bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 11
Joshua 11
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 12 →
1
Исраилхоша баьхначу толамех лаьцна шена хезча, Хьацор-гӀалин паччахьо Ябина шен хьадалчаш бахийтира Мадон-гӀалин паччахьна Ябабна а, Шимрон-гӀалин паччахьна а, Ахишапан паччахьна а,
2
къилбаседехьа лаьмнаш тӀехь Ӏаш болчу паччахьашна а, Ӏариба-тогӀи чохь Канаротана къилбехьа йолчу агӀор Ӏаш болчу а, лаьмнийн когашкахь а, малхбузехьа Напат-Дорехь а Ӏаш болчу паччахьашна а тӀе.
3
Цул сов, малхбалехьа а, малхбузехьа а Ӏаш болчу канаӀанхошна а, эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, акъареш тӀехь Ӏаш болчу явсайхошна а, МицӀпа-кӀоштара Хьермон-ломан когашкахь Ӏаш болчу хьаьвихошна а тӀе бахийтира цо шен нах.
4
И паччахьаш а, церан эскарш а тӀамана арадевлира. ХӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха бара уьш. Говраш а, гӀудалкхаш а яра цаьргахь ягар ца яллал дукха.
5
Шайн эскарш вовшах а тоьхна, Мером-хина уллохь меттамотт дӀахӀоттийра цу паччахьаша, исраилхошца тӀом бархьама.
6
Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ма кхера царах, кхана хӀоккху хенахь исраилхошка хӀаллакбойтур бу Аса уьш. Церан говрийн хьорзамаш а хедае, гӀудалкхаш а ягае».
7
ЮшаӀ а, цуьнан массо а тӀемало а, цӀеххьана Мером-хина йисте схьа а веана, тӀелетира царна.
8
Везачу Эло исраилхойн кара схьабелира мостагӀий. Исраилхоша хӀаллакбира уьш, ткъа биснарш, лаьхкина, сийлахьчу ЦӀаданна а, Мисрепат-Маймна а, малхбалехьа МицӀпа-тогӀина а тӀекхаччалц дӀабигира. Цхьа а дийна ца вуьтуш, массо а вийра исраилхоша.
9
Везачу Эло шега ма-аллара, дира ЮшаӀа дерриг а: церан говрийн хьорзамаш а хедийра, гӀудалкхаш а ягийра.
10
Цул тӀаьхьа, юха а вирзина, Хьацор-гӀала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь вийра ЮшаӀа. (Хьалха Хьацор-гӀала массо а цу пачхьалкхийн уггар а нуьцкъала гӀала хилла.)
11
Цу гӀалахь мел верг туьра кӀел вахийтира цо, цхьа а стаг дийна ца вуьтуш. Хьацор а, ягийна, дӀаяьккхира.
12
Ерриг и гӀаланаш схьа а яьхна, церан паччахьаш туьраца байира ЮшаӀа, Везачу Элан ялхочо Мусас тӀе-ма-диллара.
13
Амма лаьттах йинчу лакхенашкахь йолу ерриг а гӀаланаш яга ца йира исраилхоша, ЮшаӀа ягийна йолу цхьа Хьацор йоцург.
14
Цу гӀаланашкахь караеана йолу ерриг хӀонс а, даьхни а шайна схьаийцира исраилхоша. Адамаш дерриш а хӀаллакдира, цхьа а са дийна ца дуьтуш.
15
Везачу Эло Шен ялхочунна Мусана тӀе-ма-диллара, Мусас а ЮшаӀана тӀедиллинера дан дезарг. ЮшаӀа и дерриг а кхочушдира: Везачу Эло Мусана тӀедиллинчух хӀумма а кхочушдаза ца дитира цо.
16
Иштта ЮшаӀа схьадаьхна долу латтанаш хӀорш дара: акъарехь а, ерриг а НегӀаб яьссачу аренгахь а долу латтанаш а, ГӀашанера дерриг латта а, малхбалехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, Исраилан лаьмнаш а, къилбаседехь долчу лаьмнийн когаш а,
17
СеӀирна тӀекхаччалц болчу Хьалакх-лома уллора, Хьермон-ломана лахахь йолу, Ливанун-тогӀи чуьра БаӀал-Гадана тӀекхаччалц долу латтанаш а. Церан массо а паччахьаш, схьа а лецна, хӀаллакбира цо.
18
Дуккха а хенахь цу паччахьашца тӀом бинера ЮшаӀа.
19
Исраилхошца машар бина цхьа а гӀала яцара, шена чохь хьаьвихой Ӏаш болу ГавӀон йоцург. Ерриш а тӀамца схьаяьхна яра уьш.
20
Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чӀагӀдина, исраилхошна тӀамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагӀий хӀаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, хӀаллакбан безара уьш.
21
Цу хенахь акъареш тӀехь Ӏаш болу Ӏаьнакхахой хӀаллакбира ЮшаӀа: Хьеврон-гӀалина уллохь а, Дибар-гӀалина уллохь а, Ӏанаб-гӀалина уллохь а, ЯхӀудан а, Исраилан а дерриг а лаьмнаш тӀехь а. Церан гӀаланашца уьш берриш а хӀаллакбира цо.
22
Цхьа а Ӏаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тӀехь, Ӏази-гӀалаххьий, Гати-гӀалаххьий, Ашдод-гӀалаххьий бен.
23
Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дӀаделира ЮшаӀа. Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.
← Chapter 10
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 12 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24