bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 24
Joshua 24
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
1
Исраилхойн массо тайпанаш а, къаной а, хьаькамаш а, кхелахой а, тӀехьовсурш а Шехем-гӀалахь гулбира ЮшаӀа. Уьш берриш а Далла хьалха хӀиттира.
2
Дерриг а халкъе ЮшаӀа элира: «Везачу Эло, исраилхойн Дала, иштта боху: „Эпрат-хил дехьа дукха хенахь дуьйна Ӏийна шун дай. ИбрахӀиман а, Нахьиран а да ТӀахьир а Ӏийна цигахь. Цара кхечу деланашна Ӏамал йора.
3
Амма Ас шун да ИбрахӀим, хил сехьа а ваьккхина, берриг а КанаӀан-махкахула чекхваьккхира. Цуьнан тӀаьхье а кхиийтира, цунна Исхьакх а велира,
4
Исхьакхана Якъуб а, Ӏесав а велира. Ӏесавана СеӀир-лам белира тӀаьхьалонна. Якъуб а, цуьнан кӀентий а Мисар-махка дӀабахара.
5
Ас Муса а, АхӀарон а вахийтира Мисара. Мисархошна тӀе дукха цамгарш хийцира Ас. Цул тӀаьхьа шу цигара арадехира.
6
Шун дай, Мисар-махкара Ас арабаьхча, Эрзийн хӀорда тӀе баьхкира. Цу хенахь мисархой а шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а, царна тӀаьхьабевлла, Эрзийн хӀорда тӀе кхечира.
7
ТӀаккха шун дай Везачу Эле маьхьарца кхайкхира. Ас шуна а, мисархошна а юккъе бода баийтира. Юха, царна тӀе хӀорд а хецна, уьш хӀаллакбира. Шун бӀаьргашна гина Ас Мисарахь динарг. Юха дуккха а хан яьккхира аша яьссачу арахь.
8
Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, Ӏаш болчу эмархойн лаьтта тӀе далийра Ас шу. Эмархой шух летча, Ас шун кара дӀабелира уьш. Шуна церан латта дисира. Ас хӀаллакбира уьш шуна хьалха.
9
Муабахойн паччахь, Ципуран кӀант Балакх, гӀаьттира тӀамца исраилхошна дуьхьал. Цо БеӀаран кӀант БалиӀам валавайтира, цуьнга шуна неӀалт кхайкхадайта.
10
Амма Суна ца лиира БалиӀаме ладогӀа, тӀаккха цо шу декъалдира. Иштта Ас Балакхах кӀелхьардехира шу.
11
Йордан-хих дехьа а девлла, Ерихоне даьхкира шу. Ерихонан бахархой шух летира. Уьш бара эмархой, перезахой, канаӀанхой, хьетахой, гӀиргӀашахой, хьаьвихой, явсайхой. Амма Ас шун кара дӀабелира уьш.
12
Ас церан эскарш, дохийна, даржийра, шул хьалха царна тӀе бомозий дахийтича санна. Цара эккхийра шу долчуьра эмархойн ши паччахь. Шун таррашца а, Ӏедашца а дина дацара иза.
13
Аш тӀехь къа ца хьегна латта делла Ас шуна, аш ца йина гӀаланаш елла, царна чохь Ӏаш ду шу хӀинца. Шаьш йийна йоцчу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмашкара стоьмаш боу аша“».
14
КхидӀа ЮшаӀа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цӀена а, даггара а Цунна Ӏамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Ӏачу хенахь шайн дайша Ӏамал йина деланаш дӀа а тасий, Везачу Элана бен Ӏамал ма е.
15
Нагахь санна Везачу Элана Ӏамал ян шайна ца лаахь, тахана аш къасто деза, шаьш хьанна гӀуллакх дийр ду: Эпрат-хил дехьахь Ӏаш болчу хенахь шайн дайша Ӏамал йинчу деланашна я шаьш церан лаьтта тӀехь Ӏаш долчу эмархойн деланашна. Ткъа аса а, сан цӀийно а Везачу Элана Ӏамал йийр ю».
16
Халкъо жоп делира: «ХӀан-хӀа, оха Веза Эла дӀа а тесна, кхечу деланашна Ӏамал йийр яц!
17
Веза Эла тхан Дела ву, Цо тхо а, тхан дай а Мисар-махкара, лоллехь болчуьра, арабаьхна. Цо инзаре хӀуманаш кхочушдина тхан бӀаьргашна хьалха, схьадогӀучу новкъахь тхо Ӏалаш а дина, царна юккъехула чекхдовлучу хенахь, массо а халкъах лар а дина.
18
Дерриг а халкъаш, шайна юкъахь кху лаьтта тӀехь Ӏийна эмархой а болуш, тхо долчуьра дӀалаьхкина Везачу Эло. Цундела оха Ӏамал йийр ю Цунна, хӀунда аьлча Иза тхан Дела ву».
19
ЮшаӀа элира халкъе: «Везачу Элана Ӏамал ялур яц шуьга, хӀунда аьлча Иза Веза Эла ву, Цо могуьйтур дац шуна низамехь цахилар а, къинош летор а.
20
Нагахь Веза Эла дӀа а тесна, хийрачу деланашна аш Ӏамал яхь, шуна дуьхьал а ваьлла, Цо таӀзар дийр ду шуна. Хьалха шуьца дика хиллехь а, Цо хӀаллакдийр ду шу».
21
Халкъо ЮшаӀе элира: «ХӀан-хӀа, оха Везачу Элана Ӏамал йийр ю».
22
ЮшаӀа элира нахе: «Шу массо а теш ву, Веза Эла Цунна Ӏамал ян шайна хаьржина хиларх». Цара элира: «Ву! Тхох массо а теш ву!»
23
«Делахь, шайн хӀинца болу хийра деланаш дӀа а тасий, шайн дегнаш Везачу Элана, исраилхойн Далла, тӀедерзаде», — элира ЮшаӀа.
24
Халкъо элира ЮшаӀе: «Тхайн Везачу Далла Ӏамал а йийр ю, Цуьнга ла а дугӀур ду оха».
25
Цу дийнахь Шехемехь халкъаца барт а бина, дан дезарг цунна тӀедиллира ЮшаӀа.
26
Дала тӀедиллинарг яздинчу тептар тӀе и дерриг а дӀаяздира ЮшаӀа. Юха боккха тӀулг, схьа а эцна, Везачу Элан цӀенна уллохь лаьттачу ножана кӀел охьабиллира цо.
27
Дерриг а халкъе ЮшаӀа элира: «ХӀара тӀулг вайн теш хир бу. Везачу Эло вайга аьлла дерриг а дешнаш кхунна хезна. Шуна дуьхьал а теш хуьлда и тӀулг, шайн Далла хьалха шуьга харцдерг ца дийцийта».
28
Юха халкъ дӀадахийтира ЮшаӀа. Массо а шен-шен цӀа, шен декъа тӀе, дӀавахара.
29
Цул тӀаьхьа Везачу Элан ялхо, Нунин кӀант ЮшаӀ, кхелхира. Цуьнан бӀе итт шо дара.
30
Шен лаьттан декъа тӀехь, ГаӀаш-ломана къилбаседехьа болчу Эпрайман лам тӀехь лаьттачу Тамнат-Серахь цӀе йолчу гӀалахь, дӀавоьллира иза.
31
Исраилан халкъо ЮшаӀ дийна волчу хенахь Везачу Элана Ӏамал йора. ЮшаӀ кхелхича, цул тӀаьхьа бисина, Везачу Эло исраилхошна дина дика гӀуллакхаш гина болу къаной болчу хенахь а йора цара Везачу Элана Ӏамал.
32
Шехемехь дӀайоьхкира исраилхоша Мисар-махкара схьаеана Юсупан даьӀахкаш. Уьш дӀайоьхкина аре Шехеман да волчу Хьамуран кӀенташкара Якъуба эцна яра, бӀе дато ахча а делла. Юсупан кӀенташна кхаьчна дара и лаьттан дакъа.
33
АхӀаронан кӀант ЭлиӀазар а кхелхира. Цуьнан кӀантана Пайнехьасана Эпраман лам тӀехь беллачу гу тӀехь дӀавоьллира иза.
← Chapter 23
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24