bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 17
Joshua 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 18 →
1
Юсупан дуьххьарлерчу кӀентан Маннашан тӀаьхьенна латта делира. Маннашан дуьххьарлера кӀант Макир ГалӀадан да вара. Иза майра тӀемало хилла, ГалӀад а, Башан а олу меттигаш цуьнан тӀаьхьенашна кхаьчнера.
2
Йордан-хин малхбузерчу агӀор латта делира Маннашан тайпанах бухабисинчу нахана. Цуьнан тӀаьхьенах болу божарий бара уьш: Абу-Ӏезар а, Хьелакх а, Асриал а, Шехем а, Хьепар а, ШамидаӀ а. Царах хӀора а шен гаранна тӀехь коьртаниг вара.
3
Цалпихьад Хьепаран кӀант вара, Хьепар ГалӀадан вара, ГалӀад Макиран вара, Макир Маннашан вара. Цалпихьадан цхьа а кӀант вацара, йоӀарий бен. Церан цӀераш яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца.
4
Динан дена ЭлиӀазарна а, Нунин кӀантана ЮшаӀана а, тхьамдашна а тӀе а баьхкина, цара элира: «Везачу Эло Мусана тӀедиллина, тхан вежаршна юкъахь тхуна дакъош ло аьлла». Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, шайн ден вежаршна юкъахь дакъош делира царна.
5
Йорданал дехьа долу ГалӀадан а, Башанан а латтанаш доцург, Маннашан тайпанна итт дакъа кхечира.
6
Цуьнан тӀаьхьенах болчу йоӀаршна а, кӀенташна санна, дакъош кхечира, ткъа ГалӀадара латта Маннашан тайпанах долчу кхечу гаранашна дӀаделлера.
7
Маннашан тайпанан доза Ашарна тӀера Михметатана тӀекхаччалц Шехемна малхбалехьа дара. Кхузара дӀа доза къилбехьа доьдура, Ӏейн-Тапухьа цӀе йолчу меттигера бахархой чу а лоцуш.
8
Тапухьа-гӀалина гонах долу латта Маннашан тайпанан дара, ткъа дозанна тӀехь йолу ша гӀала Эпрайман тайпанан яра.
9
Юха доза Кхана-хи долчу, къилбехьа агӀор, чудуссуш дара. И гӀаланаш эпраймхойн яра, ткъа уьш Маннашан тайпанан гӀаланаш юкъахь яра. Маннашан тайпанан доза, хин къилбаседерчу агӀор дӀа а дахана, Дуьненаюккъерчу хӀорда тӀехь чекхдолуш дара.
10
Къилбехьа долу латта Эпрайман тайпанан дара, ткъа къилбаседехьа дерг Маннашан тайпанан дара. Дуьненаюккъера хӀорд Маннашан тайпанан малхбузехь долу доза дара, цуьнан къилбаседера доза Ашаран халкъан махкаца дара, ткъа малхбалераниг Иссарханан халкъан махкаца дара.
11
Ашаран а, Иссарханан а латтанаш тӀехь йолу гӀаланаш а яра Маннашан тайпанан долахь: Байт-Шеан а, ИбалӀам а, ткъа иштта царна гонах йолу кегийра гӀаланаш а. Цул сов, хӀокху гӀаланашкахь а Ӏаш бара уьш: Дор, Ӏейндар, ТаӀнак, МагӀидда, царна гонах йолу гӀаланаш а (царах кхозлагӀниг Напат яра).
12
Цу гӀаланашкара бахархой ара ца бахабелира Маннашан тайпанах болчу нахе, цундела канаӀанхой цу лаьтта тӀехь баха бисира.
13
Шайн ницкъ алсамбаьлча, исраилхоша канаӀанхошка шайна болх бойтура, амма цу махкара уьш массо а ара ца бехира цара.
14
Юсупан тайпано элира ЮшаӀе: «Тхуна цхьаъ бен дакъа хӀунда ца делла ахьа? Тхо дуккха а ма ду, Везачу Эло тхо декъалдина дела».
15
ЮшаӀа жоп делира: «Нагахь шаьш дуккха а делахь, Эпрайман лам шайна тоьуш а бацахь, хьаннашка а гӀой, перезахойн а, репахойн а лаьтта тӀехь шайна меттиг яккха».
16
Юсупан тайпано элира: «Тхуна тоъал меттиг яц ломахь, ткъа канаӀанхой шерачу арахь а, тогӀи чохь а Ӏаш бу. Церан аьчках йина тӀеман гӀудалкхаш а ю. Байт-Шеан-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а Ӏаш берш а, ИзраӀал-тогӀи чохь Ӏаш берш а тӀеман гӀудалкхаш йолуш бу».
17
Амма ЮшаӀа элира Юсупан тӀаьхьенах болчу Эпрайман а, Маннашан а тайпанашкарчу нахе: «Шу дуккха а ду, боккха ницкъ а бу шун. Цхьа дакъа хилла Ӏийр дац шун:
18
ламанан мохк шун хир бу. Цу тӀехь хьун елахь а, аш иза дӀацӀанбийр бу, тӀаккха иза гуттаренна а шун хир бу. Аша канаӀанхой дӀалохкур бу, церан аьчка гӀудалкхаш елахь а, уьш онда белахь а».
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24