bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 20
Joshua 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 21 →
1
Везачу Эло ЮшаӀе элира:
2
«ДӀаала исраилхошка: „Стагана дӀалачкъа гӀаланаш харжа шайна, Мусагахула Ас шуьга ма-аллара.
3
Нагахь цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, цунна дӀалачкъа меттиг хир ю иза. Нагахь шух цхьаммо ларамаза стаг вийнехь, шун аьтто хир бу цига дӀадовда а, бекхам лоьхучух цу гӀалахь дӀалачкъа а.
4
Ишттачу гӀала ведда веанарг, гӀалин кевне а хӀоьттина, цигарчу къаношка шена хилларг дӀадийца дезаш ву. Цара, шайн гӀалахь тӀе а лаьцна, ваха меттиг лур ю цунна.
5
Иза вен дагахь бекхам лоьхург тӀаьхьаваьлча, тхьамданаша дӀалур вац ведда веанарг, хӀунда аьлча цо ларамаза вийна уллораниг. Селхана а, стомара а вийначуьнга цабезам ца хилла цуьнан.
6
Кху гӀалахь Ӏийр ву иза, ша халкъана хьалха кхеле хӀотталц, цу заманахь волу динан коьрта да валлалц. Цул тӀаьхьа стаг вийнарг шен гӀала а, шен цӀийне а юхаверза йиш йолуш хир ву“».
7
Галилай-махкахь Напталан гунаш тӀехь йолу Кхедаш-гӀала а, Эпрайман лам тӀера Шехем-гӀала а, ЯхӀудан гунаш тӀера Кхиръят-АрбаӀ а (кхечу тайпана Хьеврон) дӀакъастийра.
8
Йордан-хил дехьа, Ерихон-гӀалина дуьхьал, малхбалехьа цара дӀакъастийра: Раабанан тайпанах яьссачу арахь Бацар-гӀала, Гадин тайпанах ГалӀад-махкахь Рамат-гӀала, Маннашан тайпанах Башан-махкахь Голан-гӀала.
9
И гӀаланаш берриг а исраилхошна а, уьш болчохь Ӏаш болчу тӀебаьхкинчу нахана а лерина яра, ларамаза стаг вийнарг, халкъана хьалха кхеле хӀотталц, дӀалачкъархьама, бекхам бан гӀерташ болчу мостагӀаша иза веле.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24