bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 2
Joshua 2
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 3 →
1
Нунин кӀанта ЮшаӀа Шитим цӀе йолчу меттера къайлаха ши стаг вахийтира. Цо цаьрга элира: «Ваха а гӀой, лаьттах а, къаьсттина Ерихон-гӀаланах а долчуьнга хьажа». Рахьаб цӀе йолуш, нахаца лелаш йолу цхьа зуда яра Ерихонехь Ӏаш. Цуьнан цӀийне а веана, буьйса йоккхуш сецира и ши стаг.
2
Цхьаммо Ерихонан паччахье элира: «Кху буса исраилхойх цхьа нах баьхкина вайн лаьттах дерг талла».
3
ТӀаккха Ерихонан паччахьо ялхой бахийтира Рахьабе ала: «Хьо йолчу баьхкина нах схьало. Уьш берриге а вайн махках дерг талла баьхкина бу».
4
Амма зудчо ши исраилхо къайлаваьккхинера. Цо элира: «Со йолчу веана ши стаг вара, амма суна ца хаьара и шиъ мичара ву.
5
Сарахь гӀалин ков дӀакъовлале, и шиъ дӀавахара. Уьш стенга бахана, суна ца хаьа. Сихха тӀаьхьагӀахь, шу тӀаьхьакхиа а мега царна».
6
Ткъа ши исраилхо, нийсачу, тӀехь кхалор йоцчу тхов тӀе хьала а ваьккхина, охьадехкинчу втанан цӀевнаш юккъе дӀалачкъийнера цо.
7
Паччахьан нах гӀалех арабевлира. Ков царна тӀаьххье сихха дӀакъевлира. Шина исраилхочунна тӀаьхьабевлла, малхбалехьа, Йордан-хих дехьаволучу метте кхаччалц, дӀабахара уьш.
8
Ши исраилхо дӀавижале, зуда тхов тӀе хьалаелира и шиъ волчу.
9
Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хӀара мохк шуна дӀабеллийла. Тхуна тӀе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду.
10
Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догӀуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хӀордан хи дӀадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Ӏийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ӀовгӀа а аша хӀаллаквинийла а хезна тхуна.
11
Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хӀунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву.
12
Ткъа хӀинца Везачу Элах чӀагӀо е суна, ас шайх къинхетам ма-барра, аша а сан ден цӀийнах къинхетам бийр бу алий. Тешам болу цхьа билгало ло суна,
13
сан да а, нана а, вежарий а, йижарий а церан мел верг а дийна а витина, аша тхан синош Ӏожаллех кӀелхьардохур ду алий».
14
Шина стага элира зудчуьнга: «Оха арадаьккхина гӀуллакх аш дӀа ца дийцахь, шун метта вала а реза ву тхойшиъ. Везачу Эло тхуна хӀара мохк схьабелча, тхо хьоьца къинхетаме а, тешаме а хир ду».
15
Цу зудчун цӀенош гӀалин пена юккъехь дара, цундела цо и ши стаг корехула муьшаца чувоссийтира.
16
Уьш чубиссале, цо элира цаьрга: «Малхбузехьа, лам тӀе, дӀагӀо, шайна тӀаьхьабевлларш тӀе ца кхачийта. Кхаа дийнахь Ӏе цигахь дӀаловчкъий, шу лоьхуш болу и нах юхабахккалц. Цул тӀаьхьа шайн новкъа дӀагӀор шу».
17
Шина стага элира зудчуьнга: «Ахь тхоьга яйтинчу чӀагӀонах тхо паргӀат хир ду, нагахь ахь иштта ца дахь:
18
тхо кху махка схьадаьхкича, тхойшиъ чувоссийначу корах хӀара цӀен тӀийраг таса, ткъа хьайн да а, нана а, вежарий а — хьайн ден берриг а доьзал хьо Ӏаш йолчу цӀа чу гулбе.
19
Нагахь цӀа чуьра цхьаъ аравалахь, иза шен бехкенна лийр ву, ткъа тхо цунах жоьпехь хир дац. Амма хьан цӀа чохь волчунна тӀе цхьаммо куьг кховдадахь, веллачун цӀий тхох хьаьрчар ду.
20
Нагахь ахь оха деана гӀуллакх гучудаккхахь, хьуна йинчу чӀагӀонах тхо а паргӀат хир ду».
21
Зудчо цаьрга элира: «Дерриг а аш ма-бохху хуьлийла!» Ши исраилхо дӀа а хьажийна, корах цӀен тӀийраг йихкира цо.
22
Лам тӀе а веана, цигахь кхаа дийнахь Ӏийра и ши стаг. Массо а новкъахь лехча, хӀара шиъ кара а ца вина, юхабаьхкира паччахьан нах.
23
Лам тӀера чу а воьссина, Йордан-хих дехьа а ваьлла, Нунин кӀантана ЮшаӀана тӀевеара и ши стаг. Цунна шайца хилларг дерриг а дийцира цу шиммо.
24
Цара элира ЮшаӀе: «Везачу Эло дерриг а хӀара латта вайн кара схьаделла. Берриг а цигара бахархой вайх кхоьруш бу».
← Chapter 1
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 3 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24