bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 8
Joshua 8
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 9 →
1
Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Кхера а ма кхера, воха а ма воха. ТӀом балуш верг верриг а хьайца схьа а эций, ГӀай-гӀалина тӀелата. ГӀай-гӀалин паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀала а, латта а хьан кара дӀало Ас.
2
ГӀай-гӀалина а, цуьнан паччахьна а айхьа Ерихонна а, цуьнан паччахьна а диннарг де, амма цуьнгара а, гӀалин бахархошкара а схьаяьхна хӀуманаш а, церан даьхни а шайна юкъахь дӀасадекъа. ГӀалин тӀехьа агӀор кӀело а е».
3
ЮшаӀ а, берриг а исраилхойн тӀемалой а ГӀай-гӀалина тӀелата кечбелира. Ткъе итт эзар дикаха къонах а хаьржина, буьйсанна уьш дӀахьовсийра ЮшаӀа,
4
цаьрга омра а дина: «Хьовсалаш, шу гӀалина тӀехьа агӀор кӀело йина хир ду, амма гӀалина гена а ма довла, массо а тӀелата кийча а хила.
5
Со а, соьца волу массо тӀемало а гӀалина тӀелетар ву. Хьалха санна, ГӀай-гӀалин божарий тхуна дуьхьалбевлча, тхо царах довдур ду.
6
Тхаьшна тӀаьхьабаьхна, гӀала йолчуьра оха дӀабуьгур бу уьш. „Хьалха санна, вайх бевдда уьш“, — эр ду цара. Тхо царах девдча,
7
шаьш кӀело йиначуьра схьа а довлий, гӀала дӀалаца. Шун Везачу Дала шун кара схьалур ю иза.
8
Шаьш гӀала дӀалаьцча, сийна цӀе таса цунах. Везачу Эло ма-аллара, кхочушде дерриг а. Хьовсалаш, аса тӀедуьллу шуна иза».
9
Иштта, ЮшаӀа дӀа а бахийтина, ГӀай-гӀалин малхбузерчу агӀор, Бетална а, ГӀайна а юккъехь, кӀело йира исраилхоша. ЮшаӀ цу буса халкъана юкъахь дӀавижира.
10
Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, тӀемалошка хьожуш чекхвелира ЮшаӀ. Иза а, исраилхойн къаной а, халкъана хьалха а бевлла, ГӀай-гӀалина тӀебахара.
11
ТӀемалой, ЮшаӀаца дӀа а бахана, гӀалина гергахьа баьхкира. ГӀай-гӀалин къилбаседехьа йолчу агӀор меттамотт хӀоттийра ЮшаӀа. ГӀалина а, меттаматтана а юккъехь тогӀи яра.
12
Хьалххе пхи эзар стаг Бетална а, ГӀай-гӀалина а юккъехь кӀелоне ховшийнера цо. Уьш ГӀай-гӀалин малхбузерчу агӀор бара.
13
ТӀемалоша шайн меттигаш дӀалаьцнера: гӀалина къилбаседерчу агӀор хӀоттийна меттамотт болчохь а, гӀалина малхбузерчу агӀор кӀело йиначохь а. Цу буса тогӀи чу веара ЮшаӀ.
14
И дерриг шена гича, ГӀай-гӀалин паччахь, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀаьттина, гӀаларчу божаршца исраилхошна дуьхьал тӀаме аравелира. Иза а, цуьнан эскар а Ӏариба-тогӀина уллохь йолчу хьалхалерчу метте деара. ГӀалина тӀехьа кӀело йинийла ца хаьара паччахьна.
15
ЮшаӀ а, исраилхой а, цара шаьш эшийча санна, яьсса аре йолчухьа дӀабевдира.
16
ГӀалахь болчу массо а божаршка схьакхайкхинера, исраилхошна тӀаьхьадовла аьлла. ЮшаӀана тӀаьхьауьдуш, гӀалина генабевлира уьш.
17
ГӀай-гӀалахь а, Беталахь а цхьа а боьрша стаг ца висира исраилхошна тӀаьхьавалаза. Шайн гӀала схьайиллина йитира цара, мостагӀашна тӀаьхьа а бевлла.
18
ТӀаккха Везачу Эло элира ЮшаӀе: «Хьайн карахь болу гоьмукъ ГӀай-гӀалина тӀехьажабе, Ас хьан кара дӀало иза». Шен карахь болу гоьмукъ гӀалина тӀехьажийра ЮшаӀа.
19
Цо куьг хьала-ма-айи, кӀелонехь Ӏаш болу исраилхой, сихонца хьала а лилхина, гӀалехьа дӀахьаьвдира. ГӀала схьа а лаьцна, цунах цӀе тесира цара.
20
Юхахьаьвсинчу ГӀай-гӀалин божаршна шайн гӀалина тӀера стигала кхаччалц хьалаоьху кӀур гира. ХӀинца цхьанхьа а бовда меттиг яцара церан — я хьалха а, я тӀехьа а, хӀунда аьлча яьссачу арене бевдда боьлху исраилхой, юха а бирзина, царна тӀелетира.
21
ЮшаӀ а, берриг исраилхой а, кӀело йиначара гӀала дӀалацар а, стигала хьалаоьху кӀур а гина, юха а бирзина, ГӀай-гӀалин божарий хӀаллакбан буьйлабелира.
22
ГӀалахь болу исраилхой а царна дуьхьал арабевлира. Шина а агӀор болчу шайн мостагӀашна юккъехь бисира ГӀай-гӀалин божарий. Ведда а, висна а цхьа а ца волуьйтуш, уьш берриш а хӀаллакбира исраилхоша.
23
Ткъа ГӀай-гӀалин паччахь, схьа а лаьцна, вен ца вуьш, ЮшаӀана тӀе валийра.
24
ГӀай-гӀалин божаршна тӀаьхьа а бевлла, яьссачу арахь, царах цхьа а дийна ца вуьтуш, шаьш уьш массо а вийча, исраилхой гӀали чу юхабирзира. Цу чохь мел долу адам а дийра цара.
25
Цу дийнахь вийна верриг а ГӀай-гӀалин вахархо шийтта эзар вара — боьрша нах а, зударий а.
26
Гоьмукъ карахь а болуш, ша хьалаайина куьг охьа ца дахийтира ЮшаӀа, ГӀай-гӀалин массо а вахархо хӀаллакваллалц.
27
Даьхни а, гӀали чуьра схьаэцна хӀонс а шайна юкъахь йийкъира исраилхоша, Везачу Эло ЮшаӀана тӀе-ма-диллара.
28
ГӀай-гӀала яга а йина, цунах саьлнаш йира ЮшаӀа. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта йохийна Ӏуьллуш ю и гӀала.
29
ГӀай-гӀалин паччахь, дитта тӀе хьала а оьллина, сарралц кхазийтира ЮшаӀа. Малх чубузучу хенахь паччахьан дакъа, дитта тӀера охьа а даккхийтина, гӀалин кевне охьакхоссийтира цо. Цул тӀаьхьа, докъана тӀе тӀулгаш а кхиссийтина, йоккха оьла яйтира. Иза хӀинца а йолуш ю.
30
Юха исраилхойн Везачу Далла лерина сагӀа доккху меттиг кечйира ЮшаӀа Ӏейбал-лам тӀехь.
31
Везачу Элан ялхочо Мусас исраилхошна тӀе-ма-диллара, товрат-хьехам тӀехь болчу шен тептар тӀехь цо яздина ма-хиллара, кечйинера и меттиг, аьчка гӀирсаца кегдазчу тӀулгех йина а йолуш. Цу тӀехь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира.
32
Мусан товрат-хьехамна тӀера дешнаш яздира ЮшаӀа цу тӀулгаш тӀехь исраилхошна хьалха.
33
Берриг исраилхой а, церан къаной а, тхьамданаш а, кхелахой а цхьаьна, Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказна шина агӀор динан дай болчу, тӀорказ лелочу левихошна дуьхьал дӀахӀиттира. Царна юкъахь тӀебаьхкина нах а, шайн схьабовларехь исраилхой берш а бара. Халкъан цхьа ах Герзим-ломана дуьхьал, ткъа важа ах Ӏейбал-ломана дуьхьал дӀахӀоьттира, хьалха Везачу Элан ялхочо Мусас Исраилан халкъ декъалдан тӀе-ма-диллара.
34
Юха ЮшаӀа дӀадийшира товрат-хьехаман дерриг а дешнаш, декъалвар а, неӀалт кхайкхор а чу а лоцуш, товрат-хьехаман тептар тӀехь иза яздина ма-хиллара.
35
Дерриге а Мусас тӀедиллинчунна юкъара цхьа дош а ца дисира ЮшаӀа берриг а исраилхошна хьалха дешаза. Халкъана юкъахь, божарел сов, зударий а, бераш а, исраилхошна юкъахь Ӏаш болу тӀебаьхкина нах а бара.
← Chapter 7
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 9 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24