bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 9
John 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 10 →
1
ТӀаккха чекхволучу Ӏийсана ша вичхьана дуьйна бӀаьрзе хилла волу цхьа стаг гира.
2
Ӏийсан мурдаша хаьттира Цуьнга: «Рабби! Хьан къа латийна дела бӀаьрзе ву те и стаг, цо ша я цуьнан дас-нанас?»
3
Ӏийсас жоп делира: «Я цо, я цуьнан дас-нанас ца латийна къа, ткъа цунна тӀехь Делан нуьцкъалаллин гӀуллакхаш гайтархьама хилла иза.
4
Де мел ду дан деза вай Со Ваийтинчо тӀедехкина гӀуллакхаш. ТӀейогӀуш буьйса ю, тӀаккха цхьаьнгге а хӀумма а далур дац.
5
Со дуьненахь мел ву, дуьненна елла серло ю Со».
6
И дешнаш аьлла, лаьтта туй а кхоьссина, цуьнца цхьа поппар бира Ӏийсас. ТӀаккха и поппар бӀаьрзечун бӀаьргех хьаькхира Цо.
7
Цул тӀаьхьа бӀаьрзечуьнга элира Ӏийсас: «Вало, нах луьйчуш болчу Шилон (иза „вахийтинарг“ бохург ду) олучу Ӏома тӀе а гӀой, хьайн юьхь йила». Цу стага, вахана, цигахь шен юьхь йилира, тӀаккха бӀаьрса а гуш, иза цӀа вирзира.
8
Лулахоша а, и стаг сагӀа доьхуш шайна гиначу наха а бохура: «ХӀара вац и, охьахиъна, сагӀа доьхуш хилларг?»
9
Цхьаболчара бохура: «И стаг ву-кх иза». Вукхара олура: «Цунах тера ву и». Ткъа цо ша элира: «Со ву иза».
10
ТӀаккха хаттарш дора цуьнга: «БӀаьргаш схьа муха беллабелира хьан?» — бохуш.
11
Цу стага дуьхьал жоп делира: «Ӏийса цӀе йолчу Стага, поппар а бина, и сан бӀаьргашна тӀе а хьаькхна, элира соьга: „Нах луьйчучу Шилон олучу Ӏома тӀе а гӀой, хьайн юьхь йила“. Аса, вахана, юьхь йилира, тӀаккха сан бӀаьргашна са гира».
12
ТӀаккха цуьнга элира: «Мичахь ву Иза?» Стага жоп делира: «Ца хаьа суна», — аьлла.
13
И хьалха бӀаьрзе хилла стаг парушхошна тӀевигира.
14
Ткъа Ӏийсас, поппар а бина, бӀаьрзениг товина де Далла лерина шоьтан де дара.
15
ТӀаккха парушхоша а хаьттира: «БӀаьрса муха деана хьуна?» — аьлла. Цу стага жоп делира: «Иштта, цхьа поппар а бина, сан бӀаьргашна тӀебиллира Цо иза. ТӀаккха ас юьхь йилира, ткъа хӀинца суна бӀаьрса го».
16
ТӀаккха парушхойх цхьаболчара элира: «Делера вац и Стаг, Цо Далла лерина шоьтан де ца лору дела». Вукхара олура: «Шена тӀехь къинош долчу стага муха гойтур ю иштта тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш?» Парушхошна юкъахь къовсамаш бевлира.
17
Юха а бӀаьрзе хиллачуьнга хаьттира: «Ахь хӀун эр ду Цунах лаьцна, хӀунда аьлча Цо хьан бӀаьргашна са ма гайтина?» Цу стага элира: «Иза пайхамар ву».
18
ТӀаккха динан куьйгалхой ца тийшира и стаг, хьалха бӀаьрзе а хилла, хӀинца цуьнан бӀаьргашна са гуш хиларх. Цундела цу стеган дай-наний шайна тӀекхайкхира цара.
19
Парушхоша хаьттира цаьрга: «ХӀара вуй аша вичхьана а бӀаьрзе хилла ву боху шун кӀант? Ткъа хӀинца бӀаьрса муха го цунна?»
20
Цу дас-нанас, жоп луш, элира цаьрга: «Тхуна хӀара кӀант тхайн вуй хаьа, иза веш дуьйна а бӀаьрзе хилла хилар а хаьа.
21
Ткъа хӀинца цунна бӀаьрса муха го а ца хаьа тхуна, я цунна са Гайтинарг мила ву а ца хаьа. ХӀара ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цо ша дийца деза-кх шех лаьцна».
22
Иштта жоп делира цуьнан дас-нанас, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна. ХӀунда аьлча куьйгалхоша барт бинера, нагахь хьаъа а Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла ларахь, иза гуламан цӀийнах дӀакъасто.
23
Цундела элира цу стеган дас-нанас: «Иза ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цуьнга шега хатта аша», — аьлла.
24
ТӀаккха, шозлагӀа а и бӀаьрзе хилларг схьа а кхайкхина, цара элира цуьнга: «Тхуна-м хаьа и Стаг къинош долуш вуй. Ткъа ахьа Далла хьалха бакъдерг алал».
25
Цу бӀаьрзе хиллачо элира, царна жоп луш: «И Стаг къинош долуш ву я вац-м ца хаьа суна. Цхьа хӀума-м хаьа суна: Со хӀинццалц бӀаьрзе хилла хилар а, ткъа хӀинца суна са гуш хилар а».
26
Юха а хаьттира цара цу стаге: «ХӀун дира Цо хьуна? Хьан бӀаьргаш дӀа муха диллира Цо?» — аьлла.
27
БӀаьрзе хиллачо жоп делира царна: «Ас дийцира шуна, амма аша ла ца дуьйгӀира. ХӀинца юха а хаза хӀунда лаьа шуна? Шу-м дац те Цуьнан мурдаш хила лууш?»
28
ТӀаккха, иза човха а веш, парушхоша элира: «Хьо ву-кх цу Стеган мурд, ткъа тхо-м Муса-пайхамаран мурдаш ду.
29
Тхуна хаьа Дала къамел динарг Муса-пайхамар хиллий, ткъа ХӀара-м мичара ву а ца хаьа тхуна».
30
Цу стага, жоп луш, элира цаьрга: «И ду-кх тамашийна хӀума, шуна Иза мичара ву цахаар. Ткъа Цо-м сан бӀаьргаш дӀа ма биллина.
31
Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугӀий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугӀу.
32
ХӀара дуьне кхоьллинчхьана а дуьйцу ца хезна-кх, цхьаммо а веш дуьйна бӀаьрзе хиллачу стеган бӀаьргашна са гайтийтина бохуш.
33
Нагахь Иза Делера Стаг вацахьара, Цуьнга хӀумма а далур а дацара».
34
Ткъа динан куьйгалхоша цуьнга жоп делира: «Хьо-х верриг а къинош юкъахь вина ву. Ахь хьоьхур дара тхуна?» Иза а аьлла, гуламан цӀийнах дӀакъастийра цара и стаг.
35
И стаг гуламан цӀийнах дӀакъастийнийла а хиъна, иза схьа а лехна, Ӏийсас элира цуьнга: «Теший хьо Адамийн КӀантах?»
36
Цу стага, жоп луш, элира: «Эла, Мила ву те Иза, со Цунах тешаш хила?»
37
Ӏийсас элира цуьнга: «Хьуна Иза ган а гина, хӀинца хьоьца къамел Дийриг а Иза ву».
38
ТӀаккха бӀаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Ӏийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг.
39
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со кху дуьнен чу адамаш декъадалийта веана ву. БӀаьрзе болчарна са гайта а, ткъа бӀаьрса долуш берш бӀаьрзе бан а веана».
40
Ӏийсаца хиллачу парушхоша, Цо аьлларг а хезна, элира Цуьнга: «Тхо а ду те бӀаьрзе?»
41
Ӏийсас элира цаьрга: «Нагахь шу бӀаьрзе делахьара, шуна тӀехь бехк хир бацара. Ткъа хӀинца аш боху: „Тхуна са го“, — цундела шун бехк шуна шайна тӀехь буьсу».
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21