bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 4
John 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 5 →
1
Шена тӀаьхьахӀуьтту мурдаш а, шаьш хих чекхбохуьйту нах а Яхьъяна тӀаьхьахӀиттинчарал совбовлар парушхошна хааделлий хиъча, Ӏийсас ЯхӀуд-мохк битира.
2
Ткъа нах хих чекхбахар Ӏийсас Ша ца дора, иза Цуьнан мурдаша дора.
3
Ӏийса, ЯхӀуд-мохк битина, юха а Галилай-махка вахара.
4
ТӀаккха Шамран-махкахула чекхвала дезара Цуьнан.
5
Иштта Ӏийса Шамран-махкара Суьхьар олучу юьрта кхочу. Якъуба шен кӀантана Юсупна деллачу лаьттана юххехьа яра и юрт.
6
Цигахь Якъуба яьккхина гӀу яра. Иштта, некъ а бина, кӀад а велла, оцу гӀуна уллохь хиъна Ӏаш вара Ӏийса. Иза де юккъе дахана хан яра.
7
Цу гӀуна чуьра хи схьаэца цхьа шамранхойн зуда еара. Ӏийсас элира цуьнга: «Мала хи лохьа Суна».
8
Цу хенахь Ӏийсан мурдаш яа хӀума эца юьрта баханера.
9
Шамранхочо Ӏийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хӀунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара.)
10
Ӏийсас иштта жоп делира цуьнга: «Дала дина дика а хьайна довзахьара, хьайга хи доьхург мила ву а хаьахьара, ахь-айхьа доьхур дара Цуьнга хи. Ткъа Цо хьуна „дийна долу хи“ лур дара».
11
ТӀаккха цу зудчо элира: «Эла, Хьан и хи схьаэца пхьегӀа а ма яц, ткъа хӀара гӀу кӀорга а ма ю. Мичара ду Хьоьгахь „дийна хи“?
12
Хьо хӀун, вайн дел Якъубал а лакхара ву, цо ша а, цуьнан кӀенташа а, цуьнан хьайбанаша а хи мийлина хилла йолу хӀара гӀу тхуна елла волчу?»
13
Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀара хи мелларг юха а хьаглур ву,
14
ткъа Аса шена лун долу хи мелча, иза цкъа а хьаглур вац. Амма Ас лур долу хи стагана чохь, Дела волчохь хедар доцучу дахаре доьдучу хин хьоста а хилла, дӀахӀуттур ду».
15
Зудчо элира Ӏийсага: «Эла, лохьа суна и Айхьа дуьйцу хи, со хьогах ца хилийта а, со кхуза хӀара хи кхехьа ца эхийта а».
16
Ӏийсас зудчуьнга элира: «Яло, хьайн майра а валош, юха схьайола кхуза».
17
Зудчо жоп делира: «Сан майра вац». «Нийса боху ахь, хьан майра вац.
18
ХӀунда аьлча хьан пхи майра хилла, ткъа хӀинца хьоьца Ӏаш верг хьан майра вац. Иза нийса элира ахьа», — элира Ӏийсас.
19
ТӀаккха зудчо элира: «Эла, го суна Хьо пайхамар хилар.
20
Тхан дай Далла Ӏибадат дан кху лам тӀе богӀура, ткъа аша и Ӏибадат дан деза меттиг Ярушалаймехь ю боху».
21
Ӏийсас элира цуьнга: «Тешалахь Сох, зуда. ТӀейогӀуш ю и зама, адамаша шаьш Дена до Ӏибадат я кху лам тӀехь а, я Ярушалаймехь а дан ца дезаш.
22
Шуна-м шайна а ма-дарра ца хаьа, шаьш Хьанна Ӏибадат до. Ткъа тхуна хаьа тхаьш Хьанна Ӏибадат до, хӀунда аьлча кӀелхьардовлар жуьгташкара ма ду.
23
Амма тӀейогӀуш ю и зама, тӀееана а яьлла иза, шаьш баккъалла а Дена Ӏибадат дечу наха, синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат деш. ХӀунда аьлча иштта Ӏибадат дийраш лоьху Шена Дас.
24
Дела Ша а Са ду. Цундела Цунна Ӏибадат деш болчара синца а, бакъдолчуьнца а Ӏибадат дан деза».
25
Зудчо элира Цуьнга: «Суна хаьа Машахь вогӀур вуй». — (Иза «Дала леррина Къобалвинарг» бохург ду). — «Ша веача, Цо дерриге а хьоьхур ду тхуна».
26
Ӏийсас элира: «Хьоьца къамел деш волу Со ву-кх И Къобалвинарг».
27
Цу хенахь Цуьнан мурдаш схьабаьхкира. Уьш цецбевллера, Ӏийсас зудчуьнца къамел деш шайна гича. Делахь а мурдех цхьаммо а ца хаьттира Цуьнга: «Хьуна хӀун лаьа?» я: «Ахь стенах лаьцна къамел до оцу зудчуьнца», — аьлла.
28
ТӀаккха, шен хи кхоьхьу кхаба а йитина, юьрта а яхана, оцу зудчо нахе элира:
29
«ГӀой, хьовсал, ас сайн дахарехь мел динчух лаьцна соьга схьадийцинчу Стаге. Дала леррина Къобалвинарг-м вац те Иза?»
30
Юьртара ара а бевлла, и нах Ӏийсана тӀе бахара.
31
Цу хенахь мурдаша дехар дира Цуьнга: «Рабби, хӀума яахьа!» — аьлла.
32
Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хӀун ю а ца хууш йолу яа хӀума ю Соьгахь».
33
ТӀаккха мурдаша вовшашка элира: «Цхьаммо яа хӀума-м ца еана те Кхунна?»
34
Ӏийсас элира цаьрга: «Сан кхача бу Со Ваийтинчун лаам кхочушбар а, Цуьнан гӀуллакх чекхдаккхар а.
35
Ялта дӀадуьйчу хенахь: „Кхин а цхьа биъ бутт баьлча, ялта хьокху хан тӀейогӀур ю вайна“, — ца олу аша? Иштта Аса а боху шуьга: шайн бӀаьргаш дӀа а беллий, кхаш тӀе хьовсал, ма кхиъна и ялта хьакха хӀинца.
36
Ялта хьокхучо шена догӀург схьаоьцу, Дела волчохь хедар доцучу дахаре стом а гулбеш, ялта дӀадуьйчунна а, хьокхучунна а цхьаьна хазахетар хилийтархьама.
37
ХӀунда аьлча нийса боху кицано: „Цхьаммо ялта дӀадоь, вукхо хьокху“.
38
Аша шаьш къа ца хьегначу кха тӀе ялта хьакха дахийтина Аса шу. Кхечара къахьегна, ткъа аша цара къахьегначу кха тӀера ялта гулдина».
39
Цу гӀалара дуккха а шамранхой тийшира Ӏийсах, оцу зудчо шайга тоьшалла а деш: «Сайн дахарехь ас мел динчух лаьцна схьадийцира Цо соьга», — аьлла дела.
40
Цундела Ӏийса волчу баьхкира и шамранхой. Цара, шайца саца аьлла, дийхира Ӏийсага. ТӀаккха Ӏийса шина денна цаьрца сецира.
41
Ӏийсан дош бахьана долуш кхин а, хьалхачул а сов, нах тийшира Цунах.
42
Ткъа цу зудчуьнга цара элира: «Хьалха ахь дийцарна тийшира тхо. ХӀинца тхуна тхаьшна а Цо дуьйцург хезна а дела, и Стаг баккъалла а дуьне кӀелхьардоккхург вуй го а дела, теша тхо Цунах».
43
И ши де чекхдаьлча, Ӏийса, цигара ара а ваьлла, Галилай-махка вахара.
44
ХӀунда аьлча Ӏийсас Ша тоьшалла дира, пайхамарийн шаьш схьабаьллачу махкахь сий ца до аьлла.
45
Ӏийса Галилай-махка веача, галилайхоша а тӀеийцира Иза. ХӀунда аьлча царна гинера Ярушалаймехь дезачу дийнахь Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Галилайхой а баханера цу Пасахь-дийнахь Ярушалайме.
46
Иштта Ӏийса юха а Галилай-махкара Кхана олучу юьрта веара, Ша цкъа хих чагӀар дина хиллачу меттиге. Цу хенахь Къапарнамехь цхьа стаг вара, ша паччахьан белхало а волуш. Цуьнан кӀант цомгуш вара.
47
Ӏийса ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веана аьлла, хезира цу стагана. ТӀаккха, Ӏийсана тӀе а веана, цу стага дийхира Цуьнга, шеца дӀа а веана, и кӀант туовар. ХӀунда аьлча и кӀант вала герга вара.
48
ТӀаккха Ӏийсас цу стаге элира: «Я тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш, я Ӏаламаташ ца гича, тешар дац-кх шу Сох».
49
Ткъа цу стага дийхира Ӏийсага: «Эла, сан кӀант велла дӀавалале, тӀеволахьа!» — аьлла.
50
Ӏийсас элира цуьнга: «ДӀагӀо, хьан кӀантана гӀоле ю». Ӏийсас аьллачух теша а тешна, и стаг дӀавахара.
51
Иза цӀа воьдуш, дуьхьалбогӀучу леша: «Хьан кӀантана гӀоле ю», — элира.
52
Стага хаьттира цаьрга: «Маца хена дуьйна гӀоле хила йолаелира кӀантана?» Леша жоп делира: «Селхана, делкъахенахь, цхьа сахьт даьлча, дагар дӀаделира цуьнан», — аьлла.
53
ТӀаккха хиира кӀентан дена, иза шега Ӏийсас: «Хьан кӀантана гӀоле ю», — аьллачу хенахь хиллий. ТӀаккха и стаг а, цуьнан цӀахь мел берш а тийшира Ӏийсах.
54
Иштта, Ша ЯхӀуд-махкара Галилай-махка веача, шолгӀа а тамашийначу гӀуллакхийн билгало гайтира Ӏийсас.
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21