bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 12
Joshua 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 13 →
1
Йордан-хина тӀера малхбалехьа долу латта схьадаьккхинера исраилхоша. Арнон-хина тӀера Хьермон-лома тӀекхаччалц долу а, Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьарчу агӀор долу а латта церан дара. И латта схьадаккхархьама исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш хӀорш бу:
2
Хьешбонехь Ӏийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалӀад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ӀаруӀер-гӀалина тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Ӏамминхошца долу доза.
3
Ткъа иштта цо паччахьалла деш Ӏариба-тогӀи чуьра малхбалехьа долу латта а дара, Канарот-Ӏома тӀера Дуьрачу хӀорда тӀекхаччалц долу. Кхин а Байт-Яшимутана тӀера къилбехьа Пасги-лома тӀекхаччалц а дара цуьнан латта.
4
Башанан паччахь ӀовгӀа. Репахойн къомах тӀаьххьара вара иза. Цо паччахьалла деш яра Ӏаштарат а, ЭдреӀи а цӀераш йолу гӀаланаш.
5
Цуьнан долахь Хьермон-лам а, Салха-гӀала а, берриг а Башан-мохк а бара, гешурхойн а, маӀхахойн а латтанашна тӀекхаччалц. Хьешбонан паччахьан Сихьонан лаьтта тӀе кхаччалц болу ах ГалӀад-мохк а бара цуьнан.
6
Везачу Элан ялхочо Мусас а, исраилхоша а хӀаллаквира и ши паччахь. Раабанан а, Гадин а тӀаьхьенашна а, Маннашан ах тӀаьхьенна а шерет санна дӀаделлера Мусас цу паччахьийн латтанаш.
7
ЮшаӀа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тӀера паччахьаш хӀаллакбира. Ливанун тогӀи чохь йолчу БаӀал-Гад-гӀалина тӀера СеӀирна уллохь болчу Хьалакх-лома тӀекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаӀа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дӀаделира уьш.
8
Царна юкъадогӀуш дара: акъарийн мохк а, малхбузехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, малхбалехь йолу басенаш а, къилбехь йолу яьсса аре НегӀаб а. ЮшаӀа а, исраилхоша а уьш схьаяххалц, цу меттигашкахь Ӏаш бара хьетахой а, эмархой а, канаӀанхой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а.
9
Исраилхоша хӀаллакбина паччахьаш бара: Ерихонан паччахь, Бетал-гӀалина уллорачу ГӀай-гӀалин паччахь,
10
Ярушалайман паччахь, Хьевронан паччахь,
11
Ярмутан паччахь, Лахишан паччахь,
12
ӀегӀлонан паччахь, ГӀазаран паччахь,
13
Дибаран паччахь, Гадиран паччахь,
14
Хьормин паччахь, Ӏародан паччахь,
15
Либнин паччахь, Ӏадуламан паччахь,
16
Макхедан паччахь, Беталан паччахь,
17
Тапухьин паччахь, Хьепаран паччахь,
18
Апакхан паччахь, Лашаронан паччахь,
19
Мадонан паччахь, Хьацоран паччахь,
20
Шимрон-Мерионан паччахь, Ахишапан паччахь,
21
ТаӀнакан паччахь, МагӀиддан паччахь,
22
Кхедашан паччахь, Кармална уллохь йолчу ЯкхнаӀаман паччахь,
23
Напат-Дор волчохь волу Доран паччахь, Галгаларчу Гойиман паччахь,
24
Тирцин паччахь. Верриг а паччахь ткъе цхьайтта вара.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24