bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 2
John 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 3 →
1
ТӀаккха кхоалгӀачу дийнахь Галилай-махкара Кхана-юьртахь зуда ялош хӀоттийна той дара. Ӏийсан нана а яра цигахь.
2
Цига кхайкхина бара Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а.
3
ТӀаккха, той дӀа а дохале, чагӀар чекхдолу а гина, Ӏийсан нанас элира Цуьнга: «ЧагӀар чекхдели-кх кхеран».
4
Ткъа Ӏийсас элира: «Нана, Суна тӀе хӀунда дуьллу ахьа и гӀуллакх? Сан хан хӀинца а тӀееана яц».
5
ТӀаккха ялхошка нанас элира: «Цо шайга де аьлларг дерриг а де».
6
Цигахь лаьтташ тӀулгах йина ялх кхаба яра. Цу кхабанаш чу иттех-пхийттех саьхьан барам хиллал хи тарлора. Жуьгташа куьйгийн цӀанонна а, юург лелочу пхьегӀашна а лелош дара и хи.
7
Ӏийсас ялхошка элира: «И кхабанаш хих юза». Цара уьш тӀеххалц хих юьзира.
8
ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас цаьрга: «Кхаби чуьра чагӀар а доттий, иза той дӀакхоьхьуш волчуьнга кховдаде». Ялхоша чагӀар тӀедаьхьира.
9
Той дӀахьочо чагӀарх чам баьккхира. Ткъа и чагӀар хих даьккхина дуй ялхошна бен ца хаьара. ТӀаккха той дӀахьочо зудаялийнарг шена тӀекхайкхира.
10
Зудаялийначуьнга цо элира: «Массара а хьалха дика чагӀар ло мала, ткъа нах бехначул тӀаьхьа вониг ло. Ахь дика чагӀар хӀинццалц ма-латтийна?»
11
Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дӀадолийра Ӏийсас тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тӀаккха тийшира Ӏийсах Цуьнан мурдаш.
12
Цул тӀаьхьа Ӏийса Къапарнаме веара. Цуьнан нана а, Цуьнан вежарий а, Цуьнан мурдаш а баьхкира Цуьнца цига. Масех де даьккхира цара цигахь.
13
«Пасахь» олу жуьгтийн деза де тӀедогӀуш дара. ТӀаккха Ӏийса Ярушалайме веара.
14
Делан цӀийнан керта веача, цигахь Ӏийсана гира стерчий а, уьстагӀий а, кхокхарчий а духкуш берш. Ахчанаш хуьйцуш берш а бара цу кертахь хиъна Ӏаш.
15
ТӀаккха тӀийрагех муш а бина, уьш массо а аралаьхкира Ӏийсас шайн уьстагӀашца а, стерчашца а. ГӀопастанаш дӀа а карчийна, ахча хуьйцучеран ахчанаш а охьаэгийра Цо.
16
Кхокхарчий духкучаьрга а элира Ӏийсас: «ДӀадаха хӀорш кхузара! Ма диэ Сан Ден цӀийнах йохкаэцаран цӀа!»
17
ТӀаккха Ӏийсан мурдашна Делан Йозанаш тӀехь яздинарг дагадеара: «Хьан цӀийне болчу хьагамо Сан кийра багабо».
18
Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Ӏийсага: «Иштта хӀума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хӀун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?»
19
Ӏийсас жоп делира царна: «Аш хӀара Делан цӀа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дӀахӀоттор ду иза», — аьлла.
20
ТӀаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХӀара Делан цӀа шовзткъе ялх шарахь дина дӀахӀоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дӀахӀоттор ду иза?»
21
Амма Ӏийсас Делан цӀийнах лаьцна бохург Шен дегӀах лаьцна бохург дара.
22
Ӏийса веллачуьра денвича, Цуьнан мурдашна Цо аьлла и дешнаш дагадеара. ТӀаккха тийшира уьш Делан Йозанех а, Ӏийсан дашах а.
23
Пасахьан дезачу дийнахь, Ӏийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах.
24
Амма Ӏийсас Ша цхьанна а кӀорггера ца вовзуьйтура, хӀунда аьлча Цунна уьш берриш бевзаш а бара, церан дегнаш гуш а дара.
25
Цундела Ӏийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21