bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 5
John 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 6 →
1
Цул тӀаьхьа Ярушалаймехь жуьгтийн цхьа деза де даздеш дара. Ӏийса а веара цига.
2
Ярушалаймехь УьстагӀийн ков олучу меттехь баьккхина луьйчу цхьа Ӏам бу. Цунах Ӏебархойн маттахь Бет-Хьасда олу. Цу Ӏомана гонах лаьтташ бӀогӀамийн пхи могӀа бара, тӀехула тиллина тхов а болуш.
3
Оцу Ӏомана тӀедоьлхучу некъаш тӀехь Ӏохкуш Ӏаламат дукха цомгуш болу нах хуьлура. Царна юкъахь бара бӀаьрзенаш, астагӀнаш, заьӀапнаш.
4
***
5
Иштта, ткъе берхӀитта шарахь шен цамгаро хьийзош волу цхьа хьенех а вара цигахь.
6
И стаг цигахь Ӏуьллуш а гина, иза дукха хенахь дуьйна цомгуш вуйла а хиъна, Ӏийсас хаьттира цуьнга: «Могуш хила лаьий хьуна?»
7
Ткъа цомгушчо элира Ӏийсага: «Эла, Ӏома чуьра хи, меттах а даьлла, дӀасадаьржачу хенахь со цу чуваккха цхьа а вац-кх сан. Ткъа со хи чувала воллучу хенахь, кхин цхьаъ сол хьалха волу-кх».
8
Ӏийсас элира цомгушчуьнга: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало».
9
И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, дӀаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара.
10
Цундела динан куьйгалхоша цамгарх товеллачуьнга элира: «Тахана Далла лерина шоьтан де ду, хьайн мотт-гӀайба дӀабаккха а бакъо ма яц хьан».
11
Ткъа цо жоп делира яхӀудхошка: «И со Товинчо элира-кх соьга: „Хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало“».
12
ТӀаккха цара хаьттира товеллачуьнга: «Мила ву хьоьга, мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало аьлла и Стаг?»
13
Ткъа товеллачунна Иза мила ву ца хаьара. ХӀунда аьлча, кхузахь адам алссам хиларна, аьтту а баьлла, Ӏийса къайлавелира.
14
Цул тӀаьхьа и стаг Делан цӀийнан кертахь а карийна, Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀинца хьо цамгарх товелла, ткъа кхин къинош ма летаделахь, хьайна кхин цул а вониг ца хилийтархьама».
15
ТӀаккха цу стага, вахана, динан куьйгалхошка ша Товинарг Ӏийса вуй дӀахаийтира.
16
Цундела, Ӏийсас и стаг туовар Далла лерина шоьтан дийнахь дина аьлла, динан куьйгалхой Ӏийсана дуьхьалбевлира.
17
Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Сан Дас тахханалц а болх беш бу, Аса а бо и болх».
18
Ӏийсас иза аларна, Иза вен кхин а чӀогӀа тӀаьхьабевлира динан куьйгалхой. ХӀунда аьлча Далла лерина шоьтан де ца лерина а ца Ӏаш, Делах Шен Да ву а аьлла, Ша Делаца вуьстинера Ӏийсас.
19
Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга, Шен Дас дийриг гуш ца хилча, Шеггара хӀумма а дойла дац КӀентан. ХӀунда аьлча Шен Дас дийрриг до КӀанта а.
20
Дена Шен КӀант веза, цундела Ша мел дийриг дерриг а гойту Дас КӀантана. Шу цец а дохуш, кхин а сов гӀуллакхаш гойтур ду Дас Цунна.
21
ХӀунда аьлча Шен Дас белларш денбаре терра, иштта КӀанта а Шена луъург денво.
22
Адамашна тӀехь кхел яр, Ша а ца деш, Шен КӀентан кара дӀаделла Дас,
23
массаьрга а, Да лоручу тайпана, КӀант а ларийтархьама. ХӀунда аьлча КӀант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору.
24
Бакъдерг боху Ас шуьга: Сан даше ладугӀуш а, Со Ваийтинчух тешаш а волчун Дела волчохь хедар доцу дахар ду. Къематан дийнахь царна тӀехь кхел яц, ткъа, беллачуьра ден а белла, Делаца долчу бакъдолчу дахаре кхаьчна уьш.
25
Бакъдерг боху Ас шуьга: тӀейогӀуш ю и зама, тӀекхаьчна а яьлла, беллачарна Делан КӀентан аз а хезар долуш, и хезнарш ден а лур болуш.
26
ХӀунда аьлча Ден а Ша-Шена чохь дахар хиларе терра, иштта Шен КӀантана а делла Цо Ша-Шена чохь дахар хилар.
27
Иза Адамийн КӀант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара.
28
Цец ма довлалаш цунах, хӀунда аьлча тӀейогӀуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КӀентан аз хезар долуш.
29
ТӀаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гӀуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гӀур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гӀуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу.
30
Айса-Сайгара хӀумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХӀунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо».
31
«Нагахь санна Аса-Айса Сайх тоьшалла дахь, и Сан тоьшалла кхоччуш дац.
32
Сох тоьшалла дийриг Кхин ву. Цо Сох деш долу и тоьшалла бакъ дуйла хаьа Суна.
33
Аша Яхьъяна тӀе нах бахийтира, ткъа цо билггал долчу бакъдолчух тоьшалла дира.
34
Адамо дина тоьшалла оьшуш вац Со-м, амма шу кӀелхьардовлийта боху Аса шуьга хӀара.
35
Яхьъя богуш а, къегаш а болу стогар санна вара шуна. Ткъа шуна кӀеззиг йолчу ханна цуьнан серлонгахь хазахетар хила лиира.
36
Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХӀунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гӀуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх.
37
Со ваийтина волчу Сан Дас до Сох тоьшалла. Шуна-м я Цуьнан аз а ца хезна, я Цуьнан сибат а ца гина.
38
Я Цуьнан кхаъ а шун даг чохь ца лаьтта, Цо Ваийтинчух шу ца теша дела.
39
Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до.
40
Амма шуна ца лаьа Суна тӀаьхьахӀитта, шайна Дела волчохь хедар доцу дахар хилийта.
41
Адамашкара сий дар ца оьшу Суна.
42
Амма Суна девза шу, шун дегнаш чохь Деле хила ма-безза безам боцийла а хаьа.
43
Со Сайн Ден цӀарах веана воллушехь, тӀе ца оьцу аша. Ткъа цхьа кхиверг шен цӀарах веача, иза тӀеоьцур ву аша.
44
Муха тешар ду шу, цхьаммо шайн сий дича, аша иза хазахетарца тӀеоьцуш хилча? Ткъа цхьаъ бен воцучу Делера сий аша ца лоьху.
45
Ма мотталаш Ас шу Далла хьалха бехке дийр ду. Шу бехке дан Муса-пайхамар хир ву, цунах дегайовхо йолуш Ӏаш долчу шуна.
46
Шаьш Муса-пайхамарах тешаш хилча, Сох а тешар дара шу, хӀунда аьлча Сох лаьцна яздинера цо.
47
Амма нагахь санна цуьнан йозанех а шу ца тешча, Сан дешнех муха тешар ду шу?»
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21