bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 20
John 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 21 →
1
Ткъа кӀирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀакарчийна гира Маремана.
2
ТӀаккха Марем, едда, Кипина а, Ӏийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тӀееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дӀаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа».
3
ТӀаккха Кипа а, и важа мурд а, ара а ваьлла, къубба йолчу вахара.
4
И шиъ цхьаьна ведира, амма важа мурд, сихо ведда, Кипел хьалха а ваьлла, къубба йолчу хьалха кхечира.
5
ТӀаккха охьатаьӀначу мурдана Ӏохкуш кӀадинан кескаш гира, амма иза цу чу ца велира.
6
Цул тӀаьхьа ШамӀа-Кипа а схьакхечира цу мурдана тӀаьххье. Къуббанна чуваьллачу Кипина а гира Ӏохкуш йолу еккъа кӀадинан кескаш.
7
Ӏийсан коьртах хьарчийна хилла долу йовлакх, цу кескашца а доцуш, хьарчийна ма-хиллара, къаьсттина, кхечу меттехь Ӏуьллуш дара.
8
Цу хенахь хьалхаваьлла схьакхаьчна волу важа мурд а къуббанна чувелира. Иза, и дерриг ган а гина, тийшира.
9
ХӀунда аьлча уьш хӀинца а Делан Йозанаш тӀехь яздина долчу Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвала везарх ца кхетара.
10
Иштта мурдаш юхабирзира.
11
Ткъа Марем къуббанна уллохь йоьлхуш лаьттара. Йоьлхуш йолу иза къуббанна тӀе охьатаьӀира.
12
Цу хенахь Маремана, тӀехь кӀайн хӀуманаш а йолуш, хиъна Ӏаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Ӏийса охьавиллина хиллачу меттехь.
13
ТӀаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хӀунда йоьлху?» Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дӀа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со».
14
И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Ӏийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Ӏийса вуйла.
15
Ӏийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хӀунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?» Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дӀаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара».
16
Ӏийсас элира цуьнга: «Марем!» Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду).
17
ТӀаккха Ӏийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хӀунда аьлча Со хӀинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тӀе а гӀой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тӀе а, Сайн Далла а, шун Далла а тӀе хьалаволу Со“».
18
ТӀаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дӀахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а.
19
Оцу кӀирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неӀ дӀакъевлина уьш Ӏаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дӀа а хӀоьттина, Ӏийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!»
20
И аьлла, Шен куьйгаш а, агӀо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чӀогӀа хазахеттера мурдашна.
21
ТӀаккха юха а элира Ӏийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!»
22
И аьлла, Ӏаь а тоьхна, Ӏийсас элира: «ДӀаэца Делан Са.
23
Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тӀера дӀадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тӀехь дуьсур ду».
24
Ткъа оцу шийттаннах цхьаъ, шех Шалавинарг олуш волу ТӀама, Ӏийса веанчу хенахь мурдашца вацара.
25
ТӀаьхьа оцу мурдаша ТӀамига элира: «Тхуна Веза Эла гира». Ткъа ТӀамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тӀехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агӀонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хӀуъа хилча а, тешар вац со».
26
Цул тӀаьхьа кӀира даьлча, мурдаш юха а, гулбелла, Ӏаш бара цӀа чохь. ТӀама а вара цаьрца. НеӀ дӀакъевлина а йолуш, Ӏийсас, цӀа чу а веана, юккъе дӀа а хӀоьттина, элира цаьрга: «Машар хуьлда шуьца!»
27
ТӀаккха ТӀамига Ӏийсас элира: «Хьайн пӀелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агӀонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила».
28
ТӀамас, жоп луш, элира Ӏийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»
29
Ӏийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш».
30
Кхин дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дира Ӏийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тӀехь яздина а доцу.
31
Ткъа хӀорш яздина Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КӀант хиларх шу тешийтархьама а, тӀаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цӀарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21