bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 19
John 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 20 →
1
ТӀаккха Пулата омра дира, Ӏийса дӀа а вигий, Цунна шодмаш етта аьлла.
2
Ткъа тӀемалоша, коканийн коьллех кочар а дуьйцина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира. Ткъа Ӏийсана цӀен бос болу оба тӀекхоьллира.
3
Цул тӀаьхьа, Ӏийсана тӀе а хӀуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТӀаккха цара Цуьнан юьхь тӀе еттара.
4
Юха а араваьлла, Пулата элира цаьрга: «ХӀинца аса аравоккху ХӀара шуна хьалха, сайна Кхуьнгара даьлла цхьа а бехк болу хӀума ца карийна аьлла, шуна хаийтархьама».
5
ТӀаккха, коьрта тӀехь коьллех дуьйцина кочар а долуш, тӀе цӀен духар дуьйхина волу Ӏийса гӀишло чуьра аравелира. Пулата нахе элира: «ХӀара ву и Стаг».
6
Ӏийса шайна гича, динан коьртачу дайша а, гӀаролхоша а маьхьарий хьаькхира: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» — бохуш. ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Схьа а эций, шаьш дӀатоха Иза, хӀунда аьлча суна Цуьнгара баьлла цхьа а бехк ца го».
7
Ткъа динан куьйгалхоша элира Пулате: «Тхан товрат-хьехамаш бу, цу хьехамашца доьзча, Иза вала веза, Цо Ша Делан КӀант ву боху дела».
8
Пулатана и дешнаш хезча, иза кхин тӀе а кхеравелира.
9
Цо, юха а гӀалин гӀишло чу а ваьлла, Ӏийсага хаьттира: «Хьо мичара ву?» — аьлла. Ткъа Ӏийсас цуьнга жоп ца делира.
10
ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Соьга а эр дацара Ахьа? Ткъа Хьуна ца хаьа, сан карахь дуйла, сайна лаахь, Хьо дӀахеца а, сайна лаахь, Хьо жӀарах дӀатохийта а?»
11
Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Суна тӀехь цхьана а тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дӀавеллачунна тӀехь кхин а сов къа ду».
12
Цу хенахь дуьйна Пулат Ӏийса дӀахеца бахьана лоьхуш вара. Амма наха, маьхьарий хьоькхуш, бохура: «Нагахь ахьа Иза дӀахецахь, хьо Рим-мехкан паччахьан доттагӀа вац. Муьлхха а шех паччахь веш верг Рим-мехкан паччахьан мостагӀа ву».
13
И дешнаш хезча, Пулат, Ӏийса ара а ваьккхина, Литхьасторта олучу, Ӏебархойн маттахь Габбата цӀе йолчу меттигехь кхел ян охьахиира.
14
И дерриге а пӀераскан дийнахь дара, Пасахьан деза де хила дезачу кӀирнах. Делкъахан а яра цу хенахь. ТӀаккха: «ХӀан, ХӀара ву шуна шун Паччахь!» — элира Пулата нахе.
15
ТӀаккха цара маьхьарий хьоькхура: «ДӀаваккха Иза! ДӀаваккха! ЖӀарах дӀатоха Иза!» — бохуш. Пулата элира цаьрга: «Ва шун Паччахь жӀарах дӀатоха веза ас?» Динан коьртачу дайша жоп делира: «Вац тхан кхин паччахь Рим-мехкан тхешан паччахь воцург».
16
ТӀаккха Пулата цаьрга дӀавелира Ӏийса, Иза жӀарах дӀатохийтархьама. Иштта Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавигира цара.
17
Ша бахьа беза жӀаран бӀогӀам ги а боьллина, «туьтанан меттиг» олучу меттиге дӀаволавелира Ӏийса (Ӏебархойн маттахь и меттиг «Галгатхьа» олуш ю).
18
Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира цара. Ӏийсаца цхьаьна кхин а ши стаг вара жӀарех дӀатоьхна, Ӏийса юккъехь а волуш, Цунна дехьа а, сехьа а агӀор.
19
Пулата, дечиган уьнан юьхкана тӀе йоза а яздина, иза жӀаран бӀогӀам тӀе дӀатохийтира. Цу тӀехь яздина дара: «Назартера Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь».
20
И яздина дерг дукхах болчу наха дийшира, хӀунда аьлча Ӏийса жӀарах дӀатоьхна йолу и меттиг гӀалина генахь йоццуш яра. И яздинарг кхаа маттахь дара: жуьгтийн, римхойн, грекийн меттанашкахь.
21
Динан коьртачу дайша элира Пулате: «Иштта ма язде „Жуьгтийн къоман Паччахь“, — аьлла. Амма язде иштта: „Цо боху, Со Жуьгтийн къоман Паччахь ву“».
22
Пулата элира: «Ас яздинарг яздина даьлла».
23
Ӏийса жӀарах дӀатоьхна бевлча, тӀемалоша Цуьнан тӀеюху хӀуманаш схьа а эцна, уьш деа декъе йийкъира, хӀора тӀемалочунна цхьацца дакъа а луш. Ӏийсан чухула юху еха коч а яра цигахь. И коч тегна а йоцуш, лакхара охьакхаччалц, дийнна кӀадих йина яра.
24
ТӀаккха тӀемалоша вовшашка элира: «ХӀара коч этӀор яц вай. ХӀокхунна кхаж а тесна, и хьанна кхочу хьовсур ду вай». Дерриг а иштта хила а хилира, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушдеш: «Цара вовшашлахь йийкъира Сан тӀеюху хӀуманаш, кхаж а тесира цара, Сан коч хьанна кхочу хьожуш». ТӀемалоша иза иштта дан а дира.
25
Ӏийса дӀатоьхначу жӀарана уллохь лаьтташ бара Ӏийсан нана а, ненан йиша а, Кхалайпан зуда Марем а, Магдалера Марем а.
26
ТӀаккха Ӏийсас, Шен нана а, цунна юххехь лаьтта, Шена къаьсттина дукха везаш волу мурд а гина, нене элира: «Нана, хӀара хир ву хьан кӀант».
27
Цул тӀаьхьа мурде а элира Цо: «ХӀара хьан нана ю». Цу сахьтехь дуьйна шеца ша волчу дӀайигира цу мурдо иза.
28
Цул тӀаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Ӏийса. ТӀаккха, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со».
29
Юххехь лаьтташ кхаба яра, чохь юьззина кемсийн къонза а долуш. ТӀаккха тӀемалочо, цу кхаби чу худург а Ӏоьттина, иза ораматан гаьнна тӀе а йихкина, Ӏийсан бете яьхьира.
30
Къонза а мелла, Ӏийсас элира: «Кхочушхили!» ТӀаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дӀаделира Цо.
31
И дерриг пӀераскан дийнахь хиларна, догӀмаш жӀарана тӀехь дита ца лаьара динан куьйгалхошна, хӀунда аьлча тӀедогӀуш Далла лерина шоьтан де дара. Ткъа цу шоьтан дийнахь доккха деза де долу дела, цара Пулате дийхира, жӀарах дӀатоьхна болчеран настарш каг а йина, жӀараш тӀера церан догӀмаш дӀадахийтахьара аьлла.
32
Иштта тӀемалоша, схьа а баьхкина, Ӏийсана цхьацца агӀор дӀатоьхначеран настарш кегйира.
33
Ткъа Ӏийсана тӀебахча, Иза дӀакхелханий а гина, Цуьнан настарш ца кегйира цара.
34
Ткъа тӀемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Ӏийсан агӀонах, пӀендаршна юккъе. Цу сохьта цӀий а, хи а охьадахара.
35
И хилларг гиначо тоьшалла дина, шу а цунах тешийтархьама. Ткъа цуьнан тоьшалла бакъ а ду, цунна ша бакъдерг бохий а хаьа.
36
Иза хилла дӀахӀоьттира, Делан Йозанаш тӀехь яздина дерг кхочушхилийтархьама: «Цуьнан цхьа а даьӀахк кагйина хир яц», — аьлла.
37
Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегӀах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш».
38
Цул тӀаьхьа Рамат цӀе йолчу гӀалара а волуш, динан куьйгалхойх ша ца вахьарна, Ӏийсан къайлаха мурд а волуш волчу Юсупа Пулате дийхира, Ӏийсан дегӀ жӀара тӀера схьадаккха шена бакъо ялар. Пулата и дан бакъо елира Юсупна. ТӀаккха цо, вахана, и дегӀ жӀара тӀера схьадаьккхира.
39
Хьалха, буьйсанна Ӏийса волчу а оьхуш, Цуьнца къамел дина волу Нукха-Деми веара Юсупца цига. Нукха-Демис шеца кхузткъе итт герка гергга хаза хьожа йогӀу деза хьакхарш а, сарап олу молха а, цхьаьна а тоьхна, схьадеанера.
40
Цара, Ӏийсан дакъа схьа а эцна, Иза хаза хьожа йогӀу хьакхарш хьаькхна долчу кӀади юкъа хьарчийра, жуьгтийн Ӏедалехь стаг дӀавуллуш ма-дарра.
41
Ӏийса жӀарах дӀатоьхначу меттигна юххехь беш яра. Цу бешахь яьккхина, шена чу хӀинца а цхьа а виллаза къубба яра.
42
И дерриг а жуьгташа шоьтан денна кечам беш долу пӀераскан дийнахь долу дела а, и къубба генахь йоцу дела а, Ӏийса цу чу виллира.
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21