bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 18
John 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 19 →
1
Шен доӀа дина а ваьлла, Ӏийса Шен мурдашца Кхидрун-хин тогӀина дуьхьал агӀор йолчу беша дӀаволавелира. Цу беша бевлира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а.
2
Ткъа Ӏийсана ямартло еш волчу ЯхӀудана а евзара и меттиг, хӀунда аьлча Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а кест-кестта гуллора цигахь.
3
Иштта ЯхӀуд а веара цига, шеца римхойн тӀемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гӀаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цӀераш латийна хаьштигаш а, герз а дара.
4
Ткъа хьалххе дуьйна а Шех хин дерг хууш волчу Ӏийсас, хьалха а ваьлла, элира цаьрга: «Аша мила лоьху?»
5
Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса лоьху», — аьлла. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со ву-кх Иза». Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Ӏийсана ямартло еш волу ЯхӀуд вара.
6
Ӏийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира.
7
ТӀаккха Ӏийсас юха а хаьттира цаьрга: «Аша мила лоьху?» Цара жоп делира: «Назартера Ӏийса», — аьлла.
8
Ткъа Ӏийсас элира: «Ас элира шуьга, Со ву И, аьлла. Нагахь аша Со лехахь, хӀорш, Ӏадбитий, дӀабахийта».
9
Иштта кхочушхилира Ӏийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина».
10
ТӀаккха шегахь тур долчу ШамӀа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тӀерадаьккхира. Оцу ялхочун цӀе Малх яра.
11
Ӏийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Ӏийр вара ткъа Со?»
12
Цул тӀаьхьа тӀемалоша а, церан коьртачу хьаькамо а, динан куьйгалхоша схьабахкийтинчу гӀаролхоша а Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавихкира.
13
ТӀаккха Ӏаннина тӀевигира цара Ӏийса, Ӏанна цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбан стунда хиларна.
14
Ткъа Кайба вара динан куьйгалхошка, халкъан дуьхьа цхьа стаг валар гӀоле ю аьлла, хьехам бинарг.
15
Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина воьдуш вара ШамӀа-Кипа а, кхин цхьа мурд а. И мурд динан коьртачу дена вевзаш вара, цундела иза Ӏийсаца цхьаьна динан коьртачу ден керта чу велира.
16
Ткъа Кипа кертан кевнал арахьа лаьтташ вара. ТӀаккха оцу динан коьртачу дена вевзаш волчу вукху мурдо, ара а ваьлла, кертан кевнехь гӀарол дечу зудчуьнга а аьлла, Кипа чоьхьа ваьккхира.
17
ТӀаккха оцу кевнехь лаьттачу зуда-ялхочо Кипе элира: «Хьо а вац хӀокху Стеган мурдех?» Кипас элира: «Вац».
18
Цигахь шийла хиларна, кӀора багош, бохлуш лаьтташ леш а, гӀаролхой а бара. Цаьрца вохлуш лаьтташ Кипа а вара.
19
Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Ӏийсага.
20
Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дӀадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цӀеношкахь я Делан цӀа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хӀумма а ца дуьйцура.
21
Ахьа Соьга хӀунда хоьтту и? Хезначаьрга хатта, Аса шайга хӀун дуьйцура. Царна хаьа хьуна, Аса хӀун аьлла».
22
Ӏийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гӀаролхочо, Ӏийсан юьхь тӀе тӀара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?»
23
Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хӀума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хӀунда етта ахь?»
24
ТӀаккха Ӏийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тӀехьажийра Ӏаннас.
25
Ткъа ШамӀа-Кипа хӀинца а вохлуш лаьтташ вара. ТӀаккха элира цуьнга: «Хьо-м вац те Цуьнан мурдех?» «Вац», — аьлла, дӀахадийра Кипас.
26
Кипас лерг даьккхинчун гергара волчу, динан коьртачу ден ялхойх цхьаммо элира: «Хьо вацара Цуьнца цхьаьна бешахь суна гинарг?»
27
Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нӀаьна кхайкхира.
28
Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гӀишлона чу вигира Ӏийса. Цу хенахь Ӏуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гӀишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама.
29
ГӀишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хӀун бехк балабо аша?»
30
Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дӀавелла хир вацара оха Иза».
31
ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дӀа а эций, шайн Ӏедало ма-бохху, кхел е Цунна». Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо».
32
Иза хилира Ӏийсас Шен валар муха хир ду дӀахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама.
33
ТӀаккха Пулата, юха а гӀишло чу а вахана, Ӏийса шена тӀе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?»
34
Ӏийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?»
35
Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хӀун дина?»
36
Ӏийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хӀинца Сан пачхьалкх кхузара яц».
37
ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Хетарехь, Хьо хӀетте а Паччахь ву-кх?» Ӏийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугӀу Сан озе».
38
Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хӀун ду?» Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тӀевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хӀума ца го суна.
39
Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хӀума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргӀатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хӀара жуьгтийн къоман Паччахь дӀахеца лаьий шуна?»
40
Цара маьхьарий хьаькхира: «ХӀара ма хеца, Барраб схьахеца», — аьлла. Ткъа Барраб талорхо вара.
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21