шайна тӀедохкуш долу дерриг а Цуьнан парзаш а, весеташ а лардайтархьама а, шун дахаран хан яхъялийтархьама а.
3
Исраилан халкъ, ла а догӀа, уьш леррина кхочуш а де, шайна дика хилийтархьама а, шу алсам дебийтархьама а шуьрех а, мазах а дуьзна токхе лаьтта тӀехь, шун дайн Везачу Дала шуна чӀагӀо ма-ярра.
4
ЛадогӀа, Исраилан халкъ: вайн Веза Дела — цхьа Веза Эла ву.
5
Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза.
6
Тахана Ас весет деш долу хӀара дешнаш хьайн даг чохь латтаделахь.
7
Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цӀенош чохь хевшина Ӏаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дӀадуьйшуш а, хьалагӀовттуш а.
8
Шайн куьйгаш тӀе дӀадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тӀе а дӀадехка уьш хьехорна.
9
ДӀаязде уьш шайн неӀсагӀанаш тӀе, шайн кевнаш тӀе».
10
«Шайн Везачу Дала шун дайшна, ИбрахӀимна, Исхьакхана, Якъубана, шуна дӀадала ваӀда динчу лаьтта тӀе гӀур ду шу. Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша йина йоцу яккхий а, дика а гӀаланаш ю.
11
Шуна луш долчу лаьтта тӀехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цӀенош а, аша яьхна йоцу гӀунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тӀехь Ӏаббал баа кхача шайна хилахь,
12
варелаш, лоллин цӀа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу Веза Эла виц ма велаш!
13
Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гӀуллакх а ма де, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш а ма баа.
14
Цхьана а кхечу деланашна тӀаьхьа ма хӀитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тӀаьхьа ма хӀитталаш,
15
хӀунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тӀедерзахь, Иза, латийна цӀе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тӀера дӀадохур а ду шу.
16
Шайн Веза Дела зен ма гӀерта, шаьш Массехь иза ма-дарра.
17
ЧӀогӀа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тӀедехкина долу.
18
Шайн Везачу Далла хьалха нийса а, дика а дерг делаш шайна диканна хилийтархьама а, Везачу Эло, шайн дайшна чӀагӀо а еш, шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе а девлла, иза дола даккхархьама а,
19
берриш а шайн мостагӀий, Везачу Эло ма-бохху, аша шайна гучуьра дӀабахийтархьама а.
20
Нагахь санна тӀейогӀучу заманахь шун бераша шайга хаттахь: „ХӀун маьӀна ду вайн Везачу Дала вайна тӀебехкинчу оцу сацамийн а, парзийн а, хьехамийн а?“
21
аш цаьрга иштта дӀаала: „Вай Мисар-махкахь пирӀунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца.
22
ТӀаккха вайн бӀаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гӀуллакхаш а, Ӏадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирӀунна а, цуьнан массо цӀенна а тӀехь.
23
Ткъа Везачу Эло вай цигара ара а дехира, дӀа а дигира, вайн дайшна чӀагӀо а еш, лур ду аьлла долу латта вайна схьадалархьама.
24
Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тӀедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а.
25
Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тӀе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“».
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34