bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 8
John 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 9 →
1
Ткъа Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀе вахара.
2
ТӀаккха Ӏуьйранна Ӏийса юха а Делан цӀийнан керта веара. Берриг нах оьхура Цунна тӀе. Охьа а хиъна, Ӏийсас нахана хьехамаш бира.
3
Цу хенахь Ӏелам наха а, парушхоша а цхьа зуда, сийсаза лелаш йоллучу хенахь тӀе а кхаьчна, иза цу меттехь схьа а лаьцна, яла а йина, нахана юккъе дӀахӀоттийра.
4
Цара Ӏийсага элира: «Устаз! ХӀара зуда нахаца лелаш йоллучохь схьалаьцна ю.
5
Ткъа Мусан хьехамо тӀедиллина и санначарна тӀулгаш кхоссар. ХӀинца Ахь хӀун эр дара?»
6
И элира цара Ӏийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гӀалат тӀехтохархьама а. Ткъа Ӏийса, лохха охьа а таьӀна, лаьттахь пӀелгаца яздан волавелира.
7
Ткъа цу наха Шега кхин а хеттарш дича, Ӏийсас, хьала а таьӀна, элира: «Шена тӀехь къа доцучо уггар хьалха тӀулг кхосса цунна тӀе».
8
Иза а аьлла, юха а охьатаьӀна, лаьтта тӀехь яздеш вара Ӏийса.
9
Ткъа и дешнаш шайна хезча, цхьаъ вукхунна тӀаьххье а воьдуш, баккхийнаш хьалха а бовлуш, уьш дӀабахара. ТӀаккха Ӏийса Ша висира цигахь, керта юккъехь лаьтташ йолчу зудчуьнца
10
Корта хьала а айина, Ӏийсас элира цу зудчуьнга: «Зуда, уьш мичахь бу? Цхьаммо а кхел ца йи хьуна?»
11
Зудчо элира: «Цхьаммо а ца йи, Эла». «Аса а ца йо хьуна кхел, — элира Ӏийсас. — ДӀагӀо хьайна, амма кхул тӀаьхьа кхин иштта долу къинош ма летаде».
12
Цул тӀаьхьа юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тӀаьхьахӀоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю».
13
ТӀаккха парушхоша элира Цуьнга: «Айхьа-Хьайх тоьшалла до Ахь, цундела Хьан тоьшалла кхоччуш дац».
14
Ткъа Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса Айса-Сайх тоьшалла деш делахь а, Сан тоьшалла кхоччуш ду. ХӀунда аьлча Суна хаьа, Со мичара веана а, стенга воьду а, ткъа шуна ца хаьа, я Со мичара веана а, я Со стенга воьду а.
15
Аша адамийн ламасташка хьаьжжина кхел йо, ткъа Аса цхьанна а кхел ца йо.
16
Нагахь Ас кхел еш елахьара, Сан кхел бакъ хир яра, хӀунда аьлча Со цхьаъ вац, амма Со ваийтина Да а ву Соьца.
17
Шун товрат-хьехамна тӀехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла.
18
Ткъа Сайх тоьшалла Ас-Айса а до, Со ваийтинчу Сан Дас а до».
19
ТӀаккха элира Цуьнга: «Мичахь ву Хьан Да?» Ӏийсас жоп делира: «Я Со а ца вевза шуна, я Сан Да а ца вевза. Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара».
20
Иштта къамел деш вара Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хӀунда аьлча Цуьнан хан хӀинца а тӀекхаьчна яцара.
21
Юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дӀавоьду, ткъа аша лоьхур а ву Со, шайн къиношца лийр а ду шу. Со воьдучу шу дахкалур дац».
22
ТӀаккха бохура динан куьйгалхоша: «Ша-Шен вен-м ца воллу те Иза? Цундела боху те Цо: „Со воьдучу шу дахкалур дац“?»
23
Кхин а элира Ӏийсас: «Шу лахарчех ду, ткъа Со лакхарчех ву. Шу кху дуьненах ду, ткъа Со кху дуьненах вац.
24
Ас аьлла-кх шуьга, шу шайн къиношца лийр ду, хӀунда аьлча, нагахь Суо Верг Со хиларх шу ца тешахь, шайн къиношца лийр ду шу».
25
ТӀаккха элира цара Ӏийсага: «Хьо мила ву?» Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Аса дуьххьара дуьйна шуьга Со ву аьлларг ву-кх.
26
Дуккха а дара Сан шух лаьцна дийца а, шу бехке а деш, ала хӀума а. Амма Со Ваийтинарг бакъверг ву, ткъа хӀара Суна Цуьнгара хеззнарг ду. Цу Сайна хезначух лаьцна дуьйцу Ас дуьненна а».
27
Ткъа уьш ца кхийтира, Ӏийсас шайга Шен стигаларчу Дех лаьцна дуьйцуш дуй.
28
Цундела Ӏийсас элира: «Шаьш Адамийн КӀант хьалаваьккхича, тӀаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хӀума ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна.
29
И Со Ваийтинарг Соьца ву. Цо Со цхьа ца витина, Ас даим а Цунна луъург до дела».
30
Ӏийсас бохург хезаш болчех дукхахберш Цунах теша буьйлабелира.
31
Шех теша буьйлабеллачу яхӀудхошка Ӏийсас элира: «Нагахь шу Сан дош лардеш лелаш делахь, шу билггал Сан мурдаш ду.
32
Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргӀат а дохур ду».
33
Ткъа цара жоп делира Ӏийсага: «Тхо ИбрахӀиман хӀух а ду, тхо цкъа а цхьанна а леш ца хилла. Ахь муха боху и: „Шу паргӀатдевр ду“?»
34
Ӏийсас царна жоп делира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: хӀора къа латош верг цу къинан лай ву.
35
Лай шен оьмар хаддалц веха олахочун доьзалехь, ткъа кӀант хаддаза доьзалхо хилла вуьсу.
36
Иштта, нагахь Адамийн КӀанта шу паргӀатдахахь, шу билггал паргӀат хир ду.
37
Суна хаьа шу ИбрахӀиман хӀух дуйла, амма шу Со вен дагахь ду, Сан дош шайна чу ца тарло дела.
38
Сайн Да волчохь гинначух лаьцна дуьйцу Ас, ткъа аша а шайн дегара хеззнарг леладо».
39
Ӏийсана жоп а луш, яхӀудхоша элира: «Тхан да ИбрахӀим ву». Ткъа Ӏийсас элира цу яхӀудхошка: «Нагахь шу ИбрахӀиман хӀух делахьара, ИбрахӀима дина доллу гӀуллакхаш дийр дара аша.
40
Ткъа хӀинца Со вен дагахь лоьху аш, Со шуьга билггал бакъдерг аьлла Стаг воллушехь. И бакъдерг Суна Делера хезна. Ткъа аш дийриг ИбрахӀима ца дора.
41
Аша шайн дас динна гӀуллакхаш до». ТӀаккха цара Ӏийсага элира: «Тхо къотӀалгӀадина дац. Цхьа Да ву тхан. Иза Дела ву».
42
Ӏийсас элира цаьрга: «Шун Да Дела велахьара, Со шуна везар вара, хӀунда аьлча Со, Делера схьа а ваьлла, кхуза схьавеана. Ткъа Со Сайгара веана вац, амма Дас ваийтина ву.
43
ХӀунда ца кхета те шу Сан къамелах? Иза сан дош шуна хаза йиш йоцу дела ду.
44
Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тӀехь ца Ӏийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хӀунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву.
45
Ткъа Аса билггал долу бакъдерг дуьйццушехь, Сох шу ца теша.
46
Шух муьлхачо бехке вийр вара Со, Ас къинош летадо аьлла? Ткъа Ас билггал долу бакъдерг дуьйцуш доллушехь, шу Сох хӀунда ца теша?
47
Ша Делера Волчо ладугӀу Делан дешнашка. Амма шаьш Делера доцу дела, аша ла а ца дугӀу».
48
Аьллачунна дуьхьал жоп луш, яхӀудхоша элира Ӏийсага: «Ткъа тхо бакъ луьйш дац: „Хьо шамранхо ву, Хьуна чохь жин ду“, — оха аьлча?»
49
Ӏийсас жоп делира: «Суна чохь жин дац. Аса Сайн Ден сий до, ткъа аша Со сийсазво.
50
Сайн сий дар ца лоьху Ас. И Лоьххург — кхел Йийриг а ву.
51
Баккъалла а боху Ас шуьга: Сан дош кхочушдечунна цкъа а валар гур дац».
52
ЯхӀудхоша элира Ӏийсага: «ХӀинца билггал хии тхуна Хьуна чохь жин хилар. ХӀунда аьлча ИбрахӀим а велла, пайхамарш а белла, ткъа Ахь боху, Хьан дош кхочушдеш верг цкъа а лийр вац.
53
Баккъалла-м вац те Хьо тхан веллачу дел ИбрахӀимал а воккха? Ткъа пайхамарш а белла. Хьайх мила ву олу Ахьа?»
54
Ӏийсас жоп делира: «Нагахь Ас-Айса Сайн сийлалла дахь, и Сан сийлалла хӀумма а доцург ду. Сан сий аша шайн Дела ву бохучу Сан Дас лакха доккху.
55
Шуна-м Иза вовза а ца вевзина, ткъа Суна вевза Иза. Нагахь Ас Сайна Иза ца вевза алахь, Со а хир ву шух терра харцдерг дуьйцург. Амма Суна И вовза а вевза, Аса Цуьнан дош а лардо.
56
Шун дас ИбрахӀима хазахетарца ладугӀура Со ван везачу дийне, ткъа и де ган а гира, хаза а хийтира цунна».
57
Ӏийсас аьллачунна дуьхьал яхӀудхоша элира: «Хьан хӀинца а шовзткъе итт шо а ма ца кхаьчна? Хьуна ИбрахӀим гина?»
58
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ИбрахӀим хилале дуьйна, Со волуш Верг ву Со».
59
ТӀаккха тӀулгаш схьаийцира цара Ӏийсана детта дагахь. Амма Иза, царна юккъехула къайлаха чекх а ваьлла, Делан цӀийнан кертара дӀавахара.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21