bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 32
Deuteronomy 32
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 33 →
1
«Тергам бе, стигал, со вистхир ву. Лаьтто а ладогӀа сан багара долучу дешнашка.
2
Сан хьехам, догӀа санна, охьаоьхур бу, сан къамел, тхи санна, охьадогӀур ду, сеналлина тӀе догӀу дерз санна хир ду, бацана тӀе кхевсина догӀа санна хир ду.
3
Ас Везачу Элан цӀе хьалаойур ю. Вайн Далла дӀало сийлалла!
4
Иза тарх а ю, Цуьнан гӀуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву.
5
Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха, Цуьнан берашна ца догӀучу тайпана. Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал, иза аьрха а, телхина а гара ма ду.
6
ХӀай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дӀалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дӀатардина а волу?
7
Дагаяийта шира хенаш, ойла ел ширачу заманах лаьцна. Хаттал шайн дайшка, цара дуьйцур ду шуьга, шайн къаношка а хатта — цара а дуьйцур ду шуьга.
8
Ша къаьмнашна латтанаш а кхочуьйтуш, Веза Воккхачо адамаш доькъучу хенахь, Цо хӀора халкъана шен-шен доза дӀахӀоттийра, стигалийн гуламан терахье хьаьжжина.
9
ХӀунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду. Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду.
10
Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера, гӀийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь. Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга, Шен йоӀбӀаьрг санна, Ӏалаш а дора.
11
Шен бене хьоьжу аьрзу санна, кӀорнешна тӀехула хьийза аьрзу санна, Везачу Эло Шен тӀемаш дӀасадаржадо, тӀемаш тӀехь Шен халкъ лелорхьама.
12
Везачу Эло Ша леладора Шен къам. Цуьнца кхечу къоман дела вацара.
13
Цо иза лаьттан локхаллина тӀехь леладойтура. Цо иза аренаш тӀехь хьалаяьллачух дузадора, тӀулгах схьа долу моз а, чӀогӀачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна.
14
Цо бежанийн кӀалд, жийн шуьреш, дерстина Ӏахарий а, гезарий а, Башанера тоьлла долу бежанаш а, тоьлла долу кӀа а даадора оцу халкъана. Кемсех даьккхина долу чагӀар муьйлура цара.
15
Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дӀатесира цара, шайн кӀелхьарбовларан тархах ца бешира уьш.
16
Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара, шайн дегазчу цӀушца Иза оьгӀазвахийтира цара.
17
Деланаш боцучу жинашна сагӀанаш дохура цара, — хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хӀинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна.
18
Ткъа шаьш дуьнен чу даьхна Тарх йицйира цара. Шаьш кхоьллина волу Дела дага ца вогӀура царна.
19
Иза ган а гина, Веза Эла царах дӀавирзира, Шен кӀенташа а, мехкарша а Иза оьгӀазвахийтина дела.
20
Цо элира: „Ас Сайн юьхь къайлайоккхур ю царах, царах хинйолу чаккхе гур ю Суна, хӀунда аьлча уьш телхина гара ду, уьш тешаме доцу бераш ду.
21
Дела воцучуьнца цара хьагӀ хилийтина Сан, баьссачу цӀушца оьгӀазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагӀ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю цаьргахь.
22
ХӀунда аьлча Сан оьгӀазаллех цӀе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦӀаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кӀажаш.
23
Ас царна тӀе халонаш йоуьйтур ю, Сайн пхерчий а кхачор ду, царна тӀекхиссина.
24
Уьш мацалло гӀелбийр бу, хӀаллакбийр бу дагаро а, луьрачу уьно а. Ас акхаройн цергаш а, лаьттара текхаргийн дӀовш а тухур ду царна.
25
Уьш туьро арахьа хӀаллакбийр бу, ткъа цӀа чохь — кхерамо: къонах а, йоӀстаг а, декхаш долу бер а, къежвелла къано а.
26
Сан ала йиш яра: ‘ДӀаса а баржийна, адамашна юкъара уьш дагахь хилар а дӀадоккхур ду Ас’.
27
Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагӀийн кхардарх къахкарна, церан мостагӀий кура а бовлийтина, цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду, Везачу Эло ца динера хӀара-м’“.
28
Исраилан къам хьекъалх даьлла халкъ ду, цаьрга хӀуманаш къаста а ца ло.
29
ЭхӀ-хӀай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш, тӀаккха уьш дикка кхетар бара, шайна хиндерг къастор дара цара!
30
Эзарна тӀаьхьа цхьа мостагӀа муха валалур вара, шина мостагӀчуьнга итт эзар исраилхо муха дӀавадийталур вара, нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича, нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча!
31
Уьш тӀетевжа тарх вайн Тархах тера ма яц: вайн мостагӀий шаьш бу оцу тӀехь кхелахой.
32
Седам-гӀалин кемсийн гаьннаш тӀера а, Ӏамор-гӀалина уллохь йолчу аренашкара а ю вайн мостагӀийн кемсаш. Церан кемсийн буьртигаш дӀаьвше ду, церан кенаш къаьхьа ду.
33
Церан чагӀар — лаьхьарчийн дӀовш а, текхаргийн валаран талу а ду.
34
„Соьгахь къайладаьккхина-м дац те иза? — боху Везачу Эло. — ХӀуманаш латточу Сан чоьнаш чохь-м дац те иза дӀакъевлина?
35
Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду. Хан тӀееача, церан ког галбер бу. Церан хӀаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тӀекхочу“.
36
Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду, Шена гӀуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу, церан куьг гӀелделла Шена гича а, набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча.
37
Везачу Эло халкъе эр ду: „Мичахь бу деланаш, царах тешна шу Ӏийна йолу тарх,
38
аша сагӀина деанчух мохь йиина болу, сагӀина деанчух чагӀар мийлина болу? Шайна гӀо дайта хьалагӀовттийта уьш, хилийта царах шайна тхов кӀело!
39
Хьажал хӀинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кӀелхьардахалур дац.
40
Сайн куьг стигалшка хьала а айина, абаденналц долчу Сайн дахарх чӀагӀо йо Ас:
41
‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича, Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча, Ас бекхам бийр бу Сайн мостагӀашна, Со ца везачарна а дийр ду царна доггӀург.
42
Ас Сайн пхерчий цӀийх дузор ду, байинчеран а, йийсарехь болчеран а цӀийх. Сан туьро дилха дӀа а кхоллур ду, оцу хаьржинчу мостагӀийн хьаькамийн кортош’“.
43
Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьӀийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧӀагӀлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тӀера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагӀашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дӀадохур ду!»
44
Муса халкъана тӀевеара, оцу назманан дешнаш цо а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а халкъана дӀахазийтира.
45
Оцу назманан дерриге а дешнаш берриге исраилхошка ша дӀааьлла ваьлча,
46
Мусас цаьрга иштта элира: «Ас тахана шайна дӀахьедина долу дерриге а дешнаш шайн даг тӀе дижийта. Шайн берашна тӀедилла, хӀокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш леррина кхочушдар.
47
ХӀунда аьлча иза шуна эрна дерг дац, иза — шун дахар ду. Шу цуьнгахула дуккха а дехар ду, шайна дола даккхархьама Йордан-хих шу дехьадовлучу оцу лаьтта тӀехь».
48
Оццу дийнахь Везачу Эло, Мусага вистхуьлуш, иштта элира:
49
«Ӏабарим лаьмнашна тӀе хьала а валий, муабахойн лаьтта тӀехь Ерихон-гӀалина дуьхьал болчу Набу-лома тӀе а валий, дӀахьажа КанаӀан-махке, Ас исраилхошна дола дӀалуш долчу лаьтте.
50
Хьо хьалаволучу оцу лам тӀехь хьо, вала а велла, хьайн халкъах дӀакхетар ву, ХӀор-лам тӀехь вала а велла шен халкъах дӀакхетта волу хьан ваша АхӀарон санна.
51
Иза иштта хир ду, исраилхошна юкъахь, Кхадеш-гӀалина уллохь йолчу Мериба-меттиган хиш долчохь, яьссачу Цин олучу аренгахь, шуьшиъ Суна тешаме воцучу тайпана лелла дела а, веза волчу Суна богӀу ларам аша шимма ца гайтина дела а.
52
Геннара бен и латта гур дац хьуна. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе вер вац хьо».
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 33 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34