bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 21
Joshua 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 22 →
1
Левихойн тӀаьхьенийн тхьамданаш баьхкира динан дена ЭлиӀазарна а, Нунин кӀантана ЮшаӀна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а тӀе.
2
КанаӀан-махкахь йолчу Шилун-гӀалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тӀедиллина, тхуна чохь Ӏан гӀаланаш а, даьхни лело цу гӀаланашна уллора аренаш а ло аьлла».
3
Везачу Эло тӀе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гӀаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша.
4
Хьалхара кхаж КхахӀатан тӀаьхьенашна белира. И кхаж баларца ЯхӀудан а, ШимӀин а, Бен-Яманан а тайпанех схьабевлла болчу наха левихошна, динан ден АхӀаронан кӀенташна, кхойтта гӀала елира.
5
Кхаж баларца КхахӀатан кхечу тӀаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гӀала кхечира.
6
ГӀиршанан тӀаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цӀе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гӀала кхечира кхаж баларца.
7
Мерарин тӀаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гӀала кхечира.
8
Везачу Эло Мусагахула шайна тӀе-ма-диллара, и гӀаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дӀаелира исраилхоша.
9
ЯхӀудан а, ШимӀин а тайпанаша левихошна еллачу гӀаланийн цӀераш иштта яра:
10
КхахӀатан тӀаьхьенах болчу АхӀаронан кӀенташна а, Левин кӀенташна а, царна кхаж хьалха баларна,
11
Кхиръят-АрбаӀ цӀе йолу гӀала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Ӏаьнакхан ден АрбаӀан цӀарах яра и гӀала. Иза ЯхӀудан гу тӀехь яра, кхин цӀе а яра цуьнан — Хьеврон).
12
Цу гӀалина уллора аре а, ярташ а Епунин кӀантана Килабана елира.
13
Иштта динан ден АхӀаронан кӀенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гӀала — Хьеврон а, гӀала Либна а, цу шина гӀалина уллора аренаш а.
14
Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гӀала а, шен аренашца ЭштамуӀ-гӀала а,
15
Хьулон-гӀала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гӀала а, цуьнан аренаш а,
16
Ӏейн-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЮтӀа-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гӀала яра.
17
Бен-Яманан тайпано елира гӀаланаш: ГавӀон а, цуьнан аренаш а, ГибаӀ а, цуьнан аренаш а,
18
Ӏанатот-гӀала а, цуьнан аренаш а, Ӏалмун-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра.
19
АхӀаронан тӀаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонахара аренаш а яра.
20
КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гӀаланаш.
21
Эпрайман лам тӀехь йолу Шехем-гӀала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гӀала лурбоьлла нах шена чохь дӀаловчкъуш яра. Цул сов, ГӀазар-гӀала а, цуьнан аренаш а елира царна.
22
Кхибцайм-гӀала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гӀала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гӀала яра уьш.
23
Данан тайпано елира гӀаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а,
24
Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елларг.
25
Маннашан ах тайпано елира гӀаланаш: ТаӀнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гӀала яра.
26
КхахӀатан тӀаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гӀала а, церан аренаш а яра.
27
ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу левихошна елира хӀара гӀаланаш: Маннашан ах тӀаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гӀала а, цуьнан аренаш а. И гӀала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаӀаш-Тара-гӀала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гӀала.
28
Иссарханан тайпано елира гӀаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а.
29
Ярмут а, цуьнан аренаш а, Ӏейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала елира цара.
30
Ашаран тайпано елира гӀаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Ӏабдани а, цуьнан аренаш а.
31
Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала яра цара елла.
32
Напталан тайпано елира гӀаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гӀала елира цара.
33
ГӀиршанан тӀаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гӀала а, царна гонах йолу аренаш а яра.
34
Мерарин тӀаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гӀаланаш. Забулан тайпано дӀакъастийра: ЯкхнаӀам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а,
35
Димна а, цуьнан аренаш а, НахӀлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гӀала.
36
Раабанан тайпано елира Бацар-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯхӀац-гӀала а, цуьнан аренаш а,
37
Кхадимут-гӀала а, цуьнан аренаш а, МейпаӀат-гӀала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра.
38
Гадин тайпанах болчу наха елира гӀаланаш: ГалӀад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дӀаловчкъу Рамат-гӀала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а.
39
Кхин а елира Хьешбон-гӀала а, цуьнан аренаш а, ЯӀзир-гӀала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гӀала яра.
40
Кхаж тасарца Мерарин тӀаьхьенах болчу левихошна кхаьчнарг шийтта гӀала яра.
41
Исраилхойн бахамна юкъахь левихойн долахь шовзткъе бархӀ гӀала а, царна гонахара аренаш а яра.
42
Цу гӀаланашна гонах аренаш яра, хӀора гӀалин шен латта а долуш.
43
Иштта Везачу Эло, Ша церан дайшна лур бу аьлла, чӀагӀо йина болу мохк исраилхошна дӀабелира. Иза схьа а эцна, цу тӀехь баха хевшира уьш.
44
Массо а агӀор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагӀех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дӀабеллера мостагӀий.
45
Дерриг а Везачу Эло исраилхошна хир ду аьлла диканиг кхочуш ца хуьлуш ца дисира. Дерриг а кхочушхилира
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24