bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 1
John 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 2 →
1
Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара.
2
И Дош юьхьанца Делехь дара.
3
Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хӀумма а ца кхоьллина.
4
Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра.
5
И серло боданехь къега. Бодано и серло эша а ца йина.
6
Дала цхьа стаг ваийтира, цуьнан цӀе Яхьъя яра.
7
Иза цу Серлонах тоьшалла дан веанера, цуьнгахула цу Серлонах массо а адам тешийтархьама.
8
Яхьъя ша Серло яцара, ткъа иза Серлонна тоьшалла дан ваийтина вара.
9
И бакъйолу Серло дуьнен чу йогӀуш яра, Цо муьлхха а адам серла а доккху.
10
Дуьненна юкъахь а дара и Дош, Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера, амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира.
11
Шен махка веара Иза, ткъа шечара а И тӀе ца ийцира.
12
Ткъа, Ша тӀе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо.
13
Уьш я цӀийх а, я дегӀан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу.
14
Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Ӏаш а дара. ТӀаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КӀантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара.
15
Яхьъяс, Цунах лаьцна тоьшалла а деш, кхайкхадо: «ХӀара ву ас шуна вийцинарг: „Сол тӀаьхьа ВогӀург, сол лакхара а хилла, дӀахӀоьттина, хӀунда аьлча Иза сол хьалха а волуш вара“».
16
Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла.
17
ХӀунда аьлча товрат-хьехамаш Муса-пайхамарехула белла бара, ткъа Делера долу бакъдерг а, дика а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула деана ду.
18
Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КӀанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш.
19
Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви цӀе йолчу тайпанан, Делан цӀа чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: «Хьо мила ву?» — аьлла.
20
Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тӀера юха а ца волуш, ма-дарра дӀа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац».
21
Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? Эли-ЯхӀу-пайхамар вуй хьо?» «И вац со». «Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?» «Вац», — аьлла, жоп делира Яхьъяс.
22
ТӀаккха цара элира Яхьъяга: «Ткъа хьо мила ву, дийцахьа тхуна, тхаьш хьуна тӀе хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна хӀун олу ахь?»
23
Яхьъяс жоп делира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со: „Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“».
24
Ткъа Яхьъяна тӀебахкийтинарш парушхойх бара.
25
ТӀаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Эли-ЯхӀу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хӀунда боху ахь?»
26
Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу.
27
Иза сол тӀаьхьа вогӀуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ долуш вац».
28
И дара Йордан-хин дехьа агӀор йолчу Бет-ХӀина олучу меттигехь, Яхьъяс нах хих чекхбохучохь.
29
ШолгӀачу дийнахь, шена тӀевогӀу Ӏийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХӀара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тӀе а лаьцна, уьш дӀадахьа баийтина Ӏахар бу.
30
ХӀара ву ас Шех лаьцна аьлларг: „Сол тӀаьхьа вогӀуш волу Стаг сол а лакхара ву, хӀунда аьлча Иза сол хьалха волуш вара“.
31
Суна а билггала ца вевзара Иза. Амма Иза исраилхошна вовзийтархьама, веанера со, нах хих чекхбохуш».
32
Яхьъяс, тоьшалла а деш, элира: «Суна Делан Са гира кхокханан суьртехь стигалара доьссина, и Са Цунна тӀехь дисира.
33
Цкъа хӀинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тӀехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“.
34
И суна ган а гира, ас тоьшалла а до Иза Делан КӀант хиларх».
35
И хиллачу шолгӀачу дийнахь Яхьъя юха а лаьтташ вара шен мурдех волчу шинца.
36
ТӀехволучу Ӏийсага а хьаьжна, Яхьъяс элира: «ХӀара бу Дала баийтина Ӏахар».
37
Цуьнан и дешнаш а хезна, Яхьъян ши мурд Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттира.
38
Юха а хьаьжна, и ши мурд Шена тӀаьхьавогӀу а гина, Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Шуна хӀун оьшу?» Цара элира: «Рабби!», (Иза «Устаз!» бохург ду), «Хьо мичахь Ӏаш ву?»
39
Ӏийсас оцу мурдашка элира: «Соьца дӀа а дуьйлий, хьовса». Мурдаш Цуьнца бахара. Царна гира И мичахь вехаш ву. И де Ӏийсаца даьккхира цара. ДоьалгӀа сахьт доладеллера цу хенахь.
40
Яхьъян дешнаш а хезна, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттинчу шиннах цхьаъ Ӏандар вара. Иза вара ШамӀа-Кипин ваша.
41
Ӏандара, цу сохьта шен ваша ШамӀа схьа а лехна, элира цуьнга: «Тхуна Машахь карийна». (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду.)
42
Ӏандара шен ваша ШамӀа Ӏийсана тӀевалийра. Ӏийсас, ШамӀе а хьаьжна, элира: «Хьо Юнусан кӀант ШамӀа ву-кх. Хьох хӀинца „Кипа“ эр ду». (Иза «тарх» бохург ду.)
43
ШолгӀачу дийнахь Ӏийсана Галилай-махка ваха лиира. Ӏийсас, Пилап схьа а лехна, цуьнга элира: «Суна тӀаьхьахӀотта».
44
Пилап а вара Ӏандар а, Кипа а схьаваьлла волчу Бет-Саида-гӀалара.
45
НатунаӀил схьа а лехна, Пилапа элира цуьнга: «Мусас товрат тӀехь бинчу хьехамашкахь а, пайхамарша яздинчу тептарш тӀехь а вийцина Хилларг карийна тхуна. Иза ву Юсупан кӀант Ӏийса, Ша Назарт-гӀалара схьаваьлла волу».
46
Ткъа НатунаӀила элира: «Назартера цхьа а дика хӀума дала а даьллий те?» Пилапа жоп делира: «ГӀой, хьо-хьуо хьажа», — аьлла.
47
Шена тӀевогӀу НатунаӀил а гина, Ӏийсас элира: «ХӀара ву-кх шеца мекарло а йоцу бакъволу исраилхо».
48
НатунаӀила хаьттира Ӏийсага: «Со мичахула вевза Хьуна?» Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьо инжиран дитта кӀел Ӏаш волуш, Пилап хьоьга кхайкхале дуьйна а, Суна хьо гуш а вара, вевзаш а вара».
49
НатунаӀила элира Ӏийсага: «Рабби! Хьо Делан КӀант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь».
50
Ӏийсас элира цуьнга: «Ас хьо инжиран дитта кӀел гина аларна тийши хьо Сох? Кхин а, цул тӀех гӀуллакхаш а гур ду хьуна».
51
Кхин а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ДӀаеллаелла стигалш а, Адамийн КӀант волчу Суна тӀе охьадуьссуш а, хьаладуьйлуш а Делан маликаш а гур ду шуна».
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21