bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 14
John 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 15 →
1
«Сингаттаме ма хуьлийла шун дегнаш. Делах а тешалаш, Сох а теша.
2
Сан Ден цӀахь дуккха ю чоьнаш. Со шуна меттиг кечъян воьду. Иза иштта дацахьара, Ас и эр дацара шуьга.
3
Аса, ваха а вахана, шуна меттиг кечйина яьлча, тӀаккха юха а веана, Со волчу дӀадуьгур ду шу, шу а Со волччохь хилийтархьама.
4
Со воьдучу метте болу некъ а бевза шуна».
5
ТӀаккха ТӀамас элира Цуьнга: «Веза Эла, тхуна-м ца хаьа, Хьо стенга воьду, тхуна муха бевзар бу и некъ?»
6
Цунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Со бу шуна некъ а, билггал долу бакъдерг а, дахар а. Цхьа а ца воьду Дена тӀе, Соьгахула бен.
7
Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара шуна. Ткъа хӀинца дуьйна дӀа Иза вовза а вевзина, ган а гина шуна».
8
Пилапа элира Ӏийсага: «Веза Эла, гайтахьа тхуна Да, иза тоьар дара-кх тхуна тӀаккха».
9
Ӏийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хӀинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“?
10
Ткъа хьо ца теша, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а? Аса шуьга олу дешнаш Соьгара дац. Соьца хуьлуш волчу Сан Дас деш ду и Шен гӀуллакхаш.
11
Тешалаш Сох, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а. Ткъа шу цунах ца тешахь, Ас дечу гӀуллакхашкахула мукъана а теша Сох.
12
Бакъдерг боху Ас шуьга: и Ас дийриг Сох тешачуьнга а далур ду. Кхин а сов гӀуллакхаш далур ду цуьнга, хӀунда аьлча Со Сайн Да волчу воьду.
13
ТӀаккха аша Сан цӀарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КӀантехула гучуяккхархьама.
14
Ткъа аша хӀуъа а Сан цӀарах дехахь, Ас кхочушдийр ду иза».
15
«Нагахь шуна Со везахь, Ас шайна тӀедиллина гӀуллакхаш а кхочушде аша.
16
Ткъа Аса Дега доьхур ду, тӀаккха Цо кхин „гӀо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта.
17
Билггал бакъдерг гойту Са лур ду шуна, дуьнене тӀеэцалур доцу, шена Иза ган а ца го дела а, И довза а ца девза дела а. Ткъа шуна девза Иза, И шуьца долу дела а, шуна чохь И хир долу дела а.
18
Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогӀур ву Со шу долчу.
19
Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду.
20
Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а.
21
Ас тӀедиллина гӀуллакхаш тӀе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна».
22
Искархо а воцуш, кхечу ЯхӀуда элира Ӏийсага: «Веза Эла! И хӀун ду? Хьо тхуна хӀунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?»
23
Ӏийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гӀур ду, ваьшна хӀусам а йийр ю цигахь.
24
Со ца везачо Сан дешнаш а тӀе ца оьцу. Ткъа шуна хезаш долу дош Сан дац. Иза Со ваийтинчу Ден ду.
25
ХӀара Ас дийцира шуьга, Со шуьца а волуш.
26
Ткъа шуна гӀо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хӀума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна.
27
Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш.
28
Шуна хезира-кх Ас шуьга аьлларг: „Со дӀавоьду, юха а вогӀур ву Со шу долчу“. Со шайна везахьара, хазахетар дара шуна Со Дена тӀевоьдуш хилар, Сан Да Сол лакхара волу дела.
29
ХӀинца, хьалххе, и хилале, дӀахоуьйту Ас шуьга, тӀаьхьа и кхочушхилла даьлча, шу тешийтархьама.
30
Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хӀунда аьлча кху дуьненан эла схьавогӀу, ткъа цуьнан Суна тӀехь олалла дац.
31
Амма дуьненна а Суна Сайн Да везий хаийта, Сайна тӀедехкина гӀуллакхаш, Цо ма-бохху, кхочуш до Ас. ХьалагӀовтта. Кхузара дӀадоьлху вай».
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21