bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 23
Joshua 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 24 →
1
Везачу Эло исраилхой гонах болчу мостагӀех кӀелхьарбаьхначул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, ЮшаӀ, къан а велла, хене вирзинера.
2
Берриг а исраилхошка схьакхайкхира ЮшаӀа: къаношка а, тхьамданашка а, кхелахошка а, куьйгалхошка а. Цо элира цаьрга: «Со хӀинца, къан а велла, хене а вирзина.
3
Шуна гина шайн Везачу Дала цу халкъашна динарг, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша вара шун дуьхьа тӀом беш.
4
Малхбалерчу Йордан-хи тӀера малхбузерчу Дуьненаюккъера хӀорда тӀекхаччалц долу латта шун тайпанашна дакъошкахь дӀаделла ас. Вай хӀинцале хӀаллакдинчу къаьмнийн а, хӀаллакдаза дисинчу къаьмнийн а латта ас дӀаделла шуна.
5
Шун Везачу Дала Ша, шуна хьалхара дӀа а даьхна, дӀалохкур ду и къаьмнаш, церан латта шуна дӀадалархьама, шун Везачу Дала шуьга ма-аллара.
6
Цундела, леррина лар а деш, кхочушде Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь дерг дерриг а, цунна тӀера цхьа гӀулч дӀаса а ца довлуш.
7
Шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀа ма э, церан деланашка а ма кхайкха, цу деланийн цӀарах чӀагӀонаш а ма е, царна гӀуллакх а, Ӏибадат а ма де.
8
Шайн Везачу Далла тешаме хила, хӀинццалц шаьш ма-хиллара.
9
Везачу Эло шуна хьалхара сийлахь а, андий а къаьмнаш дӀалаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц шуна дуьхьало янъелла цхьа а вац.
10
Шух цхьаммо эзар стаг дӀаэккхаво, хӀунда аьлча шун Веза Дела Ша ву шуьгахьа тӀом беш, Ша шуьга ма-аллара.
11
Цундела, хьовсалаш, везалаш шайн Веза Дела.
12
Нагахь шу, юха а девлла, шайна юкъахь дисинчу халкъех дӀакхетахь, аша цаьрца гергарлонаш а тийсахь, захалонаш леладахь,
13
хаалаш: шун Везачу Дала дӀалохкур дац и халкъаш шу долчуьра. Ткъа уьш шуна гур а, ор а, пӀендаршна тӀе шед а, бӀаьргашна чу баӀ а хилла дӀахӀуьттур ду. Эххар а шу тӀепаза довр ду шун Везачу Дала шайна деллачу исбаьхьчу кху лаьтта тӀера.
14
Массо а адам даха дезачу новкъа волуш ву со хӀинца. Шайн дагаца а, синца а шуна массарна а хаьа, шун Везачу Дала шуна деллачу ваӀданех кхочуш ца хуьлуш цхьа а ца диснийла. Уьш дерриг а кхочушхилла, цхьа а ца дуьсуш!
15
Амма, шун Везачу Дала делла массо а ваӀда кхочуш-ма-хиллара, Шен кхерамаш а кхочушбийр бу Цо. ТӀаккха Ша деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера Цо тӀепаза дойур ду шу.
16
Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тӀебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Ӏибадат дахь, Везачу Элан оьгӀазалла юссур ю шуна тӀе. ТӀаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тӀера сихха дӀадевр ду шу».
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24