bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 7
John 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 8 →
1
Цул тӀаьхьа Галилай-махкахула лелаш вара Ӏийса. ЯхӀуд-махкахула лела ца лаьара Цунна, цигара динан куьйгалхоша Ша вен лоьхий хууш.
2
ТӀедогӀуш дара Кхалорийн деза денош.
3
ТӀаккха Ӏийсан вежарша элира Цуьнга: «Кхузара дӀа а валий, ЯхӀуд-махка гӀохьа, Айхьа деш долу гӀуллакхаш Хьайн мурдашна а гайтархьама.
4
ХӀунда аьлча ша гӀаравала лууш волчу цхьаммо а ша деш долу цхьа а гӀуллакх къайлаха ца до. Нагахь Айхьа иштта гӀуллакхаш деш хилча, дуьненна а Хьо вовзийта».
5
ХӀунда аьлча Ӏийсан вежарий а бацара Цунах тешаш.
6
Цунна дуьхьал Ӏийсас элира цаьрга: «Сан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчна, ткъа шун хан гуттара а ю.
7
Кху дуьненна шу ца деза бахьана дац. Ткъа Со ца веза адамашна, Ас церан гӀуллакхаш зуламе ду аьлла, тоьшалла до дела.
8
Шу гӀо шайна и деза де даздан. Сан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчна дела, Со ца воьду цига».
9
Цаьрга иза а аьлла, Ӏийса Галилайхь висира.
10
Амма Шен вежарий и деза де даздан дӀабахча, Ӏийса а вахара цига, Ша ца гойтуш, къайлаха.
11
Цу дезачу дийнахь динан куьйгалхой Иза лоьхуш бара. Цара хоьттура: «Мичахь ву Иза?» — бохуш.
12
Нахана юкъахь дукха хабарш дара Ӏийсах лаьцна хезаш. Цхьаболчара: «Иза дика стаг ву», — олура, ткъа кхечара: «ХӀан-хӀа вац, Цо нах лебо», — олура.
13
Делахь а динан куьйгалхойх шаьш кхерарна, цхьаммо а къайлаха бен ца дуьйцура Цунах лаьцна.
14
Амма деза денош юккъе дахханчу хенахь Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, хьехамаш бира.
15
Динан куьйгалхой цецбуьйлура: «Иза цхьанхьа а доьшуш ма ца гора, оццул хӀума муха хаьа Цунна?» — бохуш.
16
Ӏийсас, царна жоп луш, элира: «Ас бо хьехам Сан бац, ткъа Со Ваийтинчун хьехам бу.
17
Цуьнан лаам кхочушбан луучунна хуур ду кху хьехамах лаьцна, Делера ду те иза, я Ас Сайгара боху те.
18
Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц.
19
Муса-пайхамаро ца белла шуна товрат-хьехам? Ткъа шух цхьа а цу хьехамо ма-бохху ца лела. ХӀунда лоьху аш Со вен дагахь?»
20
Наха жоп делира: «Жин-м дац Хьуна чохь? Мила ву Хьо вен лоьхург?»
21
Ӏийсас, кхин дӀа а къамел деш, элира цаьрга: «Цхьа гӀуллакх дира Ас, ткъа шу дерриш а цецдуьйлу.
22
Муса-пайхамаро сунтдар тӀедожийна шуна, (иза цуьнгара а доцуш, дайшкара схьадаьлла дара). Ткъа аша Далла леринчу шоьтан дийнахь а сунтдо бераш.
23
Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгӀазло хӀунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла?
24
Адамна тӀехьаьжна ма е кхел, ткъа кхел бакъонца е».
25
Кхузахь болчу ярушалаймхойх цхьаболчара бохура: «ХӀара-м вац те вен лоьхург?
26
ХӀинца ХӀокхо, лечкъа ца деш, дерриг ма-дарра схьа ма дуьйцу, хӀетте а Кхунна дуьхьал цхьаммо а хӀума ма ца олу. Билггала ХӀара Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, тешна бу те куьйгалхой?
27
Амма вайна ХӀара мичара схьавеана хаьа. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг схьавеача, цхьанна а хуур дац, Иза мичара ву».
28
ТӀаккха Ӏийсас, аз а айдина, Делан цӀийнан кертахь хьехамаш а беш, дӀакхайкхийра: «Со а вевза шуна, Со мичара ву а хаьа шуна. Ткъа Со Сайгара веана вац. Со Ваийтинарг шуна ца вевза, Иза билггал бакъ воллушехь.
29
Суна вевза Иза, Со Цунах схьаваьлла дела а, Цо Со ваийтина дела а».
30
Ӏийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тӀе куьг ца кховдийра, хӀунда аьлча Цуьнан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчнера.
31
Ткъа тобанна юкъара дукхах болу нах тийшира Цунах. Цара бохура: «Дала леррина Къобалвинарг веача, Цо ХӀокхо гайтинчул сов гойтур юй те тамашийна билгалонаш?»
32
ТӀаккха парушхошна Ӏийсах лаьцна дуьйцу иштта хабарш хезира тобанна юкъахь. Динан коьртачу дайша а, парушхоша а гӀаролхой бахийтира Ӏийса схьалацийтархьама.
33
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Кхин а кӀеззигчу хенахь Ӏийр ву Со шуьца, цул тӀаьхьа Со Ваийтинчунна тӀе гӀур ву Со.
34
Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна Со, ткъа Со хир волчу метте шу дахкалур дац».
35
ТӀаккха динан куьйгалхоша вовшашка элира: «Вайна карор а воцучу, стенга ваха воллу те Иза? Вайн махкара дӀа а бахана, грекахойн меттигашкахь Ӏаш болчу нахана тӀеваха-м ца воллу те Иза? Цигарчу нахана хьехам бан лаьий те Цунна?
36
ХӀун маьӀна ду те Цо аьллачу дешнийн: „Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна, ткъа Со волчу метте шу дахкалур дац“?»
37
Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тӀаьххьарчу дийнахь Ӏийсас, дӀа а хӀоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тӀе а дуьйлий, мала шайна.
38
Сох тешначун, Делан Йозанашна тӀехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду».
39
Иза Цо элира Шех тешаш болчара тӀеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хӀинца а Делан Са дацара, хӀунда аьлча Ӏийса Дас сийлалла даза вара.
40
И дешнаш шайна хезча, нахах цхьаболчара олура: «Иза билггал ван веза пайхамар ву-кх».
41
Вукхара олура: «Иза Дала леррина Къобалвинарг ву». Кхечара: «Галилай-махкара вогӀур ву ткъа Дала леррина Къобалвинарг?» — олура.
42
«Делан Йозанаш тӀехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гӀалара а волуш, Даудан хӀух хир ву?»
43
ТӀаккха Ӏийса бахьана долуш адамийн тоба шина декъе екъаелира.
44
Царах цхьаберш Ӏийса схьалаца лууш бара, амма цхьаммо а Цунна тӀе куьг ца кховдийра.
45
Иштта и бахана болу гӀаролхой, юха а бирзина, динан коьртачу дайшна а, парушхошна а хьалха тӀебаьхкира. Вукхара хаьттира: «Схьа хӀунда ца валийна аша Иза?»
46
Ткъа гӀаролхоша жоп делира: «ХӀинццалц цхьанна а стага ца дина-кх цу Стага динарг санна къамел».
47
ТӀаккха парушхоша элира: «Шу а Ӏеха-м ца дина те Цо? — аьлла. —
48
Куьйгалхойх я парушхойх цхьа а гиний шуна Цунах тешна?
49
Амма оцу тобанна товрат-хьехам ца бевза, цундела Делан неӀалт ду царна тӀехь».
50
ТӀаккха парушхойх волчу цхьаммо, хьалха Ӏийсана тӀевогӀуш хиллачу Нукха-Демис, элира:
51
«Вайн товрат-хьехамо стаге ла а догӀале, цо хӀун леладо а хаале, кхел йо боху ткъа?»
52
ТӀаккха парушхоша Нукха-Демига жоп делира: «Хьо-м вац те Галилай-махкара? Талла а таллий, хьажа, тӀаккха хуур ду хьуна, цхьа а пайхамар Галилай-махкара ца вогӀий».
53
ТӀаккха хӀора а шен-шен цӀа дӀавахара.
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21