bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 6
Joshua 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 7 →
1
Везачу Эло ЮшаӀе элира: «Ас хьан кара дӀало Ерихон-гӀала шен паччахьца а, тӀемалошца а.
2
Хьо а, хьан тӀемалой а, дийнахь цхьа го а боккхуш, ялх дийнахь гӀалина гонах лела.
3
ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа дӀаяхьа еза дезачу тӀорказна хьалха. ВорхӀалгӀачу дийнахь аша гӀалина ворхӀ го баккха. Ткъа динан дайша, шаьш гӀалина гонах мел лела, маӀаш локхур ю.
4
Локхучу маӀан деха аз шайна хезча, дерриге а халкъо чӀоггӀа мохь хьакха беза, тӀаккха гӀалина гонахара пен охьабужур бу. Цул тӀаьхьа шу массо а гӀали чу гӀур ду».
5
Исраилхойн динан дайшка, тӀе а кхайкхина, Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Бартбаран тӀорказ дӀахьо. ВорхӀ динан дас ворхӀ маӀа хьо, Везачу Элан тӀорказна хьалха а яккхий».
6
Юха халкъе омра дира цо: «Даха а гӀой, гӀалина гобаккха. Герзашца дерш, Везачу Элан тӀорказна хьалха а довлий, дӀагӀо».
7
ЮшаӀа халкъе иза ма-элли, Везачу Элана хьалха ворхӀ маӀа эцна воьдучу ворхӀ динан дас, хьалха дӀа а волавелла, маӀаш лекхира. Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ царна тӀаьххье дӀадаьхьира.
8
Герзашца берш маӀаш лоькхуш богӀучу динан дайшна хьалхабевлла бара, кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Ерриг а цу хенахь лоькхуш маӀаш а яра.
9
ЮшаӀа халкъе омра динера: «Маьхьарий а ма хьекха, шайн аз а ма хазийта. Багара цхьа дош а ма далийта, ас мохь тоха бакъо лур йолу де тӀекхаччалц, тӀаккха маьхьарий тухур ду аша».
10
Иштта Везачу Элан тӀорказ, гӀалех цхьа го а боккхуш, дӀадаьхьира. Цул тӀаьхьа уьш, шайн меттамотт болчу юха а баьхкина, цигахь буьйса йоккхуш севцира.
11
ШолгӀачу Ӏуьйранна ЮшаӀ хьалххе хьалагӀаьттира. Динан дайша Везачу Элан тӀорказ юха а дӀадаьхьира.
12
Везачу Элан тӀорказна хьалха ворхӀ маӀа дӀахьош волу ворхӀ динан да, маӀаш а лоькхуш, дӀавоьдуш вара. Герзашца берш царна хьалхабевлла дӀабоьлхура, ткъа кхиберш тӀорказна тӀаьхьахӀиттина богӀура. Массо а маӀа лоькхуш яра.
13
Иштта шолгӀачу дийнахь а, гӀалина цхьа го а баьккхина, шайн меттамотт болчу юхабаьхкира уьш. Ялх дийнахь дира цара иза.
14
ВорхӀалгӀачу дийнахь, маьлхан зӀаьнарш гучуйовлучу хенахь хьала а гӀевттина, гӀалина цу кеппара ворхӀ го баьккхира цара. Цу дийнахь бен ца баьккхира цара гӀалина ворхӀ го.
15
Динан дайша ворхӀалгӀа а маӀаш лекхначул тӀаьхьа, ЮшаӀа халкъе омра дира: «Мохь тоха! Везачу Эло дӀаелла шуна гӀала!
16
ГӀала а, дерриг а цу чохь дерг а Везачу Элана лерина ду. Нахаца лелаш йолу Рахьаб а, цуьнан цӀера нах а дийна бита, хӀунда аьлча цу зудчо вай бахийтина нах къайлабаьхнера.
17
Амма аша цхьа а хӀума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хӀума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хӀаллакьхиллал зен дийр ду аша.
18
Дерриг а дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш а дӀакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю».
19
Локхучу маӀийн аз ма-хеззи, халкъо цхьаьний чӀоггӀа мохь туьйхира — гӀалин пен охьабуьйжира. Берриг а исраилхой шаьш лаьтташ болчуьра гӀали чу бахара, цара схьаяьккхира иза.
20
Шайн таррашца гӀали чохь дийна долу хӀума дерриг а хӀаллакдира цара: божарий а, зударий а, къонанаш а, къенанаш а, бежанаш а, уьстагӀий а, варраш а.
21
Кху гӀалахь хӀун ду хьажа хьалха ваийтинчу шина жимачу стаге ЮшаӀа элира: «Нахаца лелачу цу зудчун цӀа чу а гӀой, иза а, цуьнан гергара нах а арабаха, шаьш цунна чӀагӀо йина ма-хиллара».
22
ДӀаваханчу цу жимачу шина стага Рахьаб а, цуьнан да а, нана а, вежарий а, и йолчохь болу берриг а гергара нах а, ара а баьхна, исраилхойн меттаматтана улло дӀабигира.
23
Юха гӀала а, цу чохь долу хӀума а цӀергахь дагийра. Дети а, деши а, цӀестан а, аьчка а пхьегӀаш бен ца йитира, уьш Везачу Элана Ӏамал ечу меттиган хазни чу ехкира.
24
Нахаца лела Рахьаб а, цуьнан цӀийнах а, гергара а болу нах ЮшаӀа дийна битира, хӀунда аьлча цу зудчо ЮшаӀа Ерихоне хьовса бахийтинарш, дӀа а лачкъийна, кӀелхьарбаьхнера. Рахьабан тӀаьхьенах болу нах хӀинца а исраилхошна юкъахь Ӏаш бу.
25
Цу хенахь ЮшаӀа, чӀагӀо а еш, элира: «Везачу Элана хьалха нажжаз хир ву Ерихон-гӀала юхаметтахӀоттийнарг. Кху гӀалин бух боьттинчун хьалхара кӀант лийр ву. ГӀалин ков дӀахӀоттийнарг жимах волчу кӀантах вер ву».
26
Веза Эла ЮшаӀаца вара. Берриг а махкахула гӀараваьллера ЮшаӀ.
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24