bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 14
Joshua 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 15 →
1
ХӀара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаӀан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а.
2
Везачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а.
3
Шина тайпанна а, Маннашан тайпанан вукху эханна а Мусас Йорданал дехьа, малхбалерчу агӀор, дакъа деллера, ткъа Левин тайпанах болчарна царна юкъахь дакъа ца деллера.
4
Юсупан кӀентех ши тайпа схьадаьллера: Маннашан а, Эпрайман а. Ткъа Левин тӀаьхьенашна латта ца деллера, царна гӀаланаш еллера, бежанаш а, жаш а лело меттигаш а луш.
5
Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дира исраилхоша дерриг а, шаьш лаьттан дакъош доькъуш.
6
ЯхӀудан тӀаьхьенах болу нах баьхкира Галгале ЮшаӀ волчу. Епунин кӀанта Килаба, кхеназхочо, элира цуьнга: «Хьуна хаьа Везачу Эло Делан стаг волчу Мусага Кхадеш-БарнаьӀахь хьох а, сох а лаьцна аьлларг.
7
Сан шовзткъа шо дара, Везачу Элан ялхочо Мусас Кхадеш-БарнаьӀара со лаьтте хьажа вохуьйтучу хенахь. Аса, юха а веана, сайна хеташ дерг дӀадийцира цуьнга.
8
Соьца баьхкинчу вежарша нехан дегнашка кхерам тесира, ткъа со сайн Везачу Дала бохучунна тӀера ца велира.
9
Цу дийнахь Мусас чӀагӀо йира суна: „Хьан ког тӀебаьлла латта хьан а, хьан берийн а дакъа хир ду гуттаренна а, хӀунда аьлча сан Везачу Дала бохучунна тӀера ца вели хьо“, — аьлла.
10
Иштта Везачу Эло дийна витина со, Цо Ша ма-аллара. Шовзткъе пхи шо ма даьлла Везачу Эло Мусага и дош аьллачул тӀаьхьа. Цу хенахь исраилхой яьссачу аренгахула лелаш бара. Хьажал соьга! ХӀинца сан дезткъе пхи шо ду.
11
Хьалха Мусас со вохуьйтучу хенахь санна, хӀинца а гӀора долуш ву со. ХӀетахь хилла ницкъ бу соьгахь хӀинца а тӀом бан а, кхин гӀуллакх дан а.
12
Ткъа хӀинца Везачу Эло цу дийнахь суна лур ю аьлла йолу акъареш схьало. Хьуна хезира хӀетахь, цигахь Ӏаш Ӏаьнакхан кӀентий бу, церан гӀаланаш яккхий а, чӀагӀйина а ю аьлла. Амма Везачу Эло гӀо а дина, ас арабаха мега уьш, Везачу Эло ма-аллара».
13
Везачу Эле Епунин кӀант Килаб декъалвар а дехна, Килабе дола дайта Хьеврон-гӀала дӀаелира ЮшаӀа.
14
Хьеврон хӀинца а кхеназхо волчу Епунин кӀентан Килабан тӀаьхьенна дакъа хилла йисна, хӀунда аьлча иза исраилхойн Везачу Дала бохучунна тӀера ца ваьллера.
15
Хьевронан цӀе хьалха Кхиръят-АрбаӀ хилла. (АрбаӀ цӀе йолуш Ӏаьнакхахойн тӀаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24