bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 3
John 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 4 →
1
Нукха-Деми цӀе йолу парушхойх цхьа стаг вара. Жуьгтийн коьртачу кхеташонан декъашхо вара иза.
2
Нукха-Демис, буьйсанна Ӏийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХӀунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш».
3
Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгӀа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла».
4
Нукха-Демис элира Ӏийсага: «Цкъа къанделла адам шолгӀа муха кхоллалур ду? Юха шен ненан кийра а ваьлла, кхоллавала-м ца веза иза?»
5
Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тӀелоцийла дац цуьнан Делан Олалла.
6
Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу.
7
Хьо цец ма вала Ас хьайга аьллачух: „Шун шолгӀа кхолладала деза“, — аьлла.
8
Делан Са мох санна ду. Иза шена луъучухула лела. Механ гӀовгӀа хеза, ткъа иза мичара богӀу а, мича боьду а ца хаьа. Иштта хуьлу хӀора а Делан Синах кхоллавелларг а».
9
«Ткъа иза муха хилало?» — хаьттира Нукха-Демис Ӏийсага.
10
Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьуо исраилхойн Ӏелам стаг воллушехь, иза а ца хаьа-кх хьуна?
11
Баккъалла а боху хьоьга, оха тхайна хуург а дуьйцу, тхайна гиначух тоьшалла а до, ткъа аша тхан и тоьшаллаш тӀе ца лоцу.
12
Ас шайга лаьттахь долчух аьлча а, шу ца тешча, стигалшкахь долчух лаьцна дийцича, муха тешар ду шу?
13
Адамех цхьа а стигалшка хьала а ца ваьлла, Адамийн КӀант бен стигалшкара охьа а ца воьссина.
14
Яьссачу аренгахь волуш Муса-пайхамаро хьаладаьккхинчу лаьхьанан суьрте терра Адамийн КӀант а ву хьалаваьккхина хила везаш,
15
Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама».
16
ХӀунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КӀант дӀаваллал дезна Далла хӀара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хӀаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама.
17
Дуьненна кхел ян ца ваийтинера Дала Шен КӀант, ткъа Цуьнгахула дуьне кӀелхьардалийтархьама ваийтинера.
18
Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КӀантах цатешарна.
19
Кху дуьнен чу Делах йолу серло яьржина, амма адамашна серлонал бода беза, шаьш до гӀуллакхаш Далла хьалха вон долу дела.
20
ХӀунда аьлча хӀора вон дечунна серло ца еза, иза серлонга а ца воьду, шен вон гӀуллакхаш гучу ца далийтархьама.
21
Ткъа Делах долчу бакъдолчуьнца вехаш верг серлонга волу, ша деш долу гӀуллакхаш Делан гӀоьнца деш хилар гайтархьама.
22
Цул тӀаьхьа Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а ЯхӀуд-махка баьхкира. Уьш цигахь, адамаш хих чекхдохуш, севцира.
23
Цу хенахь Яхьъя а вара нах хих чекхбохуш. Шалейм олучу меттигна гена йоцучу Ӏейнан-юьртахь дара иза. Цигахь алссам хи дара, цундела наха шаьш Яхьъяга хих чекхбохуьйтура,
24
хӀунда аьлча цу хенахь Яхьъя хӀинца а набахти чу воллаза вара.
25
Яхьъян мурдашна а, жуьгтийн динан куьйгалхочунна а юкъахь къовсам хилира. И къовсам баьллера хица цӀано яран хьокъехь дино тӀедиллина долчух.
26
ТӀаккха, Яхьъяна тӀе а баьхкина, цара элира: «Устаз, хьо Йорданан вукху агӀор волуш, хьоьца хилла волу, ахь Шех тоьшалла динарг а ву-кх нах хих чекхбохуш. Ткъа массо адам Цунна тӀеоьхуш ду».
27
Яхьъяс жоп делира: «Адамо хӀумма а шена тӀелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь.
28
Шу шаьш а теш дар-кх ас шуьга аьллачунна: „Со Дала леррина Къобалвинарг вац. Со Цунна хьалхара некъ кечбан ваийтина Дала“.
29
Нускал а далийначун долахь хуьлу, ткъа зудаялийначун доттагӀа а хуьлу зудаялийначунна уллохь Ӏаш, цунна хьалхара гӀуллакх а деш. Хазахетарх вуьзна хуьлу иза, зуда ялийна волу шен доттагӀа чувогӀуш, цуьнан аз хезча. И сан хазахетар хӀинца кхочушхилла.
30
Иза вазвала веза, ткъа со лахвала веза».
31
Лакхара ОхьавогӀург массарал а лакхара ву. Кху Лаьттара ваьлларг Лаьттара ву, цо Лаьттахь долчух лаьцна дуьйцу. Ткъа стигалара Веанарг массарал а лакхара ву.
32
Шена гиначух а, хезначух а тоьшалла до Цо, ткъа Цуьнан тоьшаллаш цхьаммо а тӀе ца лоцу.
33
Цуьнан тоьшаллаш тӀелаьцначо шен мухӀар тохарца чӀагӀдо Дела бакъхилар.
34
ХӀунда аьлча Ша Дала Ваийтинчо Делан дешнашца дуьйцу, Дала иза барам боццуш Шен Сих вуьзна дела.
35
Дена Шен КӀант веза. Цо массо а хӀума Шен КӀентан кара дӀаделла.
36
КӀантах тешачунна Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Ткъа КӀантана муьтӀахь ца хуьлучунна цкъа а гур дац и дахар, амма Делан оьгӀазло а йолуш ю цунна тӀехь.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21