bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 6
John 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 7 →
1
Цул тӀаьхьа Галилай-Ӏоман дехьа болчу берда тӀе вахара Ӏийса. Цу Ӏомах Тхьабара-Ӏам олу кхечу тайпана.
2
Дукха адам тӀаьхьахӀоьттира Ӏийсана, хӀунда аьлча царна гина хилла Цо цомгушчарна тӀехь йина тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш.
3
Цкъа, лам тӀе а ваьлла, цигахь Шен мурдашца Ӏаш вара Иза.
4
Ткъа тӀедогӀуш дара «Пасахь» олу деза де.
5
Юхахьаьжча, Ӏийсана гира Шена тӀаьхьахӀоьттина догӀу дукха адам. ТӀаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» — аьлла.
6
Иза Пилап зерхьама элира Ӏийсас, ткъа Цунна Шена хаьара Ша дан леринарг.
7
«Царна хӀоранна кӀез-кӀеззиг бепиг кхачийта а, ши бӀе динари ахча а тоьур дац-кх», — аьлла, жоп делира Пилапа.
8
Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамӀа-Кипин вашас Ӏандара, элира Ӏийсага:
9
«Кхузахь цхьа кӀант ву, цуьнгахь мекхан демах бина пхи хьокхам а, ши чӀара а бу. Амма цунах хӀун хир ю кху халкъана?»
10
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Охьаховшабе и нах». Иза йоккха меттиг яра, хьалаяьлла дуккха а буц а йолуш. Цу тӀе пхи эзар стаг охьахиира.
11
Ӏийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дӀакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дӀадийкъира. Иштта царна деззачул чӀерий а дийкъира.
12
Нах буьзначул тӀаьхьа, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хӀума эрна ца дайта».
13
ТӀаккха и нах яа хӀума йиъна бевлча, царах йисина йолу оцу мекхан деман пхеа баьпкан юьхкаш схьа а гулйина, мурдаша шийтта тускар дуьзира.
14
Цул тӀаьхьа, Ӏийсас йина тамашийна гӀуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХӀара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар».
15
Ткъа нах, схьа а баьхкина, Шех паччахь вархьама Ша схьалаца бохкий а хиъна, Ӏийса юха а Ша цхьаъ лам тӀе дӀавахара.
16
ТӀаккха суьйре тӀееача, Ӏийсан мурдаш Ӏам тӀе баха чубиссира.
17
Хинкеман чу а хиъна, Ӏоман вукху агӀор йолчу Къапарнам олучу гӀала баха бевлира уьш. Бода а боьллера, амма Ӏийса хӀинца а схьа ца веанера.
18
ЧӀогӀа мох баларна, хӀорд карзахбаьллера.
19
Иштта мурдаша, хӀорда тӀехула дӀабоьлхуш, пхи чаккхарма гергга некъ бира. ТӀаккха, шайн хинкеманна тӀекхоччуш волу, хин тӀехула гӀаш вогӀу Ӏийса гира царна. Уьш кхерабелира.
20
Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Со ву шуна иза! Ма кхера!»
21
Ӏийса хинкеманна чуваккха бохкуш бара мурдаш, ткъа хинкема цу сохьта хӀорш тӀебоьлхуш болчу хин йисте кхечира.
22
ШолгӀачу дийнахь Ӏоман вукху агӀор гулбеллачу нахана гира и цхьаъ бен хинкема цигахь ца хилар а, Ӏийса Шен мурдашца цу хинкеман чу ца валар а. Ткъа мурдаш, Ӏийсах дӀа а къаьстина, хинкеман чохь шаьш дӀабахара.
23
ТӀаккха Везачу Эло хастам бина, Дала беркате дина бепиг наха диинчу метте, кхин а хинкеманаш кхечира Тхьабара-гӀала олучу меттигера.
24
ТӀаккха нахана кхузахь я Ӏийса а, я Цуьнан мурдаш а цахилар гира. Уьш, Ӏийса лоьхуш, хинкеманаш чу а хевшина, Къапарнаме баьхкира.
25
Ткъа шаьш кхаьчначу Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀехь Ӏийса шайна карийча, цара элира Цуьнга: «Рабби! Хьо маца кхаьчна кхуза?»
26
Ӏийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга: Шайна тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гарна ца лоьху аша Со, ткъа шаьш бепиг а диъна дузарна лоьху.
27
Кху дуьнен чуьра телхар болчу кхачанна къа ма хьега. Амма шаьш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачош болу, Адамийн КӀанта шайна лур болу кхача лаха, хӀунда аьлча Дала Шен мухӀар таӀорца тоьшалла до Цунах».
28
ТӀаккха наха Ӏийсага хаьттира: «Муха лела деза те тхо, Далла лерина гӀуллакхаш кхочушдархьама?»
29
Ӏийсас жоп делира царна: «Далла лерина гӀуллакх кхочушдар ду Дала Ваийтинчух шу тешаш хилар».
30
ТӀаккха цара Ӏийсага элира: «ХӀун тамашийначу гӀуллакхийн билгало гойту Ахь тхуна, и ган а гина, тхо Хьайх тешийтархьама? ХӀун гойтур дара Ахь?
31
Тхан дайша яьссачу аренгахь стигалан кхача биъна, яздина ма-хиллара: „Стигалшкара доссийна бепиг делира царна даа“».
32
ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Муса-пайхамаро ца делла шуна стигалшкара охьадаийтина бепиг, амма Сан Дас луш ду и бакъдолу стигалшкара охьадоуьйту бепиг.
33
ХӀунда аьлча Делан бепиг ду, стигалшкара охьа а догӀуш, дуьненна дахар а луш долу бепиг».
34
ТӀаккха наха элира Ӏийсага: «Эла, лохьа тхуна иштта бепиг гуттар а!»
35
Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Со дахаран бепиг ду шуна. ХӀунда аьлча Суна тӀевогӀург цкъа а мацлур вац, Сох тешаш верг цкъа а хьаглур вац.
36
Амма Ас аьлла шуьга: Со шуна гушшехь, шу Сох ца теша.
37
Сан Дас Суна луш мел дерг Суна схьакхочур ду, ткъа Сайна тӀевогӀург Ас дӀаэккхор вац.
38
ХӀунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву.
39
Со Ваийтинчун иштта лаам бу: Цо Суна деллачу синойх Ас цхьа а ца дайар, амма тӀаьхьарчу дийнахь и синош Ас дендар.
40
ХӀунда аьлча Сан Ден лаам бу, хӀора а, Со КӀант хилар а гуш, Сох тешнарг Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачор. Денвийр а ву Ас иза тӀаьхьарчу дийнахь».
41
«Со стигалара охьадоьссина бепиг ду», — Ӏийсас аларна, Цунна реза боцуш, хамталлаш ян буьйлабелира яхӀудхой.
42
ТӀаккха цара хоьттура вовшашка: «Вайна девзаш долчу оцу ден-ненан, оцу Юсупан кӀант Ӏийса вац Иза? Ткъа хӀинца Цо и муха олу те: „Со стигалшкара веана“?»
43
ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Хамталлаш ма е вовшашлахь.
44
Цхьаннан а вогӀийла дац Суна тӀе, Со ваийтинчу Дас иза тӀе ца оьзча. Ткъа Аса иза денвийр ву тӀаьхьарчу дийнахь.
45
Пайхамарийн цхьана тептар тӀехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Ӏамор бу“, — аьлла. ХӀора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогӀу Суна тӀе.
46
Иза дац ша Делера воцучу цхьанна Да гина бохург. Ша Делера волчу Цунна гина Да.
47
Бакъдерг боху Ас шуьга: Тешаш волчун хир ду Дела волчохь хедар доцу дахар.
48
Со дахаран бепиг ду.
49
Шун дайша яьссачу аренгахь стигалара кхача биира, ткъа уьш белла.
50
ХӀара бепиг стигалшкара охьадогӀу, муьлхха а и диънарг ца валийтархьама.
51
Со стигалара охьадеана дахаран бепиг ду. И бепиг дуучун цкъа а хедар доцу дахар хир ду. Ткъа Ас лун долу бепиг Сан дегӀ ду, дуьненан адамийн дахарх Ас дӀалур долу».
52
ТӀаккха вовшашца къийса хӀиттира яхӀудхой. Цара бохура: «Вайга Шен дилха муха доуьйтур ду Цо?»
53
Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Нагахь аша Адамийн КӀентан дилха а ца даахь, Цуьнан цӀий а ца малахь, дахар хир дац шуна чохь.
54
Сан дилха а дууш, Сан цӀий а молуш волчун Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Иза Ас денвийр а ву тӀаьххьарчу дийнахь.
55
ХӀунда аьлча Сан дилха а бакъболу кхача санна ду, Сан цӀий а бакъдолу малар санна ду.
56
Сан дилха а дууш, Сан цӀий а молуш верг Соьца вехаш ву, ткъа Со цуьнца вехаш ву.
57
Дийна волуш волчу Дас Со ваийтарна, Со а ву Деца доьзна дахар долуш. Иштта Сох кхача бууш волчун а Соьца доьзна дахар хир ду.
58
ХӀара стигалшкара охьадеана бепиг ду. Шун дайша диъначу баьпках тера дац иза. Иза дуъушехь, уьш беллера. Ткъа хӀара бепиг дууш верг Дела волчохь даим а вехар ву».
59
И къамел дира Ӏийсас Къапарнамехь гуламан цӀа чохь, Ша нахана хьехамаш беш.
60
И хьехамаш хезначу Ӏийсан мурдех дукхахболчара элира: «Хала ду и дош. Хьаьнга ладогӀало цуьнга?»
61
Амма Шен мурдаша реза боцуш гӀам-гӀим дойла Шен даг чохь хууш волчу Ӏийсас элира: «ХӀокху дешнаша а вас йо шуна?
62
Нагахь Адамийн КӀант Ша хьалха хиллачу юхавоьрзуш шайна гича, хӀун хетар ду те шуна?
63
Делан Сино дахар ло, ткъа адаман дилханах цхьа а пайда бац. Ас шуьга аьллачу дешнашна чохь са а, дахар а доллу.
64
Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац». ХӀунда аьлча Ӏийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а.
65
ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас: «Цундела аьллера Ас шуьга, цхьа а валур вац Суна тӀе, нагахь санна Сан Дас иза цунна делла дацахь».
66
Цу хенахь дуьйна Ӏийсан дукхах болу мурдаш Цунах дӀакъаьстира, кхин Цуьнца а ца лелаш.
67
ТӀаккха Ӏийсас Шен шийтта мурде элира: «Шуна а лаьий те дӀакъаста?»
68
Ткъа ШамӀа-Кипас жоп делира Цуьнга: «Веза Эла, хьанна тӀегӀур дара тхо? Хьоьгахь ма-ду Дела волчохь хедар доцучу дахаран дешнаш.
69
Теша а тешна, Хьо Дала Вазвинарг вуй хиира тхуна».
70
Ӏийсас жоп делира царна: «Ас хаьржина вацара шу шийтта? Амма шуна юкъара цхьаъ иблис ду».
71
Цо и элира ШамӀа-Искархочун кӀантах ЯхӀудах лаьцна. ХӀунда аьлча шийттаннах цхьаъ воллушехь, цо тӀаьхьо тешнабехк бийр болуш бара Ӏийсана.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21