bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 5
Joshua 5
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 6 →
1
Йорданал дехьа, малхбузехьа, хӀорд болчу агӀор Ӏачу эмархойн паччахьашна а, хӀордана уллохь Ӏачу канаӀанхойн паччахьашна а хезира, исраилхой дехьабовлучу хенахь Везачу Эло Йордан-хи лакъийна аьлла. Паччахьаш чӀогӀа кхерабелира, исраилхошна дуьхьалбовла доьналла дацара церан.
2
Цу хенахь Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Мокхазах арсаш а дай, исраилхой сунтбе».
3
ЮшаӀа, мокхазах арсаш а дина, Сунтбаран гу аьлла, цӀе тиллинчу меттехь исраилхойн божарий сунтбира.
4
ЮшаӀа уьш сунтбаран бахьана хӀара дара: Мисарара халкъ арадаьллачул тӀаьхьа, тӀом балуш болу божарий яьссачу арахь новкъахь беллера.
5
Мисарара арабевлла божарий сунтбина бара, ткъа новкъахь дуьнен чу бевлларш сунтбаза бара.
6
Исраилхой шовзткъа шарахь лийлира яьссачу арахула, Мисарара арабевлла, тӀом балуш болу божарий белла дӀабовллалц. Цара Везачу Эле ла ца доьгӀнера, цундела Цо церан дайшна Ша лур ду аьлла чӀагӀо йина, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе долу латта ган царна бакъо ца елира.
7
Церан метта церан кӀентий кхиийтира Везачу Эло. Уьш бара ЮшаӀа сунтбинарш, новкъахь сунтбаза бисарна.
8
Берриш а сунтбинчул тӀаьхьа, шайн меттамотт болчохь севцира нах, божаршна гӀоле хиллалц.
9
Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Мисарахь шу лоллехь хиларан эхь тахана шуна тӀера дӀадаьккхи Ас». Цундела ю цу меттиган цӀе Галгал, хӀинца а олу цунах иза.
10
Исраилхой Галгалехь севцна бара. Беттан дейтталгӀачу дийнахь Ерихонан аренашкахь сарахь Пасахь даздира цара.
11
ШолгӀачу дийнахь совсаза бепиг а, кхаьрзина буьртигаш а диира цара.
12
Цу лаьттан стоьмаш баа хӀорш буьйлабеллачу шолгӀачу дийнахь стигалара охьаоьху «ман» олу кхачанан буьртигаш дӀасевцира. Цул тӀаьхьа «ман» кхин ца хилира исраилхошна, амма КанаӀан лаьттах схьадаьлларг диира цара цу шарахь.
13
Ерихонна уллохь волчу хенахь ЮшаӀана гира шена хьалха лаьтта цхьа стаг. Цу стеган карахь баттара даьккхина тур дара. ЮшаӀа, тӀе а вахана, хаьттира цуьнга: «Хьо тхайниг ву я тхан мостагӀех ву?» — аьлла.
14
Стага жоп делира: «Со иза а, я важа а вац. Со Везачу Элан эскаран тхьамда ву, хӀинца кхуза веана». Лаьтта кхаччалц цунна хьалха охьа а таьӀна, ЮшаӀа элира: «Шен лай волчуьнга хӀун эр ду сан эло?»
15
Везачу Элан эскаран тхьамдано ЮшаӀе элира: «Хьайн когара мачаш схьаяха. Хьо лаьтташ волу меттиг еза ю». ЮшаӀа цо боххург кхочушдира.
16
Ерихон-гӀала дӀакъевлина яра. Цуьнан бахархой исраилхойх кхерабелла бара. ГӀалара ара а, я чу а волуш стаг вацара.
← Chapter 4
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 6 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24