bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 10
John 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 11 →
1
«Баккъалла а боху Ас шуьга: милла а, уьстагӀийн кертан кевнехула а ца волуш, кхечу некъахула чувериг, къу а, талорхо а ву.
2
Ткъа кевнехула чувериг цу уьстагӀийн Ӏу ву.
3
Ков лардеш волчу стага цунна ков дӀадоьллу, ткъа уьстагӀаша цуьнан озе ла а дугӀу. ТӀаккха, шен уьстагӀийн цӀераш а йохуш, уьш арадоху цо.
4
Шен дерриге а уьстагӀий арадаьхча, иза царна хьалхаваьлла воьду, ткъа уьстагӀий цунна тӀаьхьахӀуьтту, шайна цуьнан аз девза дела.
5
Хийрачунна тӀаьхьа ца доьлху уьш, амма цунах къехка, шайна цу хийрачун аз ца девза дела».
6
И хьекъале дустар далийра Ӏийсас парушхошна. Амма уьш ца кхийтира Цо шайна дийцинчун маьӀнах.
7
ТӀаккха юха а элира Ӏийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Со уьстагӀашна дина долу ков ду.
8
Сол хьалха мел баьхкинарш берриш къуй а, талорхой а бара. Амма уьстагӀаша цаьрга ла ца дуьйгӀира.
9
Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кӀелхьарвоккхур ву. Иза ладогӀарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю.
10
Къу лачкъорхьама а, верхьама а, хӀаллакдархьама а бен ца вогӀу. Ткъа Со шун дахар хилийта а, и дахар шортонца хилийта а веана.
11
Со дика Ӏу ву. Дикачу Ӏуьно шен са а дӀало шен уьстагӀийн дуьхьа.
12
Ткъа йолах волу Ӏу, и уьстагӀий шен долахь ца хиларе терра, борз йогӀуш шена гича, жа а дуьтий, дӀаводу. Еанчу барзо и уьстагӀий хӀаллак а до, уьш дӀай-схьай а даржадо.
13
И Ӏу дӀаводу, ша йолах Ӏу волу дела а, шен оцу уьстагӀийн бала а боцу дела а.
14
Со дика Ӏу ву, цундела Суна сайнаш а бевза, сайчарна Со а вевза.
15
Дена Со вовзаре терра, Суна а вевза Да. Сайн са а дӀало Ас уьстагӀийн дуьхьа.
16
Кхин а уьстагӀий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагӀий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугӀур ду Сан озе, тӀаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Ӏу а хир ву.
17
Аса Сайн са, юха а схьаэцархьама, дӀало дела, Сан Дена Со веза.
18
Цхьаммо а дӀадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дӀалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дӀадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна».
19
Юха а, Ӏийсан и дешнаш бахьана долуш, нахана юкъахь къовсам белира.
20
Дукхахболчара олура: «Цунна чохь харц жин доллу, Иза хьераваьлла. Цуьнга ла а хӀунда дугӀу аша?»
21
Вукхара олура: «И дешнаш жинаша хьийзош волчу стеган дац. Харц жине дӀаделлалур дуй бӀаьрзечун бӀаьргаш?»
22
Ӏай Ярушалайм-гӀалахь даздеш долу «Карладаккхар» олу деза де тӀедеара.
23
Делан цӀийнан кертара Сулим-паччахьан цӀарах йолчу меттехь лелаш вара Ӏийса.
24
Кхузахь Ӏийсана гонах гулбеллачу наха элира Цуьнга: «Дукха латтор дуй те Ахь тхо духе ца кхиош? Хьо Дала леррина Къобалвинарг велахь, дуьххьал схьаалахьа тхоьга».
25
Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Ас элира шуьга, амма шу ца теша Сох. Сайн Ден цӀарах Ас деш долчу гӀуллакхаша тоьшалла до Сох.
26
Амма шаьш Сан уьстагӀех доцу дела, ца теша шу Сох.
27
Сан уьстагӀашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тӀаьхьа а догӀу.
28
Ткъа Аса царна Дела волчохь хедар доцу дахар ло, уьш цкъа а хӀаллак а хир дац, цхьаммо а Сан карара уьш лачкъор а дац.
29
Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш.
30
Со а, Сан Да а — Тхо цхьаъ ду».
31
ТӀаккха юха а наха тӀулгаш схьаийцира, Ӏийсана деттархьама.
32
Ӏийсас жоп делира царна: «Сайн Дегара дуккха а дика гӀуллакхаш гайтира Ас шуна. Царах муьлханиг бахьана долуш тӀулгаш детта гӀерта шу Суна?»
33
Наха жоп делира Ӏийсана: «Ахьа дина дика гӀуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тӀулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».
34
Ӏийсас юха а жоп делира царна: «Яздина дац ткъа шун товрат хьехамаш тӀехь а: „Ас аьлла, шу деланаш ду“?
35
Нагахь Делан дош дӀакхаьчначарех а деланаш аьлла хилча (ткъа Делан Йозанашца къийса йиш ма-яц),
36
тӀаккха хӀинца а эр ду те аша, оцу стигаларчу Дас къобалвина кху дуьнен чу Ваийтинчуьнга: „Ахь Ӏеса къамел до“, — Ас шайга: „Со Делан КӀант ву“, — аларна?
37
Нагахь Ас Сайн Дас до гӀуллакхаш деш дацахь, Сох ма тешалаш.
38
Амма, нагахь Ас и гӀуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гӀуллакхех теша. ТӀаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а — тхо цхьаъ дуйла».
39
ТӀаккха юха а лийхира цара Ӏийса, схьалаца дагахь, амма Иза церан карара велира.
40
Юха а Йордан-хин вукху агӀор йолчу, хьалха Яхьъяс нах хих чекхбаьхначу меттиге вахара Ӏийса. Цигахь висира Иза.
41
Дукха нах баьхкира Ӏийсана тӀе. Цара бохура: «Яхьъяс тамашийначу гӀуллакхийн цхьа а билгало ца гайтина, амма цо Кхунах лаьцна аьлларг дерриг а бакъ хилла».
42
Цигахь дукха нах тийшира Ӏийсах.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21