bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 21
John 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
1
Цул тӀаьхьа Тхьабара-хӀордан йистехь Ӏийсас юха а Шен мурдашна гайтира Ша. Иштта гайтира Ӏийсас Ша цигахь.
2
Цу хенахь ШамӀа-Кипа а, ТӀама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаӀил а, Зевадин кӀентий а, Ӏийсан мурдех волу кхин шиъ а — уьш цхьаьна бара.
3
ШамӀа-Кипас элира цаьрга: «Со чӀерий леца воьду». Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догӀу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хӀумма а ца лецира.
4
Ткъа Ӏуьйре тӀейогӀучу хенахь Ӏийса бердан йисте дӀахӀоьттира, амма мурдашна ца хаьара, Иза Ӏийса вуйла.
5
Ӏийсас элира цаьрга: «ДоттагӀий, чӀерий дуй шуьгахь?» Цара жоп делира: «Дац», — аьлла.
6
Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шайн чӀерий лоцу бой хинкеманан аьтту агӀор чутаса, тӀаккха карор ду шуна чӀерий». Цара бой чутесира, тӀаккха чӀерий тӀех дукха лаьцна хиларна, и бой хьала ца яккхалора цаьрга.
7
ТӀаккха Ӏийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХӀара Веза Эла ву». Ткъа ШамӀа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гӀодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира.
8
Ткъа важа мурдаш, хинкеманна тӀехь, шайна тӀаьхьа чӀерашца йолу бой а текхош, хӀордан йисте кхечира, уьш болчуьра хӀордан йисте кхача, ши бӀе дол хиллал бен юкъ йоцу дела.
9
Мурдашна, хинкеманна тӀера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кӀоран алу а йолуш, цунна тӀехь чӀерий а, юххехь бепиг а гира.
10
Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀинца лаьцначу чӀерех цхьадерш схьада кхуза».
11
ШамӀа-Кипас, хинкеман чу ваьлла, шена чохь юьззина даккхий чӀерий долу бой хӀорд чуьра лаьтта схьаозийра. Берриг а чӀара бӀе шовзткъе кхойтта бара. Уьш оццул дукха доллушехь, чӀерий лоцу бой ца етӀира.
12
Ӏийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хӀума яа шайна». Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла.
13
Ӏийсас, тӀе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дӀаделира, тӀаккха чӀара а дӀакховдийра.
14
Веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Ӏийсас иштта кхозлагӀа а Шен мурдашна гайтира Ша.
15
Уьш яа хӀума йиина бевлча, ШамӀа-Кипе Ӏийсас элира: «Яхьъян кӀант ШамӀа! Царначул сов кӀорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТӀаккха Ӏийсас элира Кипе: «Сан Ӏахарий дажаде ахьа».
16
ТӀаккха юха шозлагӀа а элира Ӏийсас Кипе: «Яхьъян кӀант ШамӀа, кӀорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира цуьнга: «Сан уьстагӀийн Ӏу хила хьо».
17
КхозлагӀа а элира Ӏийсас: «Яхьъян кӀант ШамӀа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Ӏийсас кхозлагӀа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» — аьлла. ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира Кипе: «Сан уьстагӀий дажаде ахьа.
18
Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дӀа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо».
19
Иштта элира Ӏийсас Кипе, цо мухачу Ӏожаллица Дела вазвийр ву дӀахоуьйтуш. ТӀаккха и аьлла, Ӏийсас кхин а тӀетуьйхира: «Суна тӀаьхьахӀотта хьо».
20
Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тӀаьхьавогӀу, Ӏийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Ӏийсан некха тӀе а таьӀна Ӏийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» — аьлла волу а мурд вара иза.)
21
Иштта, и мурд гина, Кипас элира Ӏийсага: «Веза Эла, ткъа кхунах хӀун хир ду?»
22
Ӏийсас элира Кипе: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лууш хилча, хьан хӀун бала бу цуьнца? Хьо Суна тӀаьхьахӀотта».
23
Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Ӏийсас иза лийр вац ца аьллера. Ӏийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хӀун бала бу цуьнца?»
24
И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла.
25
Кхин дуккха а дара Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Схьахетарехь, царах массарех лаьцна тептарш яздинехь, хӀокху дуьнен чу а тарлур дацара уьш.
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21