bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 15
Joshua 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 16 →
1
ЯхӀудан тайпанна кхаьчна дакъа цуьнан гаранашна юкъахь дийкъира. Церан лаьтта тӀехь къилбехьа йолу яьсса аре Цин Эдом-махкаца доза лоцуш яра.
2
Церан къилбехь долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехь болчу берда тӀехула долалуш дара.
3
Къилбехь Акхрабайм-Ӏинна тӀе а дахана, Цин цӀе йолчу яьссачу аренехула чекх а даьлла, Кхадеш-БарнаьӀа-гӀалин къилбехьарчу агӀонна тӀе а дахана, Хьацрани-гӀалех тӀех а даьлла, цигара дӀа Адар-гӀала йолчу хьала а даьлла, КхаркхаӀ-гӀала йолчухьа дӀахьаьвзаш дара и доза.
4
Цул тӀаьхьа, Ӏацмун-гӀаланах тӀех а даьлла, Мисар-мехкан дозанехь долчу хица дӀа а дахана, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀе доьдура иза. Цигахь чаккхе яра цуьнан. Иштта дара ЯхӀудан тӀаьхьенан къилбехь долу доза.
5
Малхбалехь доза Дуьрачу хӀордаца дара, Йордан-хи цунах дӀакхетачу метте кхаччалц. Къилбаседехь долу доза Йордан-хи Дуьрачу хӀордах кхетачохь долалуш дара.
6
Цул тӀаьхьа Байт-ХьагӀла-гӀалина тӀе а дахана, юха Байт-Ӏариба-гӀалин къилбаседехьарчу агӀонна уллохула доьдура иза. КхидӀа БохӀанан тӀулга тӀе доьдура иза. (БохӀан Раабанан кӀант хилла.)
7
Цигара Ӏахур-тогӀи чухула Дибарна тӀе а дахана, къилбаседехьа а дирзина, Галгал-гӀалина тӀе доьдура доза. Хинан къилбехьара агӀор йолчу Адуммим-Ӏинна дуьхьал лаьтташ яра и гӀала. КхидӀа, Ӏейн-Шемешан хиш тӀе дӀа а дахана, Ӏейн-РегӀалахь чекхдолуш дара иза.
8
Цул тӀаьхьа, Бен-ХӀинам цӀе йолчу тогӀи чухула Явсай-гӀалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агӀорахула дӀа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХӀинаман тогӀина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогӀин йистехь къилбаседехьа а бара.
9
Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тӀедоьрзуш дара, ткъа цигара Ӏепрон-лома тӀерачу гӀаланаш тӀе доьдура. Юха БаӀала-гӀалина тӀедоьрзура иза (тахана цу гӀалин цӀе Кхиръят-ЯӀарим ю).
10
БаӀалина тӀера хӀорда тӀе а доьрзий, цигара СеӀир-лам тӀе доьдура доза. Цул тӀаьхьа ЯӀарайм-ломан (хӀинца цунах Кесалун олу) къилбаседехьа йолчу агӀор дӀа а доьдий, Байт-Шамаш-гӀала йолчу чу а дуссий, Тамна-гӀалахула чекхдолура.
11
Цигара дӀа, Ӏекхран-гӀалин къилбаседехьарчу агӀор а долий, Шикрон-гӀалина тӀедоьдура доза. Юха, БаӀала-лома тӀехула а долий, Ябниал-гӀала кхочура. Цуьнан чаккхе Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь яра.
12
Цу хӀордаца дара церан малхбузехь долу доза. Массо а агӀор иштта доза дара ЯхӀудан тайпанах болчу нехан.
13
Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, Епунин кӀантана Килабана ЯхӀудан тайпанна юкъахь дакъа делира ЮшаӀа. Цо цунна елларг Кхиръят-АрбаӀ яра, хӀинца шех Хьеврон-гӀала олуш йолу. (АрбаӀ Ӏаьнакхан да хилла.)
14
Килаба цигара Ӏаьнакхан тӀаьхьенаш араехира. Уьш Шешайн а, Ахьиманан а, Талмайн а цӀийнах болу нах бара.
15
Кхузара дӀа Дибар-гӀалин бахархошна тӀелетира иза. (Цу гӀалин цӀе хьалха Кхиръят-Сапар яра.)
16
Килаба элира: «Кхиръят-Сапарна тӀе а летта, и гӀала схьаяьккхинчу стаге сайн йоӀ Ӏахисат маре йохуьйтур ю ас».
17
Килабан вешин Кхеназан кӀанта Ӏотниал схьаяьккхира и гӀала, тӀаккха цуьнга шен йоӀ Ӏахисат маре яхийтира Килаба.
18
Майрачун цӀен тӀе дӀайоьдучу дийнахь Ӏотниал тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла. Ӏахисат вира тӀера чуйоьссича, Килаба хаьттира цуьнга: «ХӀумма а оьший хьуна?»
19
ЙоӀа элира: «Декъалъе со. Ахь суна делла латта декъа а, даьсса а ду, хин хьостанаш долу латта ахьа сайна дала лаьара суна». ТӀаккха Килаба лакхара а, лахара а хьостанаш дӀаделира цунна.
20
Иштта дара ЯхӀудан тайпанан шайн гаранашкахь долу дакъа:
21
Эдом-мехкан дозанехь, къилбехь, церан яра гӀаланаш: Къабциал, Ӏедар, ЯгӀур,
22
Кхина, Димуна, Ӏадада,
23
Кхедаш, Хьацор, Йитнан,
24
Зип, Телам, БеӀалт,
25
Хьацор-Хьадата, Кхиръют-Хьацрани я кхечу тайпана Хьацор,
26
Амам, ШемаӀ, Мулада,
27
Хьацар-Гада, Хьешмон, Байт-Палти,
28
Хьацар-ШуӀал, Беар-ШабаӀ, Бизъют-ЯхӀу,
29
БаӀала, Ӏияйм, Ӏацам,
30
Элтолад, Кесал, Хьорма,
31
ЦакхелагӀ, Мадмана, Сансана,
32
Лебаот, Шелахьим, Ӏейн, Римун — ерриг а ткъе исс гӀала яра шайн ярташца.
33
Цул сов, малхбалехь долчу лаьмнийн когашкахь а кхаьчнера царна гӀаланаш: Эштаул, ЦорӀа, Ашна,
34
Занухь, Ӏейн-Ганим, Тапухьа, Ӏейнам,
35
Ярмут, Ӏадулам, Соха, Ӏазекхи,
36
ШаӀрайм, Ӏадитайм, Гадира (я Гадирутайм) — ейтта гӀала шайн ярташца.
37
Ценан, Хьадаша, Мигдал-ГӀад,
38
ДилӀан, МицӀпа, Якхтаал.
39
Лахиш, Боцкхат, ӀегӀлон,
40
Каббон, Лахьмас, Китлиш,
41
Гадирут, Байт-ДагӀон, НаӀмат, Макхеда — ялхитта гӀала шайн ярташца.
42
Либна, Ӏетар, Ӏашун,
43
Йиптахь, Ашна, Нециб,
44
КъаӀила, Ахзиб, Мареша — исс гӀала шайн ярташца.
45
Ӏекхран, шеца кегийра гӀаланаш а, ярташ а йолуш,
46
Ӏекхранна тӀера Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц болу мохк, цу чу йогӀуш Ашдод-гӀалина уллора гӀаланаш а, ярташ а йолуш.
47
Ашдод, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а, Ӏази, шеца йолчу гӀаланашца а, ярташца а Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀекхаччалц а, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀекхаччалц а.
48
Лаьмнаш тӀехь йолу гӀаланаш: Шамир, Итар, Соха,
49
Данна, Кхиръят-Сана (я Дибар),
50
Ӏанаб, ЭштамуӀ, Ӏаним,
51
ГӀашан, Хьулон, Гило — цхьайтта гӀала шайн ярташца.
52
Арба, Дума, Эшхьан,
53
Янум, Байт-Тапухьа, Апекха,
54
ХьумтӀа, Кхиръят-АрбаӀ (я Хьеврон), ЦиӀор — исс гӀала шайн ярташца.
55
МаӀун, Кармал, Зип, ЮтӀа,
56
ИзраӀал, ЯкхдеӀам, Занухь,
57
Кхаим, ГебаӀ, Тамна — итт гӀала шайн ярташца.
58
Хьалхьул, Байт-Цур, Гадур,
59
МаӀарат, Байт-Ӏанот, Элтакхун — ялх гӀала шайн ярташца.
60
Кхиръят-БаӀал (кхечу тайпана Кхиръят-ЯӀарим), Рабба — ши гӀала шайн ярташца.
61
Яьссачу арахь царна кхаьчна гӀаланаш: Байт-Ӏариба, Миддин, Секаха,
62
Нибшан, Туьха-гӀала, Ӏейн-ГӀади — ялх гӀала шайн ярташца.
63
Ярушалайман бахархой болу явсайхой ара ца бахабелира ЯхӀудан тайпане, цундела тахана а явсайхой ЯхӀудан тайпанах болчу нахаца цхьаьна Ӏаш бу Ярушалаймехь.
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24