bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
John 16
John 16
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 17 →
1
«ХӀара элира Ас шуьга, шу тешар тӀера юха ца довлийтархьама.
2
Гуламан цӀенойх дӀакъастор ду шу. Цул сов, тӀекхочуш ю и зама, муьлххачунна а, шух цхьаъ ша вийча, ша Далла гӀуллакх до моьттуш.
3
И гӀуллакхаш лелор ду цара, шайна я Да а, я Со а ца вевзина дела.
4
ХӀара элира Ас шуьга, и зама тӀееача, шуна дагадаийтархьама оцу дерригенах лаьцна Ас шайга аьлларг». «ХӀинццалц ца аьллера Ас шуьга иза, Со шуьца цхьаьна хилла дела.
5
Ткъа хӀинца Со Ваийтинчунна тӀевоьду Со. Шух цхьаммо а ца хотту Соьга: „Хьо стенга воьду?“
6
Амма Аса шайга и дӀахаийтарна, шун дегнаш гӀайгӀанах дуьзна ду.
7
Ткъа Аса бакъдерг боху шуьга: „Со дӀавахар гӀоле ю шуна“. Нагахь Со дӀа ца вахча, шуна гӀо Дийриг вогӀур вац, ткъа Со дӀавахча, воуьйтур ву Ас Иза шуна.
8
Ша веача, Цо гучудоккхур ду дуьненна цуьнан къинойх а, бакъонцалеларх а, кхелах а лаьцна йолчу агӀор дуьне тиладалар.
9
Цо гойтур ду дуьнено Сох цатешарна латийна къа.
10
ТӀаккха Цо гойтур ду дуьне бакъонца цалелар, хӀунда аьлча Со Дена тӀе гӀур ву. Со кхин гур вац шуна.
11
Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хӀунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина.
12
Кхин дуккха а дара Сан шуьга ала, амма цкъа хӀинца кхетар дац шу.
13
Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хӀунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тӀейогӀучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна.
14
Цо Сан сийлалла ойур ю, хӀунда аьлча Соьгарчух дӀа а эцна, Цо довзуьйтур ду шуна иза.
15
Ден мел долу хӀума а Сан ду. Цундела элира Ас, Цо, Соьгарчух дӀа а эцна, шуна довзуьйтур ду иза аьлла».
16
«Кестта Со гур вац шуна. ТӀаккха юха а кестта гур ву шуна Со».
17
ТӀаккха цхьаболчу мурдаша вовшашка элира: «И хӀун ду те Цо вайга бохург: „Кестта Со гур вац шуна, юха а кестта Со гур ву шуна?“ Кхин а: „Со Сайн Да волчу воьду“?»
18
Иштта цара бохура: «И хӀун ду те Кхо бохург: „Кестта“? Ца кхета-кх вай Кхо бохучух».
19
Ткъа Ӏийса кхийтира, Шега уьш хӀун хатта лууш бу. ТӀаккха Цо мурдашка элира: «Ас шайга аьлларг хӀун ду те бохуш, вовшашка хоьттуш ду шу: „Кестта Со гур вац шуна, тӀаккха юха а кестта гур ву шуна“?
20
Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду.
21
Бер деш йолу зуда хуьлу гӀайгӀане, шен бер до хан тӀекхаьчна дела, ткъа шен бер хилла даьлча, хазахетарна и гӀайгӀа йицло цунна, ша адам дуьнен чу даккхарна.
22
Иштта шу а хӀинца гӀайгӀане ду, амма Суна юха гур ду шу, тӀаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дӀадоккхур дац шуьгара.
23
ТӀаккха цу дийнахь хӀумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цӀарах цхьа хӀума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна.
24
ХӀинццалц хӀумма а ца дехнера аша Сан цӀарах. Ткъа хӀинца деха, лур ду шуна, шун хазахетар дуьззина хилийтархьама».
25
«ХӀара кицанашца элира Ас шуьга. Амма тӀейогӀуш ю и зама, Ас шуьга кхин кицанашца а ца дуьйцуш, ма-дарра Сайн Дех лаьцна шуна дӀакхайкхош.
26
Цу дийнахь шаьш доьхур ду аша Сан цӀарах. Ас ца боху шуьга, шун метта Ас деха дезар ду Дега.
27
ХӀунда аьлча Дена Шена а деза шу, шуна Со везна дела а, Со Дех схьаваьлла хиларх шу тешна дела а.
28
Дех схьа а ваьлла, дуьнен чу веанера Со, ткъа хӀинца, юха а хӀара дуьне дитина, Дена тӀевоьду Со».
29
ТӀаккха Ӏийсан мурдаша элира: «ХӀаъ, хӀинца-м тхо кхетадеш схьабоху Ахь тхоьга, кицанашца а ца дуьйцуш.
30
ХӀинца кхета тхо Хьуна дерриг хаьий, цхьаммо хаттарш а дале, уьш Хьуна девзий. Цундела теша тхо Хьо Делера схьаваьлла хиларх».
31
Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀинца теша шу?
32
Ткъа хӀинца тӀекхоччуш лаьтта, тӀекхаьчна а даьлла и сахьт, шу дерриш а дӀаса а даьржина, хӀора а шайн-шайн цӀа а вирзина, Со цхьа а вуьтуш. Амма Со цхьа вац, Соьца Сан Да волу дела.
33
ХӀара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гӀайгӀа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».
← Chapter 15
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 17 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21