bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 18
Joshua 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 19 →
1
Латта схьадаьккхинчул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дӀахӀоттийра цара цигахь.
2
Исраилхойх лаьттан дакъа кхачаза кхин а ворхӀ тайпа дара.
3
ЮшаӀа элира исраилхошка: «Кхин мел Ӏан дагахь ду шу, шун дайн Везачу Дала шайна делла латта схьа а ца оьцуш?
4
ХӀора тайпанах кхоккха стаг схьакъаставе. Ас лаьтте хьовса а, цунах дерг дӀаяздан а бохуьйтур бу уьш. ХӀора тайпанна догӀучуьнга хьаьжжина, иза муха декъа деза дӀа а яздина, суна тӀе юхабогӀур бу уьш.
5
Латта ворхӀ декъе декъа деза. ЯхӀудан тайпа шен лаьтта тӀехь къилбехь Ӏийр ду, ткъа Юсупан тайпа шен лаьтта тӀехь къилбаседехь Ӏийр ду.
6
Лаьттан ворхӀ декъах яздинарг суна схьада. Аса вайн Везачу Далла хьалха шуна кхаж тосур бу.
7
Левихошна шуна юкъахь дакъа хир дац, хӀунда аьлча Везачу Элана гӀуллакх дар ду церан дакъа. Ткъа Гадин а, Раабанан а тайпанаша а, Маннашан эха тайпано а Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла дакъош Йордан-хин малхбалерчу агӀор схьаэцна».
8
Хаьржина болу нах лаьтте хьовса бахара. Уьш дӀабахале, ЮшаӀа царна тӀедиллира: «Даха а гӀой, лаьтте а хьовсий, цунах дерг дӀа а яздай, суна тӀе юхадуьйла. Ас кхузахь, Шилунехь, Везачу Элана хьалха шуна кхаж тосур бу».
9
Уьш, дӀа а бахана, цу лаьттахула чекхбевлира. Дерриг а цунах дерг а, ерриг а гӀала а тептар тӀехь ворхӀ декъехь дӀаязйира цара. Юха ЮшаӀ волчу Шилуне схьабаьхкира уьш.
10
ЮшаӀа Шилунехь Везачу Элана хьалха кхаж тесира царна. Юха исраилхойн дисинчу хӀора тайпанна дӀадийкъира цо билгалдаьхна долу лаьттан дакъош.
11
Хьалхара кхаж Бен-Яманан тайпанах долчу гаранашна белира. ЯхӀудан а, Юсупан а тайпанашна юккъехь Ӏуьллуш дара церан латта.
12
Къилбаседерчу агӀор церан доза Йордан-хина тӀера долалуш дара. Ерихонна уллохула къилбаседехула чекх а долий, малхбузехьа а доьрзий, гунаш тӀе хьаладолура иза. Цигара дӀа Байт-Аван цӀе йолчу яьссачу аренга кхочура иза.
13
Юха доза, Луз-гӀалин (кхечу кепара Беталан) къилбехь йолчу басенна тӀе а доьдий, цигара Ӏатрут-Адар-гӀала йолчу чу а дуссий, Лахарчу Байт-Хьорон-гӀалин къилбехьарчу агӀор лаьттачу лома тӀе доьдура.
14
Цул тӀаьхьа, цу ломан малхбузерчу агӀонна тӀера къилбехьа дӀа а доьрзий, ЯхӀудан тайпанан йолчу Кхиръят-БаӀал-гӀалина (я кхечу кепара Кхиръят-ЯӀаримна) тӀедоьдура иза. Малхбузера доза иштта дара.
15
Къилбера доза, Кхиръят-ЯӀаримна тӀера дӀа а долалой, Нептухь цӀе йолчу хьостана тӀе кхочура.
16
Юха, ХӀинам-тогӀина дуьхьал болчу ломан когашка чу а дуссий, репахойн тогӀи чухула къилбаседехьа а доьдий, Явсай-гӀалин къилбехьарчу агӀор ХӀинам-тогӀи чу дуссура иза, цигара дӀа Ӏейн-РегӀал цӀе йолчу хьостана тӀе доьдура.
17
Цул тӀаьхьа, къилбаседехьа дӀа а доьрзий, Ӏейн-Шемешана тӀе а доьдий, цигара дӀа Адуммим-Ӏинна дуьхьал йолчу Галилутна тӀедоьдура доза. Цигара дӀа Раабанан кӀентан БохӀанан тӀулг болчу чудуссура иза.
18
Юха, Ӏариба-тогӀина дуьхьал долчу гунийн къилбаседерчу агӀор дӀа а доьдий, тогӀи чу дуссура иза.
19
Цул тӀаьхьа, Байт-ХьагӀла-ломан къилбаседерчу агӀор чекх а долий, Дуьрачу хӀордан къилбаседерчу берда йистехь чекхдолура доза, Йордан-хи хӀордах кхетачу меттехь. Иштта дара къилбера доза.
20
Малхбалера доза хилла догӀуш Йордан-хи дара. Массо а агӀор долчу дозанашца иштта дара Бен-Яманан тайпанан лаьттан дакъа.
21
Бен-Яманан тайпанан хӀара гӀаланаш яра: Ерихон, Байт-ХьагӀла, Ӏемакх-Кхациц,
22
Байт-Ӏариба, ЦӀемарайм, Бетал,
23
Ӏавайм, Пара, Ӏапру,
24
Кепар-Ӏамуна, Ӏапни, ГибаӀ — шийтта гӀала шайн ярташца.
25
ГавӀон, Рама, Баировт,
26
МицӀпа, Капира, Моца,
27
Рекхам, Йирпиал, Тар-Ала,
28
ЦелаӀ, Элеп, Явсай (я кхечу тайпана Ярушалайм), ГебаӀ, Кхиръят-ЯӀарим — ейтта гӀала шайн ярташца. Иштта дара Бен-Яманан тайпанан дакъош.
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24