bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 1
Joshua 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 2 →
1
Шен ялхо Муса кхелхинчул тӀаьхьа Везачу Эло Мусан гӀоьнча хилла волчу Нунин кӀанте ЮшаӀе элира:
2
«Сан ялхо Муса кхелхина. ХӀинца хьо а, дерриг а хӀара халкъ а, хьала а гӀаттий, Йордан-хил дехьадала, Ас шуна, исраилхошна, лучу лаьтта тӀе.
3
Шун ког тӀебер болу муьлхха а меттиг Ас дӀало шуна, Мусага Айса ма-аллара.
4
Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тӀера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тӀекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тӀера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хӀорда тӀекхаччалц хир ду.
5
Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дӀа а тосур вац Ас.
6
ЧӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила. ХӀокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь.
7
ЧӀогӀа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Ӏалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тӀера аьтту а, аьрру а агӀор ма верза, тӀаккха айхьа дечу муьлххачу а гӀуллакха тӀехь ларош хир ву хьо.
8
Деша хӀара хьехаман тептар массо а хенахь. Дийнахь а, буса а Ӏамаде иза, кху тӀехь яздинарг нийсса кхочушдархьама. ТӀаккха айхьа дечу гӀуллакх тӀехь чӀогӀа аьтто хуьлуш а, чӀогӀа беркат долуш а хир ву хьо.
9
Ас тӀедуьллу хьуна: чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву».
10
Халкъана хьалхабевллачу нахе омра дира ЮшаӀа:
11
«Нах севцинчу меттехула чекх а довлий, дӀаала цаьрга: „Шайна новкъана кхача кечбе. Кхо де даьлча, Йордан-хил дехьа девр ду шу, шайн Везачу Дала шайна дола даккха луш долу латта схьаэца“».
12
Раабанан а, Гадин а тайпанашка а, Маннашан эха тайпане а ЮшаӀа элира:
13
«Дагахь латтаде Везачу Элан ялхочо Мусас шайга аьлларг: „Шун Везачу Далла лиира Йордан-хин малхбале агӀор долу латта шуна дӀадала, иза шун мохк хилийта“.
14
Шун зударий а, бераш а, даьхни а Мусас Йордан-хил дехьа шуна деллачу лаьтта тӀехь совца, ткъа массо а тӀом балуш волчо, герзаца шайн вежаршна тӀе а гӀой, гӀо де царна.
15
Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гӀо де царна. ТӀаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де».
16
Наха ЮшаӀана жоп делира: «Ахь тӀедиллинарг дерриг а кхочуш а дийр ду оха, дӀахьажийначу гӀур а ду тхо.
17
Мусага ма-доггӀара, хьоьга а ладугӀур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца!
18
Хьан омранна дуьхьало йинарг, ахь тӀедиллинчу хӀуманна тӀехь хьоьга ла ца доьгӀнарг муьлхха а вуьйр ву. Амма чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила!»
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24