bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 11
John 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 12 →
1
Бет-ХӀина олучу юьртахь Ӏаш вара, ЛаӀзар цӀе а йолуш, цхьа хьенех. Иза чӀогӀа цомгуш вара. И Бет-ХӀина олу юрт яра Марем а, цуьнан йиша Марта а ехаш йолу меттиг.
2
Ткъа и Марем яра, Везачу Элана тӀе хаза хьожа йогӀу деза даьтта а доьттина, Цуьнан когаш шен коьртан месашца бакъон берг. Ткъа и цомгушниг Мареман ваша ЛаӀзар вара.
3
Цу йижарша хабар дахьийтира Ӏийсана тӀе: «Эла, хӀара Хьуна везаш верг цомгуш ву», — аьлла.
4
И хаам Шена хезча, Ӏийсас элира: «И цамгар Ӏожаллина яц, амма цуьнгахула Делан КӀентан сийлалла гайтархьама ю».
5
Ӏийсана езара Марта а, цуьнан йиша а, ЛаӀзар а.
6
Ткъа ЛаӀзар цомгуш ву аьлла Шена хезна доллушехь, кхин а ши де даьккхира Ӏийсас оцу Ша волчу меттехь.
7
Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Юха а ЯхӀуд-махка гӀо вай».
8
Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Рабби! Дукха хан ма яц яхӀудхоша Хьуна тӀулгаш детта дагахь Хьо лехна. Ткъа Хьо юха а ваха воллу?»
9
Ӏийсас жоп делира: «Шийтта сахьт дац денна чохь? Дийнахь лелаш верг гал ца волу, хӀунда аьлча цунна кху дуьненан серло го.
10
Амма буьйсанна лелаш верг галволу, хӀунда аьлча цуьнца серло ца хуьлу».
11
Иза а аьлла, юха а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Вайн доттагӀа ЛаӀзар наб еш ву, ткъа Со иза самаваккха воьду».
12
Мурдаша элира Цуьнга: «Эла! Нагахь цунна наб кхеттехь, толур ма ву иза».
13
Амма Ӏийсас ЛаӀзаран валарх дуьйцура, ткъа мурдашна моьттура Ӏийсас ЛаӀзарна наб кхетта боху.
14
ТӀаккха Ӏийсас дуьххьал дӀаэлира цаьрга: «ЛаӀзар дӀакхелхина.
15
Ткъа цигахь цахиларна воккхавеш ву Со шун дуьхьа, шу Сох тешийтархьама. Ткъа хӀинца гӀо вай и волчу».
16
ТӀаккха ТӀамас, шех Шалавинарг олуш волчо, элира вукху мурдашка: «Вай а доьлху цига, Цуьнца цхьаьна далархьама».
17
Схьакхаьчначу Ӏийсана диъ де хьалха дуьйна къуббанна чохь Ӏуьллуш карийра ЛаӀзар.
18
Бет-ХӀина олучу гӀалина а, Ярушалаймана а юкъахь кхо чаккхарма хиллал некъ бара.
19
Дукха яхӀудхой баьхкинера Мартина а, Маремна а тӀе церан ваша ЛаӀзар кхалхар бахьана долуш кадам бан.
20
Ӏийса вогӀуш ву аьлла хезна, Марта Цунна дуьхьалъяхара. Ткъа Марем цӀахь йисира.
21
ТӀекхаьчча, Мартас Ӏийсага элира: «Эла, нагахь Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша.
22
Амма суна хӀинца а хаьа-кх Ахь Деле мел дехнарг Дала Хьуна лург хилар».
23
Ткъа Ӏийсас элира цуьнга: «Денлур ву хьан ваша».
24
Мартас элира Ӏийсага: «Нах денлур болчу тӀаьхьарчу дийнахь иза а денлур вуй хаьа суна».
25
Ӏийсас элира цуьнга: «Со ву адамаш ден Дийриг а, адамашна дахар Лург а. Сох тешаш волчун, нагахь и велча а, цкъа а хедар доцу дахар хир ду.
26
Муьлхха а, и хедар доцу дахар а долуш, Сох тешаш верг цкъа а лийр вац. Теший хьо оцунах?»
27
Мартас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КӀант а вуйла».
28
Иза а аьлла, яхана шен йиша Марем схьа а кхайкхина, цуьнга къайлаха элира Мартас: «Устаз кхузахь ву, Хьоьга кхойкху Цо».
29
И хезча, Марем, сихха хьала а гӀаьттина, Ӏийсана тӀеяхара.
30
Ӏийса хӀинца а юьрта чу кхачаза вара. Иза хӀинца а Марта Шена дуьхьалкхетта хиллачу меттехь лаьтташ вара.
31
ТӀаккха Марем, сихха хьала а гӀаьттина, араяьлча, цунна синтем беш баьхкина болчу яхӀудхошна иза къуббанна тӀейоьдуш ю моьттира, цигахь елхархьама. Уьш Маремана тӀаьххье бахара.
32
Ткъа Марема, Ӏийса волчу дӀакхаьчча, Иза а гина, Цуьнан когашка а йоьжна, элира: «Эла! Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша».
33
Йоьлху Марем а, боьлху цуьнца баьхкина яхӀудхой а гина, са карзахдаьлла, дог доьхна вара Ӏийса.
34
Ӏийсас элира: «Мичахь охьавиллина аша иза?» Цара жоп делира: «ГӀой, хьажахь, Эла!»
35
Ӏийсан бӀаьргех хиш деара.
36
ТӀаккха яхӀудхоша бохура: «Ма везаш хилла Цунна иза!»
37
Амма яхӀудхойх цхьаболчара бохура: «Оцу бӀаьрзечу стеган бӀаьргаш схьабиллинчу Кхуьнан хӀара стаг ца валийта а ницкъ ца кхечира те?»
38
Ӏийса, юха а Шен дог доьхна а волуш, къуббанна тӀевеара. Иза хьех яра, дуьхьал биллина тӀулг а болуш.
39
ТӀаккха Ӏийсас элира: «ДӀакарчабе и дуьхьалара тӀулг». Веллачун йишас Мартас элира Ӏийсага: «Эла! Вон хьожа йогӀу цунах, хӀара доьалгӀа де ма ду иза дӀавоьллина».
40
Ӏийсас элира цуьнга: «Хьоьга ца аьлла Аса, нагахь хьо тешахь, Делан сийлалла гур ю хьуна?»
41
ТӀаккха тӀулг дӀакарчийра. Ткъа Ӏийсас, бӀаьргаш хьала а хьажийна, элира: «Дада! Баркалла боху Ас Хьуна, Со Хьуна дӀахазарна.
42
Суна-м хаьара, Хьуна гуттара а Со дӀахезий. Амма кху гонах лаьттачу нехан дуьхьа элира Ас иза, Со Ахь ваийтина хиларх уьш тешийтархьама».
43
Иза а аьлла, Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «ЛаӀзар! Аравала!» — аьлла.
44
ТӀаккха и велла хилларг, куьйгех а, когех а йихкина кисин асанаш а йолуш, дӀахьарчийна корта а болуш, къуббанна чуьра аравелира. Ӏийсас элира цаьрга: «ДӀа а вастий, дӀавахийта иза».
45
ТӀаккха Марем йолчу баьхкинчу яхӀудхойх дукхахберш, Ӏийсас динарг а гина, тийшира Цунах.
46
Ткъа царах цхьаберш парушхошна тӀебахара. Ӏийсас динарг дийцира цара парушхошка.
47
ТӀаккха динан коьртачу дайша а, парушхоша а, коьртачу кхеташо а гулйина, элира: «ХӀун дийр дара те вай? ХӀунда аьлча хӀокху Стага дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш ма гойту?
48
Нагахь вай Иза иштта витахь, массо а нах Цунах тешар бу. ТӀаккха, римхой а баьхкина, цара вайн Делан цӀа а, вайн халкъ а хӀаллакдийр ду».
49
Царах цхьаммо, цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбас, элира: «Шуна хӀумма а ца хаьа,
50
я шу кхета а ца кхета шайна гӀоле йолчух. И цхьа стаг массо а халкъан дуьхьа валар гӀоле ю, дерриг халкъ хӀаллакьхуьлучул».
51
Иза Кайбас ша-шегара ца элира. Амма ша цу шарахь динан коьрта да хиларна, цо Делера болу хаам бовзуьйтуш, аьллера, Ӏийса вайн халкъан дуьхьа лийр ву аьлла.
52
Амма халкъан дуьхьа хилла а ца Ӏаш, дӀасадаьржина долу массо а Делан бераш схьа а гулдина, уьш цхьаьнатохархьама а хила дезаш дара иза.
53
Цу дийнахь дуьйна Ӏийса вен сацам бира цара.
54
Цундела Ӏийсас Ша яхӀудхошна юкъахь лелаш ца гойтура. Цигара дӀа а ваьлла, яьссачу аренна гергахьа болчу махка вахара Ӏийса. Цигахь Эпрам олучу юьртахь сецира Иза Шен мурдашца.
55
Ткъа тӀедан герга дара жуьгтийн Пасахь олу деза де. И деза де тӀекхачале, оцу махкара дукха адам деара Ярушалайме, дино ма-бохху цӀандалархьама.
56
Цу адамаша Делан цӀийнан кертахь Ӏийса лоьхура. Цигахь шаьш лаьтташ, наха вовшашка хоьттура: «Шуна муха хета? ВогӀур-м вац те Иза кху дезачу дийнахь?»
57
Ткъа динан коьртачу дайша а, парушхоша а нахе омра дира, нагахь цхьанна Ӏийса мичахь ву хаалахь, И волу меттиг схьайийца аьлла, Иза лацархьама.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21