bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Numbers 10
Numbers 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 11 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«Хьайна дато ши турба е, халкъ гуламе кхайкха а, меттамотт хуьйцуш нахе хаийта а.
3
И ши турба лекхча, Делан четарна чуволучохь гуллур ду дерриг а халкъ.
4
Цхьа турба лекхча, исраилхойн хӀора эзар стагана тӀе хӀиттийна тхьамданаш бен гуллур бац хьуна гонах.
5
Орца доккхуш турба лекхча, малхбалехьа меттамотт хӀоттийна исраилхой гӀовтта беза.
6
ШолгӀа а, орца доккхуш турба лекхча, къилбехьа дӀанисбелларш гӀовтта беза. Уьш новкъа бовлуш а, орца доккхуш турба лакха еза.
7
Халкъ гуламе кхойкхуш а турба лакха, амма орца доккхуш санна а ца локхуш.
8
И турбанаш лакха дезарш динан дай болу АхӀаронан кӀентий бу. И гӀуллакх царна а, церан тӀаьхьенашна а гуттаренна а тӀедиллина хир ду.
9
Шайн махкана тӀелеттачу мостагӀчунна дуьхьал тӀамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТӀаккха шайн Везачу Далла дагадогӀур ду шу, Цо шу мостагӀех кӀелхьардохур ду.
10
Бутт а цӀинбелла, я кхин долу деза денош тӀе а хӀиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву».
11
Исраилхой Мисар-махкара Дала арабаьхначу шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь тоьшаллин четарна тӀера марха хьалаайаелира.
12
Синай цӀе йолчу яьссачу арара дӀабахара исраилхой. ДӀайоьдуш йолу марха Паран олучу яьссачу арахь сецира.
13
Мусагахула Везачу Эло тӀедиллинчу омрица дуьххьара новкъа бовла кечбелира исраилхой.
14
Хьалха ЯхӀудан тӀаьхьенах болчу наха айира байракх, тӀеман кепехь шайн тобанаш арайовлуш. Царна тӀехь куьйгалла деш Ӏамминадабан кӀант Нахьшон вара.
15
Иссарханан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш ЦуӀаран кӀант Натунаил вара.
16
Забулан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш Хьелонан кӀант Элиаб вара.
17
Делан четар, вовшах а даьккхина, дӀадахьа кечдира. Гуттар а шаьш ма-даххьара, ГӀиршанан а, Мерарин а тӀаьхьенех болчу наха дӀадаьхьира иза.
18
Раабанан тӀаьхьенах болчу наха а, шаьш цу меттигера арадовлуш, шайн байракх айира. Царна тӀехь куьйгалла деш вара Шидауран кӀант Элицур.
19
ШимӀин тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Цура-Шидин кӀант Шелумиал.
20
Гадин тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара ДаӀуалан кӀант Элъясайп.
21
Царал тӀаьхьа КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах дӀабахара. Делан четарна кӀел хӀоттош долу дерриг а деза хӀума дара цара шайца дӀахьош. Уьш керла меттамотт болчу дӀакхачале, четар цигахь дӀахӀоттийнера.
22
Эпрайман тӀаьхьено а шайн байракх хьалаайира, шаьш тӀеман хьесапехь йолчу тобанашца арадовлуш. ӀамихӀудан кӀант Эли-ШамаӀ вара церан куьйгаллехь.
23
Маннашан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш вара Падацуран кӀант Гамлиал.
24
Царал тӀаьхьа богӀучу Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара ГидӀонин кӀант Авдани.
25
Байракх а айина, уггаре а тӀаьхьа арабевлларш Данан тӀаьхьенах болу нах бара. Царна тӀехь куьйгалла деш вара Ӏами-Шидин кӀант АхьиӀазар.
26
Ашаран тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Ӏухранан кӀант ПагӀиал.
27
Напталан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Ӏайнанан кӀант АхьираӀ.
28
Иштта дӀахӀоьттинчу кепаца дӀабоьлхура исраилхой тӀеман хьесапехь йолчу тобанашца.
29
Шен стунден маданхочун РаӀалан кӀанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хӀунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла».
30
Амма Хьабаба элира: «Со ца вогӀу шуьца, сайн махка, сайн лаьтта тӀе дӀагӀур ву со».
31
ТӀаккха Мусас дехар дира: «Тхо дӀа ма тасахьа, хьуна дика евза хӀара яьсса аре, тхуна некъ гойтуш, хьо хьалхаваьлча, дика хир дара.
32
Хьо тхоьца вагӀахь, Везачу Эло тхайна дина дика хьуна а кхочуьйтур дара оха».
33
Везачу Элан лома уллора кхаа дийнахь новкъа дӀабахара исраилхой. Везачу Элаца барт баран тӀорказ, хьалха а даьккхина, дӀахьош дара оцу кхаа дийнахь, шайна совца меттиг билгалъяккхархьама.
34
Дийнахь уьш дӀабоьлхуш, Везачу Элан марха лаьтташ яра царна тӀехула.
35
Шаьш тӀорказ новкъа доккхуш, Мусас олура: «ГӀаттахьа, Веза Эла! ХӀаллакьхуьлда Хьан мостагӀий, Хьо ца везарш бовдийла Хьох!»
36
Ткъа шаьш садаӀа севцча, деза тӀорказ цара дӀахӀоттош, Мусас олура: «Юхаверзахьа, Веза Эла, эзарнаш исраилхошна тӀе!»
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36