bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 3
Joshua 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 4 →
1
ШолгӀачу Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀевттина, ЮшаӀ а, берриг исраилхой а Шитим цӀе йолчу меттера Йордан-хи тӀе баьхкира. Цигахь меттамотт а хӀоттийна, севцира уьш, хих дехьадовла деза хан тӀекхаччалц.
2
Кхо де даьлча, нахана тӀехь хӀиттийна хьаькамаш буьйлабелира халкъана юккъехула.
3
Цара массаьрга а омра дира: «Шайн Везачу Делаца бинчу бертан тӀорказ а, иза дӀахьош болу левихойн динан дай а шайна гахь, хьала а гӀовттий, царна тӀаьххье дӀагӀо.
4
Амма шуна а, тӀорказна а юккъехь йолу меттиг цхьа эзар гӀулч барам болуш хила еза. Цунна улло ма гӀо, шайна тӀаьхьадаха некъ хаийтархьама, хӀунда аьлча кху новкъахула шу кхул хьалха даьхкина дац».
5
ЮшаӀа халкъе элира: «ЦӀин а лой, кечам бе, кхана Везачу Эло шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш гойтур ду».
6
Динан дайшка ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ схьа а эций, халкъана хьалхадовла». Уьш, тӀорказ схьа а эцна, халкъана хьалхабевлира.
7
ТӀаккха Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Таханлерчу дийнахь дуьйна исраилхошна хьалха хьо вазван волалур ву Со, Мусаца санна, хьоьца а Со вуйла царна хаийта.
8
Ахь тӀорказ эцна боьлхучу динан дайшка омра де, шаьш Йордан-хи чу ма-девлли, совца алий».
9
ЮшаӀа элира исраилхошка: «ТӀе а дуьйлий, шайн Везачу Делан дешнашка ладогӀа.
10
Шуна хуур ду, шайна юкъахь дийна Дела вуйла. Цо шу долчуьра лохкур бу канаӀанхой а, хьетахой а, хьаьвихой а, перезахой а, гӀиргӀашахой а, эмархой а, явсайхой а.
11
Дерриг а дуьненан Да волчу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, шуна хьалха а даьккхина, Йордан-хи чу доккхур ду.
12
Шийтта стаг харжа шайна, исраилхойн хӀора тайпанах цхьацца.
13
Дуьненан Да волчу Везачу Элан тӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь, и хи лекъар ду. ТӀедогӀуш долу хи, пен а хилла, дӀахӀуттур ду».
14
Йорданах дехьадала дагахь халкъ шен меттамотт болчуьра дӀадоладелча, динан дайша бартбаран тӀорказ, нахана хьалха а даьккхина, дӀадаьхьира. Халкъ царна тӀаьххье дӀадахара.
15
ТӀорказ эцна боьлхучу динан дайн когаш Йордан-хи чу бовллушехь (кӀа хьокхучу хенахь Йордан, деста а дестий, бердаш чуьра арадолу),
16
лакхара догӀу хи, саца а сецна, геннахь, ЦӀартан-гӀалина уллора Адам-гӀала йолчохь, пен а хилла, дӀахӀоьттира. Шерачу аренашка а, Дуьрачу хӀорда чу а доьдуш долу хи, дӀа а дахана, дӀаделира. Нах Ерихон-гӀалина дуьххьал хих дехьабовлуш бара.
17
Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дахьаш богӀу динан дай Йордан юккъехь декъачу лаьтта тӀехь севцира, берриш а исраилхой декъачу лаьтта тӀехула Йорданах дехьабовллалц.
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24