bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 12
John 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 13 →
1
Иштта, Пасахьан деза де тӀекхача ялх де дисича, Бет-ХӀина олучу гӀала веара Ӏийса. Ӏийсас веллачуьра денвина волу ЛаӀзар а вара цигахь вехаш.
2
Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Ӏийсана. Марта а яра гӀуллакхаш деш. И ЛаӀзар а вара Ӏийсаца пхьор дуучаьрца.
3
ТӀаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Ӏийсан когаш тӀе доьттира. Цул тӀаьхьа шен коьртара месашца Ӏийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цӀа хаза хьожа йогӀучу даьттанан хьожанах дуьзира.
4
ТӀаккха Ӏийсан мурдех цхьаммо, ЯхӀуд-Искархочо, тӀаьхьа Ӏийсана ямартло ен волчо, элира:
5
«И деза даьтта кхо бӀе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дӀа хӀунда ца дийкъира вай?»
6
И ша аьлларг ца элира цо мискачу нехан бала кхаьчна, ткъа ша къу хиларна элира. Шегахь мурдийн ахча Ӏалашдеш лелош болу тӀоьрмаг болу дела, наггахь цу чу тосучу ахчанах хӀума схьаоьцура цо шена.
7
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дӀавуллун волчу денна Ӏалашдина хилла цо и даьтта.
8
ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца».
9
Дукхах болчу яхӀудхошна хиира Ӏийса цигахь вуйла. Ӏийса гархьама хилла а ца Ӏаш, Цо веллачуьра денвина волу ЛаӀзар ган а баьхкинера уьш.
10
Ткъа динан коьртачу дайша ЛаӀзар а вен сацам бира.
11
ХӀунда аьлча ЛаӀзар бахьана долуш баьхкина дукхах болу яхӀудхой, динан куьйгалхойх дӀа а къаьстина, Ӏийсах тийшира.
12
ШолгӀачу дийнахь Пасахь даздан баьхкинчу дукхачу нахана хезира, Ӏийса Ярушалайме вогӀуш ву аьлла.
13
Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Ӏийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара: «ХӀашанна! Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Исраилан Паччахь!»
14
Ткъа Ӏийса, цхьа къона вир карийна, цунна тӀе хиира, Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара:
15
«Ма кхералахь, Цийонан йоӀ! ХӀара хьан Паччахь вогӀу, къоначу вира тӀе а хиъна».
16
Цуьнан мурдаш юьхьанца ца кхийтира цунах. Амма, тӀаьхьа, Ӏийсан сийлалла кхочушхилча, кхийтира уьш, и дешнаш Цунах лаьцна яздина хиларх а, и дерриг а Цунна дина хиларх а.
17
Хьалха Цо ЛаӀзар къуббанна чуьра схьакхайкхинчу хенахь а, Цо иза веллачуьра денвинчу хенахь а Ӏийсаца хиллачу наха цунах тоьшалла дора.
18
Ӏийсас оцу тамашийначу гӀуллакхан билгало яр хезна, Цунна дуьхьалбаьхкира нах.
19
Парушхоша вовшашка бохура: «Гой шуна, вай-м хӀумма а дан ца ларий? Ткъа дерриг дуьне а Цунна тӀаьхьахӀуттуш ма лаьтта!»
20
Пасахьан дезачу дийнахь Далла Ӏамал ян баьхкинчарна юкъахь грекахой а бара.
21
Галилай-махкара Бет-Саида-гӀалара волчу Пилапана тӀебахара уьш. Цара, дехарш деш, элира Пилапе: «Олахо, тхуна Ӏийса ган лаьа».
22
Цунах лаьцна Пилапа Ӏандаре дӀаэлира. ТӀаккха Ӏандара а, Пилапа а, вахана, Ӏийсага дӀадийцира грекахошна луург.
23
Ӏийсас, жоп луш, элира цу шинга: «ТӀекхаьчна Адамийн КӀентан сийлалла дӀагойту сахьт.
24
Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кӀен буьртиг лаьтта боьжча, хӀаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хӀаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо.
25
Шен са дезачо иза хӀаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Ӏалашдийр ду иза.
26
Милла а Суна гӀуллакх деш верг Суна тӀаьхьахӀуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».
27
«Ткъа хӀинца Сан са карзахдаьлла. ХӀун ала те Ас? „Дада, кӀелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со.
28
Дада! Гучуяккхахьа Хьайн цӀеран сийлалла!» ТӀаккха стигалшкара аз хезира: «Ас Сайн цӀеран сийлалла гайта а гайтина, ткъа хӀинца кхин а гойтур а ю», — аьлла.
29
Цигахь лаьтташ болчу, иза хезначу наха бохура: «Иза стигал къовкъар дара». Ткъа вукхара бохура: «Малико къамел дира Цуьнца».
30
Цара аьллачунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Сан дуьхьа даийтина дацара и аз, амма шун дуьхьа даийтина дара иза.
31
ХӀинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дӀаэккхор ву хӀинца.
32
Со лаьттара хьалаваьккхича, массо адам Сайна тӀеозор ду Ас».
33
Иза Ӏийсас элира, Шен валар муха хир ду хаийтархьама.
34
Наха Ӏийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тӀехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КӀант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КӀант?“»
35
ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀинца а кӀеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дӀа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа.
36
И серло шуьца йолччуьра, теша цу серлонах, тӀаккха серлонан кӀентий хир ду шух». Иза а аьлла, Ӏийса, дехьа а ваьлла, къайлавелира царах.
37
Оццул дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтира Ӏийсас нахана, хӀетте а тешаш бацара уьш Цунах.
38
Иза дара ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла хӀара дешнаш кхочушхилийтархьама: «Веза Эла, мила тийшира тхоьгара хезначух? Хьанна хааделира Везачу Элан нуьцкъала куьг?»
39
Цу нехан тешийла а дацара, ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро кхидӀа а иштта аьлла дела:
40
«Дала церан бӀаьргаш бӀаьрзе бинера, церан дегнаш а шога динера, церан бӀаьргашна са ца гайта а, церан дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а, уьш шайна гӀо дайтархьама Шена тӀе ца бахийта а. — Ас уьш то а бийр бара!»
41
Иштта аьллера ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, шена Ӏийсан сийлалла гича. Иза Ӏийсах лаьцна аьллера цо.
42
Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Ӏийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цӀийнах дӀакъасторах.
43
ХӀунда аьлча шайна адамашкара долу сийдар Дала сийдарал а сов дезарна.
44
ТӀаккха Ӏийсас дӀакхайкхадира нахе: «Сох тешаш верг, Сох тешна а ца Ӏаш, Со Ваийтинчух а теша.
45
Со гуш волчунна Со Ваийтинарг а го.
46
Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама.
47
Нагахь санна цхьаммо Сан дешнаш шена хезча, уьш ца лардахь а, Ас цунна кхел йийр яц. ХӀунда аьлча Со дуьненна кхел ян веана вац, амма дуьне кӀелхьардаккха веана ву.
48
Со юхатухуш а, Сан дешнаш тӀе ца оьцуш а волчун шен кхел ю. Ас аьллачу дашо йийр ю цунна кхел тӀаьххьарчу дийнахь.
49
ХӀунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хӀун ала а, хӀун дийца а деза олуш.
50
Суна хаьа, Делан весето Ша волчохь хедар доцучу дахаре валавой. Цундела Айса бохург, Сайн Дас ма-аллара, боху Ас».
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21