bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 19
Joshua 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 20 →
1
ШолгӀа кхаж ШимӀин тайпанна белира. ЯхӀудан тайпанна деллачу лаьттана юккъехь нисделлера церан дакъош.
2
Царна кхаьчнарг хӀара дара: Беар-ШабаӀ (я ШебаӀ), Мулада,
3
Хьацар-ШуӀал, Бала, Ӏацам,
4
Элтолад, Бетул, Хьорма,
5
ЦакхелагӀ, Байт-Маркабут, Хьацар-Суса,
6
Байт-Лебаот, Шарухьен — кхойтта гӀала шайн ярташца.
7
Ӏейн, Римун, Ӏетар, Ӏашун — йиъ гӀала царна гонах йолчу ярташца.
8
Цул сов, цу гӀаланашна гонах йолу массо а юрт яра церан, ур-атталла БаӀалт-Беарана (я кхечу тайпана къилбехь йолчу Рамина) тӀекхаччалц. Иштта дара ШимӀин тайпанан дакъа.
9
ЯхӀудан тайпанах болчу нехан латта царна оьшучул сов дара, цундела церан лаьттах дакъа деллера ШимӀин тайпанна. Иштта церан дакъошна юккъехь нисделлера ШимӀин тайпанах болчеран латта.
10
КхоалгӀа кхаж Забулан тайпанна белира. Церан декъан доза Сарид-гӀалина тӀекхаччалц дӀадоьдура.
11
Юха, малхбузехьа МарӀалана тӀе а доьдий, цигара дӀадахча, Дабешетах дӀа а кхетий, тӀаккха ЯкхнаӀамна уллорачу хина тӀе кхочура иза.
12
Саридана тӀера малхбалехьа Кислут-Табурна тӀедоьрзура доза, цул тӀаьхьа Дубратана тӀе а доьдий, юха ЯпияӀ йолчу хьаладолура иза.
13
Цул тӀаьхьа малхбалехьа Гати-Хьепарна а, Ӏет-Кхацинна а тӀе а кхочий, кхидӀа Римуна тӀе а доьдий, НеӀа йолчу агӀор дӀадоьрзура.
14
Къилбаседехь доза Хьанатон йолчу дӀадоьрзура, кхидӀа а доьдий, Яптахь-Эл-тогӀи чохь чекхдолура.
15
Церан лаьтта тӀехь шийтта гӀала яра шайн ярташца. Царах цхьаерш хӀорш ю: КхатӀат, НахӀлал, Шимрон, Йида-Ала, Байтлахам.
16
Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Забулан тайпанах долчу гаранашна.
17
БоьалгӀа кхаж Иссарханан тайпанах долчу гаранашна белира.
18
Церан лаьтта тӀехь яра: ИзраӀал, Кесулот, Шунам,
19
Хьапарайм, Шион, Анахьарат,
20
Рабит, Кхишон, Эбец,
21
Ремет, Ӏейн-Ганим, Ӏейн-Хьада, Байт-Пацац.
22
Доза, Табурна а, Шахьацимана а, Байт-Шамашна а тӀе а кхочий, цигара дӀадоьдий, Йордан-хина уллохь чекхдолура. Царна кхаьчнарг ялхитта гӀала яра шайн ярташца.
23
Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Иссарханан тайпанах долчу гаранашна.
24
ПхоьалгӀа кхаж Ашаран тайпанах долчу гаранашна белира.
25
Церан дола яьлларг яра: Хьелкхат, Хьали, Бетен, Ахишап,
26
Алам-Малик, ӀамӀад, Мишъал. Малхбузерчу агӀор долу церан доза Кармал-ломана а, Шихьор-Либнатна а тӀекхочура.
27
Юха, малхбалехьа Байт-ДагӀон йолчу дӀа а доьрзий, Забулна а, Яптахь-Эл-тогӀина а тӀекхочура иза. Цул тӀаьхьа къилбаседехьарчу агӀор Байт-Ӏамакхна, НеӀилна а тӀех а долий, Хабулна тӀекхочура иза.
28
Цул тӀаьхьа доза, Ӏабранина а, Рахьубна а, Хьамунна а, Кханина а тӀе а доьдий, юха Сийлахьчу ЦӀаданна тӀекхаччалц дӀадоьдура.
29
Рама-гӀала йолчу юха а доьрзий, цигара дӀа чӀагӀйина йолчу Цора-гӀалина тӀедоьдура доза, ткъа цигара дӀа Хьоса-гӀалина тӀедоьрзура. ХӀорда йистехь, Ахзиб олучу меттехь, чекхдолура иза.
30
Ӏума, Апакх, Рахьуб а кхаьчнера царна. Ерриг а ткъе ши гӀала яра шайн ярташца.
31
Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Ашаран тайпанах долчу гаранашна.
32
ЙолхалгӀа кхаж Напталан тайпанах долчу гаранашна белира.
33
Церан доза, Хьелеп-гӀала а, ЦаӀнаним-гӀалина уллора нежнаш а долчуьра дӀадолалой, Адами-Некхабна а, Ябниална а тӀе а доьдий, Лакхумна тӀекхочура. Ткъа цигара дӀадахча, Йордан-хи тӀехь чекхдолура иза.
34
Кхузара дӀа доза малхбузехьа Азнот-Табурна тӀе а доьрзий, юха цигара Хьукхакхана тӀе а доьдий, къилбехь Забулан лаьттах дӀахотталора, ткъа малхбузехь Ашаран лаьттах дӀахотталора. Малхбалехь иза Йорданна тӀе кхочура.
35
ЧӀагӀйина гӀаланаш хӀорш яра: Цидим, Зер, Хьамат, Ракхат, Канарот,
36
Адама, Рама, Хьацор,
37
Кхедаш, ЭдреӀи, Ӏейн-Хьацор,
38
Йиръон, Мигдал-Эл, Хьорем, Байт-Ӏанат, Байт-Шамаш — ткъайоьсна гӀала шайн ярташца.
39
Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Напталан тайпанах долчу гаранашна.
40
ВорхӀалгӀа кхаж Данан тайпанах долчу гаранашна белира.
41
Церан декъа чуйогӀуш яра: ЦорӀа, Эштаул, Ӏир-Шемеш,
42
ШаӀалбан, Айлон, Йитла,
43
Эйлон, Тамна, Ӏекхран,
44
Элтакха, Габитун, БаӀалт,
45
ЙихӀуд, Бини-Биракх, Гати-Римун,
46
Ме-Яркхун, Ракхун, Яппи-гӀалина уллора латта. Данан тайпане шайна беллачу мехкан дола дан ца делира.
47
ТӀаккха, Лешем-гӀалина тӀе а летта, иза схьа а яьккхина, цуьнан бахархой хӀаллакбира Данах схьабевллачу наха. Цу гӀалахь баха хевшира уьш, цуьнан цӀе Дан а тиллина, шайн ден Данан цӀарах.
48
Иштта гӀаланаш а, ярташ а кхаьчнера Данан тайпанах долчу гаранашна.
49
Шаьш латта декъна бевлча, Нунин кӀантана ЮшаӀана а шайна юккъехь дакъа делира исраилхоша.
50
Везачу Эло тӀе-ма-диллара, ЮшаӀа шена ехна йолу гӀала елира цара цунна. Иза Эпрайман лам тӀехь йолу Тамнат-Серахь яра. ГӀала то а йина, цу чохь ваха хиира ЮшаӀ.
51
Иштта дара исраилхошна шайн тайпанашкахь декъна лаьттан дакъош. Динан дас ЭлиӀазара а, Нунин кӀанта ЮшаӀа а, халкъан тхьамданаша а, кхаж а тосуш, Шилунехь, Веза Эла волчохь, Цуьнан дезачу четарна хьалха декънера уьш. Латтанаш декъар иштта чекхделира.
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24