bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Joshua 22
Joshua 22
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 23 →
1
Раабанан а, Гадин а тайпанашший, Маннашан ах тайпий тӀе а кхайкхина, ЮшаӀа элира цаьрга:
2
«Везачу Элан ялхочо Мусас тӀедиллинарг дерриг а кхочуш а дина аша, ас омра динчул тӀаьхьа массо а даше ла а доьгӀна.
3
ХӀара де тӀекхаччалц, дуккха а хенахь шайн вежарий дӀатесна ца битира аша, Везачу Эло, шун Дала, тӀедиллинарг кхочуш а дира.
4
ХӀинца Везачу Эло, шун Дала, синтем белла шун вежаршна, Ша цаьрга ма-аллара. ХӀинца, Везачу Элан ялхочо Мусас Йорданал дехьа шайна деллачу латтанаш тӀе дӀа а гӀой, шайн четарш чу юхадерза.
5
Амма леррина кхочушдан хьовсалаш Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла весеташ а, товрат-хьехам а: Веза Эла, шайн Дела, везар а, Цуьнан некъашкахула лелар а, Цуьнан парзаш Ӏалашдар а, Цунах хоттадалар а, дерриг а шайн дагаца а, синца а Цунна гӀуллакх дар а».
6
Цул тӀаьхьа, уьш декъал а бина, дӀабахийтира ЮшаӀа. Уьш шайн четаршка дӀасабекъабелира.
7
Маннашан тайпанан цхьаьна декъана Башанехь латта Мусас делира, ткъа вукху декъана латта Йорданал дехьа, малхбузехьа, шен вежаршца ЮшаӀа делира. Шайн четаршка дӀабохуьйтуш, цо уьш декъалбира.
8
ЮшаӀа элира цаьрга: «Доккхачу хьолаца юхадоьрзуш ду шу шайн четаршка, шуьгахь дуккха а даьхни а, дети а, деши а, цӀаста а, эчиг а, тайп-тайпана духарш а ду. Шайн вежаршца екъа мостагӀашкара шаьш яьккхина йолу хӀонс».
9
Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан тайпанах ах дакъа а исраилхой болчуьра КанаӀан-махкахь йолчу Шилунера дӀадахара. Везачу Элан омрица Мусагахула шайна деллачу, ГалӀад-махкахь долчу лаьтта тӀе бахара уьш.
10
КанаӀан-махкахь, Йорданна уллохь, Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан тайпанан эха декъо а сагӀа доккху боккха кхерч бира.
11
Исраилхошна хезира, наха дуьйцуш: «Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан тайпанан эха декъо а КанаӀан-махкахь, Йорданна уллохь, сагӀа доккху кхерч бина, исраилхошна дуьххьал».
12
Шайна иза хезча, берриге а исраилхой Шилунехь вовшахкхийтира царна дуьхьал тӀаме бовла.
13
Амма цкъа хьалха исраилхоша ЭлиӀазаран кӀант волу динан да Пайнехьас вахийтира ГалӀад-махка, Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу.
14
Цуьнца цхьаьна исраилхойх хӀора тайпанан тхьамда а вахара. Уьш итт вара, царах хӀора а эзарнаш исраилхошна тӀехь тхьамда вара.
15
Раабанан а, Гадин а тайпанаш а, Маннашан ах тайпа а долчу ГалӀад-махка баьхкина, цара элира:
16
«Везачу Элан дерриге а халкъо а хоьтту: „Исраилхойн Далла хьалха хӀун зулам ду аша динарг, Везачу Элана тӀера дӀа а дирзина, шайна сагӀа доккху кхерч а бина, Везачу Элан дуьхьал а девлла?
17
Иза бахьанехь Везачу Элан халкъана таӀзар дина долу, таханлерчу дийне кхаччалц вай цунах цӀандалаза долу ПаӀора дина зулам кӀезиг дара вайна?
18
Ткъа шу Везачу Элах дӀадирзина тахана! Шу тахана цунна дуьхьал девлла, ткъа кхана Иза дерриг а Исраилан халкъана оьгӀазгӀур ву.
19
Шайн долахь долу латта шайна цӀена ца хетахь, Везачу Элан долахь долчу лаьтта тӀе довла. Цу тӀехь Цуьнан деза четар ду. Тхуна юккъехь шайна латта схьаэца, амма Везачу Элана а, тхуна а дуьхьал ма довла, вайн Везачу Далла сагӀа доккхург боцург, кхин кхерч а бай.
20
Хьарам динчунна тӀера хӀума схьа а эцна, зулам динарг Зерахьан кӀант цхьа Ӏахан бен вацара, ткъа оьгӀазалла берриг а исраилхошна тӀе йоьссира. И цхьаъ велла ца Ӏара шен зулам бахьана долуш“».
21
Раабанан а, Гадин а тайпанаша а, Маннашан эха тайпано а жоп делира исраилхойн тхьамданашка:
22
«Деланийн Дела ву Веза Эла, Деланийн Дела ву, Цунна хаьа, Исраилан халкъана а хаьийла! Нагахь тхо, дуьхьал а девлла, Везачу Элах дӀадоьрзуш делахь, кху дийнахь Цо кхел йойла тхуна!
23
Нагахь оха сагӀа доккху кхерч Везачу Элах дӀакъастархьама бинехь, я цу тӀехь дийнаташ дагоран а, баьпкан а, бертан а сагӀанаш даха бинехь, Везачу Эло Ша таӀзар дойла тхуна!
24
Оха иза дина, цхьана хӀуманах кхоьруш: тӀейогӀучу хенахь шун кӀенташа тхайчаьрга ца алийта: „Шун хӀун гӀуллакх ду Везачу Элаца, исраилхойн Делаца!
25
Везачу Эло Йорданах доза дина тхуна а, шуна а юккъехь, Раабанан а, Гадин а тайпанаш: Везачу Элехь шун дакъа дац“. Иштта шун кӀенташа тхайнаш Веза Эла лара тӀебуьтур бацара.
26
Цундела элира оха, дийнаташ дагоран а, кхин долу а сагӀанашна а боцуш, кхерч бер вай ваьшна.
27
Дийнаташ дагоран а, кхин долу а сагӀанаш дохуш а, совгӀаташ луш а Везачу Элана гӀуллакх деш тхо хиларан тхуна а, шуна а, вайн тӀаьхьенашна а иза теш хилийта, тӀейогӀучу хенахь шун кӀенташка тхайчаьрга ца алийта: „Везачу Элехь шун дакъа дац“.
28
Оха бохура, нагахь тхоьга а, тхан тӀаьхьенашка а тӀейогӀучу хенахь иштта алахь, оха эр ду: „Везачу Элана леринчу кхерчан кепехь бина кхерч гой шуна? Иза тхан дайша дийнаташ дагоран а, кхечу тайпанан сагӀанашна а лерина ца бина, тхуна а, шуна а юкъахь теш хилийта бина“.
29
ТӀе ма догӀийла, Везачу Элана дуьхьал а девлла, Цунах дӀа а къаьстина, дийнаташ дагоран а, баьпкан а, кхин а сагӀанаш даха кхерч бар, вайн Везачу Далла лерина болу, Цуьнан дезачу четарна хьалха боцург».
30
Пайнехьас а, халкъан тхьамданаш а, исраилхойн эзар стагана тӀехь болу куьйгалхой а, Раабанан а, Гадин а, Маннашан а тайпанех болчара ден къамел а хезна, царна резахилира.
31
ЭлиӀазаран кӀанта, динан дас Пайнехьаса, элира Раабанан а, Гадин а, Маннашан а тайпанашка: «Тахана вайна хии, Веза Эла вайна юкъахь вуйла, хӀунда аьлча аша Везачу Элана дуьхьал зулам ца дина, хӀинца Цуьнан таӀзарх вайн халкъ кӀелхьардаьккхи аша».
32
ЭлиӀазаран кӀант волу динан да Пайнехьас а, халкъан куьйгалхой а Раабанан а, Гадин а тайпанаш долчуьра, ГалӀадера, КанаӀан-махка, исраилхошна жоп дахьаш, юхабаьхкира.
33
Исраилхой реза бара шайна хезначунна, Далла хастам бира цара. Кхин ца дийцира цара, тӀамца дахана, Раабанан а, Гадин а тайпанаш тӀехь Ӏаш болу мохк бохор бу аьлла.
34
Шаьш бинчу кхерчан цӀе Теш тиллира Раабанан а, Гадин а тайпанаша, хӀунда аьлча иза Веза Эла церан Дела хиларан теш бара.
← Chapter 21
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 23 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24