bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 21
Deuteronomy 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 22 →
1
«Нагахь санна шун Везачу Дала хьуна схьалур долчу лаьттан аренгахь Ӏуьллуш цхьана веллачу стеган дакъа схьакарадахь, иза вийнарг мила ву хууш а дацахь,
2
шун къаной а, шун кхелахой а арабовла беза. Цара велларг Ӏуьллучу меттигна тӀера гонахарчу гӀаланашна тӀекхаччалц йолу юкъ юста еза.
3
Велларг Ӏуьллучу меттигера уггар а йоца юкъ йолчу гӀалин къаноша схьаэца деза цкъа а болх байтаза а, цкъа а дукъ лелоза а долу шинар.
4
И шинар оцу гӀалин къаноша дӀадига деза ахказа а, дӀаенза а йолчу, чохь татол долуш йолчу тогӀене. Оцу тогӀи чохь шинаран ворта кагъян еза.
5
Цул тӀаьхьа левихой болу динан дай тӀебахка беза, хӀунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гӀуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гӀуллакх дайта а, Везачу Элан цӀарах декъалдарш дайта а.
6
Веллачун юххехь йолчу оцу гӀалин массо а къаноша шайн куьйгаш дила деза, тогӀи чохь ворта кагйинчу шинаран коьрта тӀехула а лоцуш.
7
Цара, дӀа а кхайкхош, иштта ала деза: „Тхан куьйгаша Ӏанийна дац хӀара цӀий, тхан бӀаьргашна гина хӀума а дац хӀара.
8
Веза Эла, мах баларца Айхьа Мисар-махкара паргӀатдаьккхина долчу а, Хьан долчу а Исраилан халкъан къа дӀадаккхахьа. Ма хьарчийтахьа царах бехк боцучун цӀий Хьан халкъ долчу исраилхойх“. ТӀаккха цӀий Ӏаноран къа царна тӀера дӀадаьккхина хир ду.
9
Иштта дӀадаккха бехк боцучун цӀий шайна тӀера, шайн Везачу Далла хьалха дика дерг а, нийса дерг а шаьш дина дела».
10
«Шайн мостагӀашна дуьхьал шу тӀом бан дахча, шун Везачу Дала уьш шун кара схьабелча, аш царна йийсар дича,
11
оцу йийсархошна юкъахь шух цхьанна хаза куц долу зуда гахь, еза а елла, иза шена йига цунна дагадагӀахь,
12
оцу стага иза шен цӀа а йига, цу зудчуьнга месаш шега дӀа а ларгийта, мӀараш дӀа а хедаяйта.
13
Шена тӀехь йолу йийсархочун бедарш а дӀаяхийта цуьнга. Цо иза шен кертахь Ӏайта. Цхьана баттахь шен дена а, шен нанна а белхар дайта цуьнга. Цул тӀаьхьа оцу стеган йиш хир ю, цунах куьг а тоьхна, цуьнан майра хила. ТӀаккха иза цуьнан зуда хир ю.
14
Нагахь санна, хан яьлча, цунна иза ца езахь, и зуда дӀаяхийта мегар ду цунна луъучу меттиге. Амма цо иза детих дӀайохка а мегар дац, цунах лай ян а мегар дац, иза ша сийсазъяьккхина дела».
15
«Нагахь санна цхьаннан ши зуда елахь — езаш йолу цхьаъ а, езаш йоцу важа а, — ткъа оцу шинна а зудчун — езаш йолчун а, езаш йоцучун а, — кӀентий хилахь, нагахь санна дуьххьарлера доьзалхо волу кӀант ца езаш йолчу зудчух схьаваьлла велахь,
16
тӀаккха, кӀенташна юкъахь бахам боькъучу даьлча, цуьнан йиш яц езаш йоцучу зудчун кӀантера езачу зудчун кӀантана дӀадала дуьххьарлера доьзалхо хилар.
17
Ца езачу зудчун кӀант цо дуьххьарлера кӀант лара веза. Шен мел долчу хӀуманан ши дакъа цо цунна дӀадала деза, хӀунда аьлча иза цуьнан ницкъан юьхьиг ю. Дуьххьарлера доьзалхо хиларан бакъо цуьнан ю».
18
«Нагахь санна цхьаннан шен дас бохучуьнга а, шен нанас бохучуьнга а ла ца дугӀуш юхахьара а, аьрха а кӀант велахь, дас-нанас шена таӀзар дича а, иза ладугӀуш а вацахь,
19
цуьнан дас-нанас иза шайн гӀалин къаношна тӀевало веза, шаьш дехачу гӀалин кевнехь кхел яйта.
20
Дас-нанас шайн гӀалин къаношка иштта дӀаала деза: „ХӀара тхан кӀант юхахьара а, аьрха а ву. Оха бохучуьнга хӀара ладугӀуш а вац, хӀара кхоамза стаг а ву, кад беттарг а ву“.
21
Цул тӀаьхьа цуьнан гӀаларчу бахархошка иза валлалц цунна тӀулгаш кхиссийта. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха. Иза дӀа а хезна, берриг а исраилхой кхералур бу».
22
«Нагахь вен хьакъ долу зулам гучу а даьлла, стаг вийначул тӀаьхьа, аша и дакъа диттах ирхъоллахь,
23
цу докъе дитта тӀехь буьйса ма яккхийта, оццу дийнахь иза дӀаволла, хӀунда аьлча диттах ирхъоьллина волу муьлхха а стаг Далла хьалха неӀалт кхайкхийна ву. Шайн Везачу Дала шайн дола луш долу латта бех ма де».
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34