bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Deuteronomy 22
Deuteronomy 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 23 →
1
«Кхечу исраилхочун тилабелла сту я уьстагӀ шайна гича, и дийнат ма диталаш, оцу стагана юхадерзаделаш иза.
2
Нагахь санна дийнатан да шуна гергахь вацахь, я шуна иза вевзаш вацахь, дийнат шайн керта схьа а даладай, шайн кертахь латтаде, цуьнан дас иза лоьхучу ханна. Цул тӀаьхьа цунна дӀало иза.
3
Изза делаш кхечу исраилхочун вираца я бедаршца. Изза делаш цуьнан яйначу, ткъа шуна карийначу муьлххачу а хӀуманца. Оцу тӀера шун дӀадовлийла дац.
4
Кхечу исраилхочун вир я сту охьабоьжна шайна гахь, и дийнат ма дита, цуьнца цхьаьна хьалагӀаттабе иза.
5
Зударшна тӀехь божарийн духар хила ца деза, божарша а духа ца деза зударийн духар, хӀунда аьлча иштта дерг деш волу муьлхха а стаг шун Везачу Далла дегаза хета.
6
Нагахь санна некъ беш цхьана дитта тӀехь я лаьтта тӀехь чохь кӀорнеш я хӀоаш долу олхазаран бен шуна нислахь, ткъа церан нана оцу кӀорнеш тӀе я хӀоаш тӀе хиъна хилахь, и нана кӀорнешца цхьаьна схьа ма эцалаш.
7
КӀорнеш шайна схьаэцалаш, ткъа нана дӀахеца хьовсалаш, шуна дика хилийтархьама а, шун хан яхъялийтархьама а.
8
Нагахь санна керла цӀа дӀахӀоттор делахь, шайн шерачу тхевнна тӀехь керт дӀахӀоттае. Иза делаш нагахь оцу тхевнна тӀера цхьаъ охьакхетахь, шайн цӀенна цӀий ца хьарчийтархьама.
9
Шайн кемсийн бешахь кхечу хӀуманийн хӀуш ма де. Аша кхечу хӀуманийн хӀуш цигахь дехь, дерриг а ялта — аша дийнарг а, кемсийн стоьмаш а — аша шайна схьагулдан мегар дац.
10
Сту а, вир а цхьаьна дӀа ма йожа, цаьрца охана дархьама.
11
Шайна тӀе а ма духа тайп-тайпанарчу тайнех дуьйцина долу духар: эханган а, ветанан а теш цхьаьна доьзна долу.
12
Шаьш тӀетосучу хӀуманна еа а маьӀӀе чечакхаш тӀетега».
13
«Нагахь санна цхьаммо, шена зуда а йигина, ткъа тӀаьхьа и зуда чӀогӀа еза а ца елла,
14
цунна дуьхьал телхина гӀуллакхаш а долийна, цунах лаьцна цӀе кхуллу хабар а даьккхина: „Аса хӀара зуда ялийнера, амма иза йоӀстаг ца хилла“, — алахь,
15
оцу кхиъначу йоӀан дас-нанас шайн йоӀ йоӀстаг хиларан билгало ара а яьккхина, гӀалин къаношка дӀагайта еза гӀалин кевнехь.
16
Оцу йоӀан дас къаношка иштта дӀаала: „Сайн йоӀ аса хӀокху стаге маре дӀаелла, ткъа хӀинца иза цунна ца еза.
17
Цундела цо цунах лаьцна харцдерг дуьйцу. Цо боху: ‘Суна ца карийра хьан йоӀ йоӀстаг хилар’. ХӀара ю сан йоӀ йоӀстаг хиларан билгало“. Цара и билгало йолу хӀума гӀалин къаношна хьалха охьаюьллур ю.
18
Ткъа гӀалин къаноша, и стаг схьа а лаьцна, цунна таӀзар дийр ду.
19
Оцу стагана бӀе шекхал дети далар тӀедуьллур ду. И ахча йоӀан дена дӀалур ду, исраилхойн йоӀах лаьцна зуда ялийначо харцдерг дийцарна. Ткъа иза цуьнан зуда хилла юьсур ю. Ша мел веха оцу стагана дихкина ду шен зудчух дӀакъастар.
20
Нагахь санна дийцинарг бакъ а хилла, и йоӀ йоӀстаг ца хилахь,
21
тӀаккха иза цуьнан ден цӀийнан неӀаре схьаяло еза, гӀалин бахархоша цунна тӀулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гӀуллакх лелийна дела: шен ден цӀахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
22
Нагахь санна марехь йолчу зудчуьнца цхьаъ вижина каравахь, и шиъ ший а ден деза: зудчуьнца вижина хилла волу стаг а, и зуда а. Иштта исраилхошна юкъара зулам дӀадаккха.
23
Нагахь санна къона зуда, цхьана стагана захало дийцина а йолуш, гӀалахь кхин цхьаъ, цунна дуьхьал а кхетта, цуьнца леллехь,
24
и ший а оцу гӀалин кевне схьадаладе. Уьш баллалц царна тӀулгаш кхисса: йоӀ е, цо гӀалахь мохь ца хьекхна дела, ткъа стаг ве, цо кхечу стеган зуда сийсазъяьккхина дела, ткъа стагана — цо шен уллорачун зуда сийсазъяьккхина дела. Шайна юкъара зулам иштта дӀадаккха.
25
Нагахь санна захало дийцина йолчу йоӀана арахь цхьаъ дуьхьал а ваьлла, катоьхна схьа а лаьцна, и йоӀ цо хьийзинехь, тӀаккха цуьнца хилла волу и стаг бен вен ца веза,
26
ткъа йоӀана хӀумма а ма де: оцу йоӀана тӀехь и ен хьакъ долу зулам дац. ХӀунда аьлча иштта дина хӀума цхьамма, кхечунна дуьхьал а ваьлла, иза вер санна лоруш ду.
27
Цо и йоӀ аренгахь схьалаьцна, йоӀа мохь мел хьекхарх, иза кӀелхьаръяккха стаг ца хилла цигахь.
28
Нагахь санна, цхьамма захало дийцина йоцучу йоӀана дуьхьал а ваьлла, схьа а лаьцна, иза хьийзича, и хӀума гучудалахь,
29
тӀаккха оцу йоӀаца хиллачо цуьнан дена шовзткъе итт шекхал дети дала деза, ткъа иза цуьнан зуда хила еза, цо иза сийсазъяьккхина дела. Ша мел веха, оцу зудчух дӀакъаста дихкина ду оцу стагана.
30
Цхьаммо а шен ден кхин зуда йига а ца еза, и дарца шен ден дӀавуьжу мотт сийсаз а беш».
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34