bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 4
Joshua 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 5 →
1
Дерриг а Исраилан халкъ Йорданах дехьадаьлча, Везачу Эло ЮшаӀе элира:
2
«Шийтта стаг схьахаржа нахана юкъара, хӀора тайпанах цхьацца.
3
Царна тӀедилла, динан дай лаьттинчу меттера, Йорданан юккъера, шийтта тӀулг схьаэца алий. Тховса шаьш буьйса йоккхучу метте, дӀа а хьой, охьадахка ала цаьрга и тӀулгаш».
4
Исраилхойн хӀора тайпанна юкъара ша хаьржина шийтта стаг тӀекхайкхира ЮшаӀа.
5
Цо элира цаьрга: «Йорданна юккъе, шайн Везачу Делан тӀорказна хьалха, довла. ХӀораммо а цигара шайн белшаш тӀе цхьацца тӀулг схьаэца. ХӀора тайпанна цхьацца хир бу уьш.
6
И тӀулгаш шайна билгалонна дита. ТӀейогӀучу хенахь шун бераша хоттур ду шуьга: „Стенна Ӏалашдо аш и тӀулгаш?“ — аьлла.
7
Аш жоп лур ду царна: „Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна хьалха Йордан-хи декъадалар дагахьлатторхьама Ӏалашдо. ТӀорказ дехьадоккхучу хенахь Йордан-хи, декъа а делла, сецира. ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхошна и хӀума дагахь латтор ду цу тӀулгаша“».
8
ЮшаӀа шайна тӀе-ма-диллара, кхочушдира исраилхоша дерриг а. Везачу Эло ЮшаӀе ма-аллара, Йордан-хина юккъера шийтта тӀулг, исраилхойн хӀора тайпанан цӀарах цхьацца, схьа а эцна, шаьш буьйса йоккхучу метте дӀа а баьхьна, охьабиллира цара.
9
Бартбаран тӀорказ эцна боьлху динан дай лаьттинчу метте, Йордан-хина юккъе, кхин шийтта тӀулг хӀоттийра ЮшаӀа. И тӀулгаш хӀинца а ду цигахь.
10
Везачу Эло ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг халкъе дӀаалар, Мусас ЮшаӀе весет ма-дарра. Дерриг а чекхдаллалц, тӀорказ эцна боьлху динан дай Йордан-хина юккъехь лаьттира. Ткъа халкъ цу хенахь сихха хих дехьадолуш дара.
11
Нах дехьабевллачул тӀаьхьа, Везачу Элан тӀорказ юха а халкъана хьалхадаьккхина дӀадаьхьира динан дайша.
12
Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенаш а, Маннашан тӀаьхьенах ах нах а, исраилхошна хьалха а бевлла, герзашца хих дехьабевлира, Мусас шайна тӀе-ма-диллара.
13
ТӀамана кечвелла шовзткъа эзар герга стаг, Везачу Элана хьалхахула чекх а ваьлла, Ерихонан аренашка тӀом бан вахара.
14
Цу дийнахь Везачу Эло дерриг а Исраилан халкъана хьалха ЮшаӀан сий хьалаайира. Цул тӀаьхьа, Муса санна, ЮшаӀ лерира халкъо, цуьнан дахаран денош чекхдовллалц.
15
Везачу Эло ЮшаӀе элира:
16
«Бартбаран тӀорказ эцна богӀучу динан дайшка, Йордан чуьра схьабовла алий, омра де».
17
ЮшаӀа динан дайшка омра дира: «Йордан чуьра схьадовла!» — аьлла.
18
Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ эцна богӀу динан дай, Йордан чуьра хьала а бевлла, декъачу лаьтта тӀе бовллушехь, Йорданан хи, ша гуттар а ма-дарра, охьадоладелира, шен бердашна тӀехула а долуш.
19
Хьалхарчу беттан уьтталгӀачу дийнахь Йорданах сехьа а даьлла, Ерихонна малхбалехьа йолчу Галгал олучу меттехь сецира Исраилан халкъ.
20
Йордан-хи чуьра шаьш схьаэцна шийтта тӀулг цигахь дӀахӀоттийра ЮшаӀа.
21
Цо элира исраилхошка: «ТӀейогӀучу хенахь шайн бераша шайга хаттахь: „ХӀорш хӀун тӀулгаш ду?“ — аьлла,
22
аш цаьрга ала: „Исраилхой Йордан-хих декъачу лаьтта тӀехула дехьабовлар дагахь латтадойту цара“.
23
Шун Везачу Дала, шу дехьадовллалц, Йордан-хи лакъийра. Изза динера шун Везачу Дала, Эрзийн хӀордах тхо дехьадовлучу хенахь, тхуна хьалхара хи дӀа а лакъийна.
24
Везачу Эло иза дина дуьнен чуьра дерриг а халкъашна Шен ницкъ мел бу хаийтархьама, шу гуттар а шайн Везачу Делах кхоьруш хилийтархьама».
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24