bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 9
Joshua 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 10 →
1
И хилларг Йордан-хил дехьарчу, малхбузерчу агӀор мел болчу паччахьашна хезира. Лаьмнаш тӀера а, нийсачу арара а, Дуьненаюккъерачу хӀордан берда тӀера а, Ливануна уллора а хьетахойн а, эмархойн а, канаӀанхойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а паччахьаш
2
цхьаьна гулбелира ЮшаӀана а, исраилхошна а дуьхьал тӀаме бовла.
3
Амма ГавӀон-гӀалин бахархой, Ерихон а, ГӀай а гӀаланашна ЮшаӀа динарг а хезна,
4
4-5 хӀиллане бевлира. Царах масех стаг генарчу махкара богӀу геланчаш санна кечвелира, эттӀа бедарш а, тишъелла, йоманаш летийна мачаш а юьйхина. Шайн варрашна тӀе тишделла галеш а, йоманаш летийна пӀаьлдигаш а дехкира цара. Шайца схьаэцна бепиг декъа а, матардоьлла а дара церан.
5
***
6
Галгал олучу меттехь болчу исраилхойн меттаматте а баьхкина, цара ЮшаӀе а, исраилхошка а элира: «Тхо вуно генарчу махкара даьхкина, тхоьца барт бахьара аша».
7
Амма исраилхоша элира хьаьвихошка: «Шу тхуна юххехь Ӏаш хила а мега. Оха муха бийр бу шуьца барт?»
8
Цу наха ЮшаӀе элира: «Тхо хьан леш ду». ЮшаӀа цаьрга хаьттира: «Шу муьлш ду? Мичара даьхкина шу?»
9
Цара жоп делира: «Вуно генарчу махкара баьхкина хьан леш хьан Везачу Делан дуьхьа, хӀунда аьлча тхуна хезна Цуьнан сийлаллех, Цо Мисар-махкахь динчух лаьцна а
10
Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агӀонера эмархойн шина паччахьна — Хьешбон-гӀалин паччахьна Сихьонна а, Ӏаштаратехь Ӏаш хилла волчу Башанан паччахьна ӀовгӀина а динчух лаьцна а.
11
Тхан къаноша а, тхан махкара массо а бахархоша а элира тхоьга: „Новкъахь шайна даа бепиг схьа а эций, царна дуьхьал а гӀой, дӀаала цаьрга: ‘Тхо шун леш ду, тхоьца барт бахьара аша’“.
12
ХӀара бепиг оха тхайн цӀеношкара, довха а долуш, схьаэцна ду шу долчу догӀучу дийнахь, ткъа хӀинца иза дакъа а делла, матар а доьлла.
13
Оха чагӀар чудуттуш керла хилла долу пӀаьлдигаш хӀинца эттӀа. ХӀара тхан бедарш а, мачаш а, беха некъ оха барна, тишъелла».
14
Исраилхоша схьаийцира цаьргара кхача, амма Везачу Элах дага ца бевлира уьш цу хьокъехь.
15
Цаьрца машаран барт а бина, царна бохам бийр бац аьлла, чӀагӀо йира ЮшаӀа. Исраилхойн тхьамданаша а чӀагӀо йира царна.
16
И барт бина кхо де даьлча, исраилхошна хиира, и нах шайн лулахой буйла а, уьш шайна уллохь Ӏаш буйла а.
17
ХӀунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагӀчу дийнахь церан гӀаланашка кхечира. Цу гӀаланийн цӀераш яра: ГавӀон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯӀарим.
18
Амма исраилхоша хӀаллак ца беш битира цигара нах, шайн тхьамданаша исраилхойн Везачу Делан цӀарах царна чӀагӀо йина дела. И хӀума бахьана долуш, шайн тхьамданашна хамталлаш еш бара исраилхой.
19
Берриге а тхьамданаша халкъе элира: «Вай исраилхойн Везачу Делах чӀагӀо йина царна, цундела царах куьг Ӏотта йиш яц вайн.
20
Ткъа царна вай хӀара дийр ду: уьш дийна буьтур бу вай, царна йина чӀагӀо бахьанехь ваьшна таӀзар ца хилийта».
21
Тхьамданаша кхин а элира: «Баха бита уьш, амма вайн халкъана дечиг доккхуш а, хи кхоьхьуш а хир бу уьш гуттар а». Тхьамданаша аьлларг дира исраилхоша.
22
Хьаьвихой тӀе а кхайкхина, ЮшаӀа элира: «Тхо ле хӀунда дира аша: „Тхо шуна вуно генахь Ӏаш ду“, — аьлла, шу-х тхуна уллохь дехаш ду?
23
Аша харцдерг дийцарна, неӀалт хир ду шуна! Массо а хенахь леш хир ду шу, сан Делан цӀенна дечиг а доккхур ду аша, хи а кхоьхьур ду!»
24
Цара ЮшаӀана жоп делира: «Хьан лешна хезнера, Шен ялхочуьнга Мусага хьан Везачу Дала, хӀара дерриг латта шуна дӀа а ло, цу тӀехь Ӏаш болу берриг а бахархой шуна хьалха хӀаллак а бе аьлла, омра дина бохуш. Цундела, аша тхаьш дайарна кхоьруш, дина оха и гӀуллакх.
25
ХӀинца тхо хьан карахь ду. Хьайна бакъахьа а, нийса а хеттарг тхуна дер-кх ахьа».
26
ЮшаӀа хӀара дира: цо хьаьвихой исраилхойн куьйгех кӀелхьарбехира, цара уьш хӀаллак ца бира.
27
Цу дийнахь ЮшаӀа царна тӀедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагӀа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагӀа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара.
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24